ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаме кхуьйкхучу наха гIаддайина нохчийн


Иракъ -- Аш Шишани Абу СайфуллахIа къамел деш яьккхинчу видеон сурт.
Иракъ -- Аш Шишани Абу СайфуллахIа къамел деш яьккхинчу видеон сурт.

Шемахь а, Иракъехь а лаьтта хьал нохчашна башхалла хеташ ца хилар хууш ду. Коьртачу декъана иза доьзна ду цигахь тайп-тайпанчу тIемалойн тобанашна юкъахь нохчийн къомах болу кегийрхой хилар.

Юкъа-кара шайн хьал а, шайн ойланаш а йовзуьйтуш видеош йохка цара интенетерчу социалан машанашка. Иштта видео гучуяьлла кху деношкахь YouTube-хь.

Цу тIехь къамел деш верг ву аш-Шишани Абу СайфуллахI цIе йолу жима стаг. Иракъерчу Мосулехь волчух тера ду иза.

Аш-Шишани Абу СайфуллахIе хотту видеокамера карахь йолчу стага, хIун эр дара ахь шу гоне лаьцна бохучерга олий? Жоп оьгIазе ду герзхочун.

Аш-Шишани Абу СайфуллахI: "Тхо гонехь ду бохучу нахе эр ду вай. ВаллахIи, дац тхо гонехь. Шу ду шуна гонехь. Джихад ца деш болу нах бу шуна гонехь".

Цхьа миллион а бен доцучу нохчийн къоме далур дуй-те и дерриг а?"

Джамбулат чевнаш хилла махкахваллалц тIемаш бина ву Нохчийчохь. Нохчий бевр буй-те кху дуьнентIехь мел болчу тIаме бахана, бохуш хоьтту цо.

Джамбулат: "Деладахь, цхьана агIор цхьа нах бу, гIазот ду шуна бохуш, нохчий Алеппо дIахьежош. Вукха агIор вуьйсуш бу, шу кхуза схьа ца дагIахь, шу дерриг а жоьжагIате гIур ду бохуш, нахана кхерамаш туьйсуш.

Кхиберш бу, дIо Иракъе а бахана, шайн тIассашна тIе арсаш а диттина, кхуза схьа ца дагIахь дакъаза девр ду бохуш. Цхьа миллион а бен доцучу нохчийн къоме далур дуй-те и дерриг а?"

Цхьана стага жоьжагIате гIур ву аьлча, хьала а икххина, тIаме хьадале, ойла ян еза нохчийн наха, бохуш дуьйцу Джамбулата.

Джамбулат: "Иза лортIехь хIума дац. Нохчашна иза кхочуш хилча, уггаре а тIаьхьа кхочур дара иза. ХIунда аьлча, вайн цIахь дерг дIанисделла дац. Иштта паргIато ю вайна Нохчийчохь, и тайпа хIуманаш лелон? Цундела, ца деза вай цхьанха а даха. Уггаре а хьалха нохчаша Iилма Iамо деза".

Исханов Хьусайн
Исханов Хьусайн

Исханов Хьусайн Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан гIоьнча хилла ву. ТIом шен бIаьргашна гина а, цуьнан къизаллах чекхваьлла ву иза. Шена нийса ца хета нохчийн кегийрхой тIемашна юкъаийзо гIертар бохуш, дуьйцу Исхановс.

Иза суна нийса ца хета. Цундела, кегийрхошка ала лууш вара со, цига ма гIерта аьлла.

Исханов: "Кхуза (Малхбузера Европерчу пачхьалкхашка) хIун бахьана долуш вай даьхкина диц дан ца деза вай. Нохчийчура тIемаша арадаьхна ду вай. Чохь даха хIусамаш а йоцуш, даймохк а боцуш хьийзаш ду вай кху аренца. ЦIахь берш хьийзош бу. Бойуш кегийрхой бу. Диктатура ю цигахь вуно чIогIа лаьтташ.

Австрехь суна гуш эзарнаш кхуза баьхкина Шемара кегийрхой бу. Цаьрца къамел хилла сан. Цхьа а Шема дIаваха а, цигахь вала а сиха вац царах. Со кхеташ вац нохчийн кегийрхой цига хIунда кхуьйкхуш бу".

Шен Даймахкана гIо дан луучу кегийрахошна бан хьехам а бу Исханов Хьусайнан.

Исханов: "Оцу сурто гойтуш ду нохчаша цигахь дан хIума ца хилар. Кегийрхоша деша деза кху Европехь, шайн даймохк юха муха берзор бара-те аьлла, кханенан ойла а еш. Иза тIамца а ца берзош, цхьажимма хьекъалца болх а беш дан дезаш ду вай.

ТIеман хIума цкъачунна дита деза. Ницкъ а бац вай, адамаш а дац вай, кхечу къаьмнашна хьалха а девлла, тIемаш бан. Иза суна нийса ца хета. Цундела, кегийрхошка ала лууш вара со, цига ма гIерта аьлла".

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG