ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьршаваьккхина Немцов вуьйш дакъалаьцначо Украинера тIамехь дакъалоцуш дац - зорбанаш


Эскерханов Темирлан кхелехь, 2015 шо, марсхьокху-беттан 24-гIа
Эскерханов Темирлан кхелехь, 2015 шо, марсхьокху-беттан 24-гIа

Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца набахтера араваьлла оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевинчу пхеаннах цхьаъ - Нохчийчуьра Эскерханов Темирлан, ма-дарра аьлча, тӀамехь дакъалоцуш вац. И хаамбина "Новая газето", шина хьастана тIетевжина, царех цхьаъ Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман гонера ву.

Хьостанаша дийцарехь, Эскерханов "гIуллакх деш ву дуккха а комфорте а, кхерамазаллин а хьелашкахь" - оккупаци йинчу Мариуполера "Азовсталь" заводехь а, "Ильичан цIарах заводехь" а кхерамзалла латторехь. ТӀеман гӀуллакхашкахь дакъа лоцуш вац иза, садаӀа воьду иза Нохчийчу.

ГIирсан хаамашца, Мариуполь схьайаьккхинчул тIаьхьа кадыровхойн контроле кхаьчначу "Азовсталь", "Ильичан заводан" а ха дар тIедиллинера Геремеев Вахина – Немцов вер вовшахтоьхнарг ву бохучу Геремеев Русланан гергара стаг ву иза.

Амма, чIагIдарехь, Геремеевс шен Ӏуналлехь латтош ду металлолом а, бес-бесара металл а бакъо йоцуш йохк-эцар а – уьш цига кхачадо талорш деш схьаоьцуш. Ишттачу кепара балха ваханчу Нохчийчоьнан вахархочо дийцарехь, "цигахь иттаннаш шерашкахь хедон металл ду".

Эскерханов а санна, Немцов верна коьрта бехке волу Дадаев Заур а маьршаваккха йиш йу колонера, аьлла хета "Новая газета Европа" хьостанна.

Цул сов, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан зорбанан хьостано бинчу хаамца, Украинера тӀамехь дакъалаца аьлла верриг а арахецнарг ву 200 гергга республикера таIзар дина хилла вахархо. Царех дуккха а байина, амма гергарчарна тӀедиллинера уьш цхьацца шайх доьзна доцчу бахьанашца кхалхарх лаьцна кехаташна куьйгаш яздан. Цундела и нах официалехь Украинана дуьхьал бинчу тӀамехь байинчийн могӀарехь бац, ткъа церан доьзалшна дала кхачош долу пособеш а, ахчанаш а ца ло.

Эскерханов Темирлана зазадокху-баттахь тӀеман министраллица Украинерчу тӀамехь дакъалаца контракт йина хилар а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмира гечдина, набахтера араваьккхина хилар гучуделира дахначу кӀиранах. Пачхьалкхан ТАСС агенталлан хьостано чӀагӀдора, Эскерханов тӀеман зонехь ву бохуш.

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидерех цхьаъ Немцов Борис вийра 2015-чу шарахь чиллан-беттан 27-чу дийнахь коьртачу шахьаран йуккъехь доккхачу Москворецкий олучу тӀай тӀехь. И стаг верна бехке хиллачу Нохчийчуьра орамаш долчу пхеа вахархочунна 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш тоьхнера уггаре а шогачу рожехь йолчу колонехь такха. Кхелан сацамца а догӀуш, цара зулам дина 15 миллион сом ахча а эцна. Делахь а, стаг вен омра динарш цкъачунна карийна бац, царна дуьхьал баккъалла а талламаш бина бац. Немцовн гергарчарна а, белхан накъосташна а хетарехь, Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а го бехке бу зулам вовшахтохарна а, бехкенаш къайлабахарна а.
  • Немцов Борис верца доьзна Эскерханов Темирланна 14 шо хан тоьхнера, ишта ваьккхира иза полицин прапорщикан даржера а. 2017-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тӀедожийра Эскерхановна 6000 евро барамехь компенсаци йалар – цо латкъам бинера СИЗО-хь латточу хьелашна а, ткъа иштта Москвара Басманан кхело лелочунна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG