ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мегар дуй-те ФСБ-х теша? "Украинхойн лар" а, Дагестанехь мигранташ лецар а


Дагестанехь контртерроран операци дIахьош бу спецназан эскархой, 2024 шо, зазадокху-беттан 31-ра
Дагестанехь контртерроран операци дIахьош бу спецназан эскархой, 2024 шо, зазадокху-беттан 31-ра

Теракт кечйарна бехке хеташ Дагестанехь виъ стаг лаьцна аьлла хаийтира къайлахчу сервисаша – уьш боьзна бу, боху, Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан гIишло чохь динчу тIелатарца. Кавказ.Реалии сайто дийцаредира, лейцначех хууш дерг а, къайлахчу сервисийн дIахьедарех тоьшийла дуй а.

ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а контртерроран операци дIайахьарх хаамбира къайлахчу сервисаша зазадокху-беттан 31-чу Iуьйранна. Церан зерашца, терроризмана бехкеболу герзашца нах чохь болу масех петарна го бинера буьйсанна ницкъахоша.

Спецназан эскархой баьхкинера пхеа адресашца, царех цхьадерш хууш ду: Дагестанан шахьарера Шеболдаевн урам цхьа километар ах километар дехьа бу мехкан урхаллин гIишлонна. Кхузахь, зорбанаша йаздарехь, "гIовгIа а йоцуш, цкъа герз а ца кхусуш" лецира шеконаш йолу ши стаг. Каспийскехь операци дIайаьхьира Кавказская, Амет-Хан Султанан урамашкахь; ХIинжа-ГIалахь хиллачуьнга хьаьжча, кхузахь ницкъахоша герзаш диттинера масийттаза тIекIелдинчу цIенна тIе.

"Суна бухахь дара и дерриг а. Iуьйранна йалх сахьт даьллачу хенахь гIовгIа йелира, оперативникаш бара дIасалелаш…Чу баьхкира, массанхьа а таллам бира, мигрантех дерг хаьттира- бу йа бац уьш аьлла. Герзаш деттара, арара чу. Схьагарехь, лахарчу гIат тIера петаран неI ца йоьллура. Доллу кораш этира, сан чу а кхечира…КIуьран шашка хецначух тера дара, газ йара, бIаьргаш Iийжабора, садоIийла а йацара",- дийцира тIаьхьо Каспийскера вахархочо.

Iуьйранна итт сахьт долучу заманчохь йерзийра операци, КТО-н раж а йухайаьккхира Къоман антитерроран комитето (НАК) дIакхайкхийра: "кхо бандит" лаьцна, герз карийна, тIеман гIирс а, эккха кийча йолу куьйгайина граната а; бахархошлахь а, ницкъахошлахь а лазийна-вийна стаг вац аьлла.

Лецначийн цIераш ца йийцира къайлахчу сервисаша: РИА "Новости" агенталло хьастана тIетевжина дIахьедира, царех цхьаъ Дагестанан вахархо ву аьлла, важа шиъ – Йуккъерчу Азера ву бохура. НАК-а зорбане йаьккхинчу оперативан съемки тIехь гуш ду талламаш бечу хенахь стоьлтIера ши паспорт, тIехулара Таджикистанан паспортех тера.

Оперативан видео тIехь документаш дустар Таджикистанан паспортаца (коллаж)
Оперативан видео тIехь документаш дустар Таджикистанан паспортаца (коллаж)

ТIаьхьо ФСБ-но (Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн иерархихь НАК-л а лакхара йу и.-Билгалдаккхар) йаржийра хиллачух шайн верси: лаьцнарг кхоъ вац, "террорхойн гаранашкара" виъ ву, уьш арахьарчу пачхьалкхийн бахархой бу берриш а, цара "Крокусна" тIелеттачарна "ахча а, оьшург а латтийна" аьлла. Таджикистанера ву лаьцна виъ, билгалдаьккхира "Коммерсант" газето. НАК-н а, пачхьалкхан зорбанан гIирсийн а зерашца бIостаналла хиларх ца кхетийра къайлахчу сервисаша.

Иттаннашкахь шерашкахь къайлахчу сервисийн репутаци дIахIоьттина, цара бохучух теша мегарг цахиларх, дуьйцу лецарех лаьцна тIеман аналитико Шарп Давида.

"Украинхойн лар" йу цуьнца а бохуш, доккха дийца хьийза

"ФСБ-н бакъдерг дийца йиш йац бохург дац иза,- кхетадо цо. – Амма уьш масийттаза лаьцнера харцдерг дуьйцуш. "Крокусера" терактаца Оьрсийчоьнан куьйгалла Украина йоза гIортар а, цара дагадаийтина хIума ду, - и доккха масал ду кIайчу тешца тегначу гIуллакхан

ТIелатарна гунахь болу Таджикистанера бахархой Дагестанехь лецарх йолу верси, цхьана декъана ца йогIу "украинхойн лар" хилла бохучуьнца, тидам бо Шарпа, делахь а, йукъара ца доккху цо, и бакъдархьама Оьрсийчоьнан Iедалша хIуъа а дуьйцург хиларх. Цо бохучунна тIетов Дагестнера политолог а (кхерамзалла ларйеш цуьнан цIе ца йоккху редакцино.- Билгалдаккхар).

"ХIара хилларг – "украинхойн лар"- доккха дийца гIертар: цхьана регионехь, вукху регионехь вовшашца уьйрашкахь хилла гаранаш даьстина бохуш. Украинхоша "Крокус-Ситина" тIелатар дайта ларамза лаьцна нах бацара уьш, терорхойн жигаралла йаьржина йу аьлла дIагайтархьама лелош ду", - тIетуьйхира эксперто.

Хеттарш а, шеконаш а

Пачхьалкхан хаамийни гIирсашкахула видео йаржийна къайлахчу сервисаша, Дагестанера шеконашца лаьцначу шиннах йаьккхина. Цу шиннах цхьаммо ша лаьцначул тIаьхьа, хIун эккхийта дагахь дара шу аьлла, динчу хаттарна жоп ло, "Каспийскера хIордайист" олий. Изза олу, йевзаш йоцчу хIусамчохь стоьла гонах хиъна Iачу шолгIа лаьцначо а; цо дIахьедо, ХIинжа-ГIалара Мытищи гIала герз дIакхачийра ша "Крокус Сити Холлехь" тIелатар дечарна аьлла.

Лецнарш бехкехиларх дуьххьалдIа тоьшаллаш ду хIорш олийла дац, билгалдоккху юристо, шен цIе кхерамзалла Iалашйеш йаккха ца хIоьттира иза.

"Оперативан-лехаман болх бечу хенахь жамI ду хIара аьлла, тоьшалла санна и хаттарш дар дIакхачадахь, нагахь санна, лаьцначо адвокат цхьаьна а волуш шен дешнаш тIечIагIдахь, йа Iалашвала бакъонах ваьккхинера ша аьлла, хьалха аьлларг йухаэцахь, цуьнах доьзна ду тоьшалла дар. Нагахь дешнаш йухаэцахь, тоьшалла тIеоьцийла йац",- кхетийра цо.

Лаьцначаргара даьккхина герз ду аьлла тоьшалла а лорийла дац, царна и тесна хила тарло олийла ду, бохура адамийн бакъонаш Iалашйаран "Мемориал" Центран декъашхочо Черкасов Александра а, ФСБ-н репутацина тIетевжина. Цунна хетарехь, лецнарш исламисташца а, зазадокху-беттан 22-чохь йинчу терактаца а боьзна хиллий хаа, информаци тоаме йац.

Теракт йинчул тIаьхьа цунах лаьцна шуьйрра йина чот хила йеза: хIуммаъ а йукъахдаккха аьтто ца хилла тхан, амма оха массо а хIума теллина аьлла

"Амма вайна билггал хууш ду, ФСБ-на чIогIа деза чоьташ йар. Цара кхул хьалха а дIахьедира, Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкахь "террорхойн тобанаш" хилар къаьстина шайна бохуш. Хетарехь, социалан машанашкахула питанчаша вовшахтоьхна тобанаш хилла уьш, царех лаьцна дара тIаьхьо дина дIахьедарш а. Иштта болх бина националистийн а, аьрру агIор болчийн а радикалан тобанашца а", - билгалдаьккхира бакъоларйархочо.

"Крокусехь" йина теракт йукъахйаккха шаьш гунахь ца хиларна нах тешо хьийза къайлаха сервисаш шайн болх жигара а баьккхина, Дагестанехь лецначарна тIехь а къизаллаш лелон хьесап ду цара – камераш тIе хьийсош оцу гIуллакхехула коьрта бехкеберш бу бохучарна тIехь динарг а санна.

"Теракт йинчул тIаьхьа керла фантоман тобанаш кхолла хан йац. Кхузахь оьшург кхин чоьт йу: тхан аьтто ца хилира хIуммаъ йукъахдаккха, амма оха массанхьа а теллина,- кхетадо бакъоларйархочо. – Со дIоггара тешар вацара ницкъахоша катоьхна дечу дIахьедарех, хIунда аьлча, "гIовталан а, шаьлтанан а къонахчо" лаьцначу стага хIуъа а шена тIелоцур ду – церан методаш вайна йевзаш йу".

Охан-беттан 1-чохь Москвахь Нохчийчуьра вахархо Успанов Асхьаб валарх дийца даьккхира, теракт йинчу буса лаьцна хилла иза, бохура. Цунна тIехь а ницкъбина хила тарло.

ФСБ-х болу тешам кIезиг хиларна, Дагестанехь лецна терактана бехке болу нах бохучу версица а логика йац, аьлла хета республикера политологна (редакцино цIарца ца вуьйцу иза, кхерамзалла ларйеш.- Билгалдаккхар).

"Нагахь санна шеконашкахь болчара террорхошна ахча шаьш дехьа а даьккхинехь, царна герз а дIакхачийнехь, уьш, оперативан-лехаман барамаш муха хуьлу а хууш, хьалхара нах леца ма боллий, бовда безаш бара, къайлабовла. Амма уьш [ФСБ-н версица] кIиранх паргIат Iийна, цхьанхьа дIа а ца боьлхуш, лаьцначу петаршкахь, шайца герз а, оьккхуьйтургаш а латтош. Оцу йукъанна парггIат баха а боьлхий, уьш лоьцу. Оцу доллучо а шеконаш йуьту",- аьлла хета къамел дечунна.

Цуьнан дешнашца, шеконаш йуьссу оперативан съемки тIехь долчух а, операци дIайахьарх йинчу чоьтаца зорбане даьхна уьш.

"Вайна гуш ду, къайлахчу сервисийн белхахочо шен куьйга кагйо оьккхуьйтург йу боху хIума. И чIогIа майра хила веза, йа хьекъал доцуш хила веза, шена хIун йу ца хуу хIума иштта вовшахйаккха. Йа царна хууш хилла, и оьккхур йоцийла?",- кхин дIа дуьйцура политолого.

Хеттарш кхоллало цуьнан Оьрсийчохь Iаткъам бечу мигрантех, иштта Украинерчу тIамца доьзна а, дуьхьало а йоцуш Дагестанехь герз а эцна, бакъоларйаран органийн цхьана а кепара терго йоцуш Подмосковьена гергарчу Мытищи гIала кхачон аьтто баларна. Республикера ши эзар гергга километар гена дIабаха аьтто баьлла церан.

РогIера тIаьхьенаш

"Крокусехь" теракт хиллачул тIаьхьа лецначу Таджикистанера бахархошна тIехь къизаллаш лелор Оьрсийчоьнан Iедалхоша къобалдича, пачхьалкхехь леца болийра мигранташ. ХIинжа-ГIалахь оцу тIехула телхира нехаш дIакхехьаран гIуллакх: талламаш бина бовллалц лаьцна латтош бу меттигера операторан арахьара тIебаьхкина бахархой.

Дагестанехь белхахойн доккхаха долу дакъа Таджикистанан бахархойх лаьтташ ду

Нехаш дIайахьарца проблема хилира БуьритIехь а. Оцу хIоьттинчу хьолера бовла цхьа некъ бу бохура регионалан операторан директоро Гокоев Александра, меттигера бахархой болх бан йукъабалор. Амма меттигера бахархой дегаза боьлху оцу белхашка, далхийра цо:"Машенлелорхойн а, киранчийн а штат халла дIайуьзна оха. ХIара хьал йоллу Оьрсийчохь лаьтташ ду тахана. Ала деза, мел доккха дакъа лоцуш хиллера мигранташа цIано а, къепе а латторехь".

Дагестанера политолого "гаймаман барамаш" бу элира мигранташ лецар. Цуьнан дешнашца, цаьрга белхаш дойтуш хилла бизнесхой йа хьаькамаш тIехIитта аьтто цахилларш бу лоьцурш.

"Таджикистанера бахархойх лаьтта Дагестанера белхан ницкъан доккхаха долу дакъа. ГIишлошйархой, урамаш цIандийраш, цхьацца хьашташ латтораш бу уьш. Цундела, уьш белхашна йукъара бахаро чIогIа эшам бина", - тIечIагIдира къамелдечо.

ГIишлошкахь кафель йуьллуш белхаш беш бара контртерроран операцеш дIахьочу йукъанна ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а лецнарш, хаамбира "Коммерсанто". ГIирсан хаамашца, шеконашкахь болчарна дIасабовлар доьхкуш барамаш тIеоьцур бу Москвара Басманан кхелехь, хIинцале а "Крокусехь" йинчу терактана тIехула итт стаг лаьцна цо.

  • "Крокусехь"дуккха а нах байъарх жоьпалла шайна тIелаьцна "Исламан пачхьалкхан" организацин овхIанхойн тобано. Зазадокху-баттахь Кремле дIахьединера терроран тIелетарш дан кхерам бу аьлла, амма Оьрсийчоьнан Iедалхоша пайдаийцира бохамах бух боцуш Украинана а, Малхбузена а бехкаш дахкархьама. Цара бехкаш тIе ца дитира, дIахьедира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн ледарлонна теракт хилла хиларх. Цхьана версица, оцу хьоле далийна хила тарло терроризмаца къийсам латтабо шаьш бохуш имитаци лелоро, ишта Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна.
  • "Крокусера" терактах жоьпалла тIелаьцначу овхIанхойн ДаIишан гаранах кхерам кхуьуш хиларх 2023-чу шеран гурахь дIахьедира Антитерроран СНГ центрехь, цуьнан штаб-петар Москвахь йу.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь терроризмана бехкебо Кавказехь гIаттамхойх дIакхетта, йа дIакхета лууш болу нах, йа царна ахчанаш дехьадаьхнарш; цхьайолчу меттигашкахь ФСБ-но дIахьедо шаьш теракташ йукъахдаьхна бохуш а. Цул совнах, ДаIишца боьзна бу олий, кхелаш йо набахтешкахь таIзарш токхучарна. И тайпа гIуллакхаш дIадахьар нийсонца ца хуьлу, оцу тIехула ала догIу гIуллакхаш шайггара дуьхьалдохуш ду аьлла, билгалдаьккхира бакъоларйархоша.
  • Уггар а дукха дийцинчех ду Дагестанехь "терроран артиклехула" таIзар динчу журналистан Гаджиев Iабдулмуминан гIуллакх. Цунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду аьлла лору бакъонашларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG