ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мариуполь 99-чу шарера Соьлжа-ГIалах тера ю". Кадыровхойн Украинера роль


Кадыров
Къилбан тIеман гонерчу 8-чу юккъерчу эскарийн командирашца а, лерина хьажоран подразделенишца а кхеташонехь,
дийцарехь, Мариуполерчу оперативан штабехь
Кадыров Къилбан тIеман гонерчу 8-чу юккъерчу эскарийн командирашца а, лерина хьажоран подразделенишца а кхеташонехь, дийцарехь, Мариуполерчу оперативан штабехь

Го лаьцна кхаьчна бутт а, пхи эзаре ца кхоччуш оьрсийн тохаршна кIелахь белла маьрша нах а, зенаш хилла 90% гIишлош а, царах дерриг хIаллак хилла ах дакъа а, йохийна дарбан хIусамаш, поликлиникаш, бераш бошмаш а. Иза бу украинхойн Мариуполь схьаяккха гIерташ Оьрсийчоьно кхийдон мах.

Билггала кхузахь бара Нохчийчуьрчу Росгвардин эскархой. Дийцарехь, кхуза веана ша аьлла, хаамбира Кадыров Рамзана, дIалецначу кIошташка кхаьчна, 8-чу эскарна куьйгалла дечу инарла-лейтенантаца Мордашевич Адрейца а, "ДНР" шех олучун куьйгалхочуьнца Пушилин Денисца цхьанакхетар хилла шен, иттанаш суьрташ даьхна ша аьлла.

Оьрсийн муьлхха а губернаторан кхечу пачхьалкхан латта тIера тIемаш боьдучу меттиге вахар рогIера хьал дац. "Кхин дIа дан дезачун стратегина хийцамаш бан а, тIехь болх бан а" Iалашонашца кхетийра Нохчийчоьнан куьйгалло Кадыровн цига вахарх, республикан урхалхочун хьуьнарш ерриг коьртачу штабал лакха а дохуш.

Кадыровхойн Украинера баккъала йолу роль хIун ю, стенна эшна Кадыровна "фронтана йистера вояж", Мариуполь муьлхха мах а белла схьаяккха сацам стенна бина Кремло – цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина украинхойн а, нохчийн а эксперташа.

ЦIий тIехь пиар

Оьрсийн чугIортар доладелчхьана дукха къамелаш дора, нохчийн дакъошна даккхийра декхарш ду тIедехкина Киевн а, Мариуполан а агIонашкахь, ткъа Москвана го кадыровхой тоъал гIирс болуш, тIом бан дог-ойла йолуш, тешамболу контингент, санна. Цхьа бакъду, тешаме Кремлана а боцуш, ша цхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочунна бу, тIе тидам бохуьйту Украинан Къоман стратегин талламийн институтан белхахочо Замикула Николайс.

"И тема айъина лелоран куц украинхойн юкъаралла кхероран а, церан тIеман доьналлина тIе Iаткъам баран а информацин операцих тера дара. Цхьаннех къа хетар доцуш, Iазап латторца а, къизаллица а бевзаш болу кадыровхой бу шуна тIе схьакхочуш, бохуш, – ойланаш йо Кавказ.Реалиица къамел дечо. – Оцу кепара ду Шемара тIемалой балор бу, боху хаамаш а".

Иштта делахь а, Нохчийчуьра тIеман дакъойн гIуллакх ца хилла шайн тIеман хьуьнар дIагайта. Масала, "нацистийн юьззина батальон, 2500 сов бандеровхо ведда" бохуш, оьрсийн зорбанашкахула яьржинчу видеоно тоьшаллаш ца до кадыровхой толарх, масала даладо Замикулас. Уьш тIеман министралло дIалаьцна хиллачу базехь нисбелла хила тарло.

кадыровхой къизо бу, ойла ца еш вен йиш ю цара, амма талораш дар кIезго ду кхеча эскархошка хьаьжча

"Къилберчу агIонера, Мариуполан кIоштера хаамаш кхочу, оьрсийн эскарийн тIехьа хьийза кадыровхоша эвакуации йан гIертачу маьрша бахархошца лелочунах лаьцна. Бердянскехь арахьара бахархой цара дIалоьцу бохуш, хаамаш кхочура – студенташ, говзанчаш. Киевна уллора хьал гиначара интересе хIуманаш билгаладоху: кадыровхой къизо бу, ойла ца еш вен йиш ю цара, амма талораш дар кIезго ду кхечу эскархошка хьаьжча. Кхузара ирча жамI дан йиш ю россиянашна: нохчийн ницкъахой Пензера, йа Рязанера контрактхойл гIоле беха", - тIетуху эксперта.

Замикулас дагадийтина кадыровхой машенашкахь дуьхьалонийн сизанна тIехула дIа а буьгуш, цара чекх ца даьхначу тIедилларш бIаьргах а къуьйлуш яхначу гурахь хилла цIечу беретан говзаллин тийсдаларш.

Эксперт тешна ву, Кадыров Мариуполна уллохь хиллехь а, амма ца хилла кхерам лаьттачу меттигашкахь.

"Шен цIока Нохчийчоьнан куьйгалхочо ларйо. Иза кхеташ ву, "тилкхаза" снаряд оьрсийн агIонехьара кхосса а мега – дукха ницкъахой реза бац Кремло Кадыровна а, кадыровхошна а еллачу "паргIатонна", - билгадоккху Замикулас.

Цо иштта дуьйцу: Мариуполь муьлххачу мехаца схьаяккхар чIогIа коьрта дара Москвана, хIунда аьлча, цкъа делахь, гIала "ДНР" шех олучун латта тIехь ю, шолгIа аьлча, иза – Оьрсийчоьно ГIирмехула баккха лиина хилла болу лаьттахула потенциале некъ бу. Цул сов, Мариуполь ларъеш оьрсийн пропагандано тIехь тидам латтош йолу "Азов" полк ю. Мариуполь схьаяккхар "денацификацин" дакъа санна кховдон мега.

Кадыров Рамзанна коьрте хета тIеман теманна тIехь шена бонусаш яхар, кхаьсттина, Путинна хьалха муьтIахь хиларан баллаш яхар а. Кхин а кхузахь догIу "Путинан джихадехь" дакъа а ца лоцуш, цига Делимханов Адам хьийсор цунна бехке дуьллуш хилар а. Амма Кадыровна хIинца а ца хаьа диканиг вочух къастон. Бохамна тIехь, билггала тIеман зуламашна тIехь йина пиар вуно ирча тIаьхьалонаш йолуш хуьлу, хета бакъоларъярхочунна Янгулбаев Абубакарна.

Кадыровхоша баьхна стратегин толамех лаьцна хууш хIумма дац хIинца а

"Кадыровхой цигахь нисса оцу пиарна дуьхьа бу. Кадыровхоша баьхна стратегин толамех лаьцна хууш хIумма дац хIинца а. Оцу "спецоперацехь" толамаш бахарна царна елла цхьаъ мукъане Доьналлин орденах лаьцна хууш хIума ца хиларе терра", - дуьйцу Кавказ.Реалиица къамелдечо.

Москва ва-банке яхана: Кремль масех сахьтехь Киев схьаяккха дагахь яра, амма бутт баьлча а ца дина цара иза. Ткъа хIинца дийр а дац, хIунда аьлча, тIелатаран ницкъ кхачийна. Цундела пайдехьа барт бан Оьрсийчоьнан куьйгаллина оьшу эскархой чохь биссина гIаланаш мукъане схьаяха, иштта дийцаршкахь мелла лекха меттиг дIалацархьама. Царах коьртаниг Мариуполь хилла. Оцунна ца кхоийна даш а, синош а, чекхдаьккхина Янгулбаевс.

Империн Молох

"Нохчийн тIемаш чакхенга дерзар оьрсашна 2000-чу шерашкахь дIагайтаран формат империн туьйранна тIехь доьттина дара Iедалан бакъ хилар. Къаьсттина тахана "кIелхьараяьккхина" 99-чу шарера Соьлжа-ГIала дага йоуьйтучу Мариупольца дустича. Амма оьрсаша къобал до иштта лелар. Iедалан рейтинг хьалайолуш ю, байъина нах, хIаллак хиларш доллушехь", - билгалдоккху "Одесскан политикан платформа" медиацентран аналитика Христензен Юрийс.

Цо билгалдоккху, Украинерчу тIеман агрессера кадыровхойн роль "якутийн, йа бурятийн нохчийн тIемашкахь хилла роль ю".

"Кегийра къаьмнаш Кремло тIеман ницкъаца эшадо, тIаккха пропагандица, репрессешца нуьцкъаха империн билгалонаш тIеоьцуьйту, ткъа цултIахьа эшийначу къаьмнех пайда а оьцуш, керла латтанаш дIалоьцу. БIеннаш шерашкахь лелийна иза империно. Украинехь хIинца тIом беш ду нохчашна дуьхьала тIом бина хилла къаьмнаш. Цхьа башхалла ю, царах кадыровхой дIакхетта хилар", - дуьйцу Христензена.

Мариуполехь доьлхучу тийсдаларех дуьйцуш, Христензен Юрийс билгалдоккху: тIеман агIора дийца даьккхича, дуьхьало еш йолу гIала дIалаца аьтто бац иза ерриг хIаллак йича бен. Цундела оцу гIаланах мел хилларг дуьххьара дуьйна плане биллина мах бара цуьнан "кIелхьараяккхарна" дуьхьала кховдийна. Хаттар ду, стена реза бу россиянаш и мах бала.

Имперхоша цкъа дуьххьара лулара латтанаш шайн культуран Iуналле а дерзадой, тIаккха царна тIехь тIеман Iуналла дан хIутту

"Империн шатайпаналла – иза культуран а, политикан Iуналлан дозанаш вовше хIуттуш ца хилча гучудолу реза ца хилар ду, йа и дозанаш хоьттича хуьлу эйфориян синхаам бу. Имперхоша цкъа дуьххьара лулара латтанаш шайн культуран Iуналле а дерзадой, тIаккха царна тIехь тIеман Iуналла дан хIутту, - дуьйцу Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь аналитика. – Имперхойн "дIалоьцучеран" баланах доглазам бац. Царна иза шайн декхар хета: "Тхуна шу кIелхьарадаха лаьа, ткъа шу, кхетам боцурш, дуьхьало еш ду!"

Империн шайтайпаналлехь латта инвестици санна гуш ду, тахана хуьлучу зенашна садетта кийча а болуш, кхана дIалецначу латтанех пайда эцархьама. Малхбузенан санкциш а, Украино дуьхьало яр а оцу инвестицин мах хьалабаларна тIе болх беш ду: дуьхьало чIогIа мел ю, санкцеш алсам мел ю сихха йоьрзур ю тIеман йовха фаза, билгалдаьккхина Одессерчу спикера.

Нохчийчоьнан шен порт хир ю

Мариуполь схьаяккхарца ГIирме боьду лаьттанийн некъах лаьцна дуьйцу Украинан политикан институтан директора Бортник Руслана. Цо билгалдоккху, цо уггар хьалха дIасавахар аттачу доккхург хилар. Цул сов, Мариуполь украинхойн Донбассан индустриалан бизнес-центр ю, цигахь гулйина яра Оьрсийчоьнна дуьхьала догойла йолчу олигархан Ахметов Ринатан бизнес-империн коьрта активаш. ТIаккха гIала схьаяккхар иза Украинана доккха экономикан тохар ду.

"Мариуполь схьаяккхар эвсаре дерзаро Кадыров Рамзанна аьтто бийра бу чоьхьарчу политикан роль чIагIян, цуьнан шен мах айбан а, кхин а Путинна улло вига а. Цунах дика кхеташ ву Кадыров, цундела цо ца кхоайо ресурсаш. Юкъара даккха ца оьшу, Нохчийчоьнан шен порт хирг хилар а. Цхьацца оьрсийн регионашна дIалуш дара ГIирман тайп-тайпанчу кIошташна тIехь Iуналла дар. Кадыровн дакъоша цигахь дакъа лацаро тIаьхьалонаш юьтур ю Мариуполь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iуналле дIаяларехь", - дуьйцу Бортника.

Нохчийн блогер Халитов Хьасан реза хуьлу – Кадыровн Мариуполе "вахар" иза "хIоттийна кеп ю".

"Уггара хьалха иза кхоьру Нохчийчура хьал хийцадаларна. Байъинчеран терахь хьулдан гIертара Iедалхой, амма декъий республике кхехьа дуьйлира. Нехан реза ца хилар кхуьуш ду, зударша диллина дIабоху: вай хьалагIевттича, Кадыровс вайн бераш хIаллакдан дуьгур дацара, шайн гергарчеран баккъаш тIехьа а левчкъина", - боху Халитовс.

Оцу хьолехь Нохчийчоьнан куьйгалхо декхаре хилира тIеман хьалхене а вахана, формалехь мукъане шен доьналла дIагайта. Ша Кадыровс масийттаза дIахьедина, ша цхьамма 1500 тIемало кхерийна бохуш, хIинца бехказа вийла деза цуьнан, ша тIам тIехь а гойтуш, дуьйцу Кавказ.Реалиица къамелдечо.

Кадыров кхерамна улло гIертарх ца тешаш, со сайн 70 шо долу нана тIеман хьалхене а яхана цо цхьаъ дийр ду бохучух теша

"Кадыров кхерамна улло гIертар ву бохучух тешачул а, со сайн 70 шо долу нана тIом боьдучу хьалхарчу меттиге хIуттур ю бохучух теша. Цхьанхьа дIа а вахана, бункер чохь цхьа де а даьккхина, тIаккха шен гIала юхаверзар, иза тIемало хилар дац. Кадыровс дIахьедора, гIазотан тIамехь кхалха лаьа шена бохуш. Цуьнан "киснарчу" муфтис иза джихIад ду боху. ХIаъ, цунна таро елла тIеман хьалхенехь ваха а, баккъала тIом бан а. ТIаккха кхин дIа?" - дерзийна Халитовс.

***

Телеграмерчу каналашкахь видео арахйцира, дийцарехь, Гостомель гIалана йисте вахана Кадыров, бохуш. Амма, Кадыровс лелочу телефонан геолокацина тIе а тевжаш, Украинерчу хьостанаша бинчу хаамца, и дIахьедарш ца догIу бакъдолчу хьолаца. Кремло бакъ ца дина цуьнан цига вахар, ткъа Украинехь яьккхина ю бохуш, юьйцу и видео нохчийн оппозиционераша фейк ю элира.

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа баьллачу баттахь тIамах лаьцна 250 гергга арахецар дина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Царна юккъехь цо масийттаза кхерамаш тийсина Украинерчу тIемалошна а, мехкан куьйгаллина а. ТIеман тийсадаларшца йоьзна шортта цуьнан посташ хIиттийна фейкаш ю элира эксперташа. Политологаша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо жигара лелаво оьрсийн пропагандо кхерамаш тийсаран дакъалг санна, ткъа ша Кадыров шена пиар еш хьийза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG