„Эхь ду Косовехь хилла хьаллий, ГIирмехь дергий вовшашца дустар“, - элира немцойн канцлера Меркел Ангелас ша Бундестагехь еарий дийнахь динчу къамелехь, ГIирма йозуш ца хиларх йолчу декларацехь цу ах-гIайренерчу Лакхара Рада Дуьненаюкъарчу кхело Косовох бинчу сацамна тIетовжар хьахош.
Оьрсийчоьно Украинин гIелаллех пайда эцна, мелхуо а цуьнна партнеро санна белшашгIорторна метта, элира цуо, Оьрсийчоь дуьненаюкъара стабилалла йохош хиларна бехке а еш. „Ницкъ болчун бакъо низаман бакъолла лаккхарох лерина, ткъа шен цхьаннан геополитикан интересаш – вовшашца барт лахарал а, цхьаьнаболхбарал а мехалох лерина цуо“, - элира Меркела.
Хьалха санна ша Украинера хьал дипломатийн некъашца тодарехь ю бохург билгал а даьккхина, Меркел Ангелас цуьнца цхьаьна дIахьедира, нагахь санна Кремло кхин дIа ГIирмера хьолан эскалаци йон гIулчаш йохуш хилахь, Германи а, Малхбузе а Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш ян кийча ю аьлла.
Меркел Ангела: „И бохург ду, вай хIинца санкцийн шозлагIчу фазина кечдала дезар ду бохург. Нагахь санна хийцамаш ца хилахь, - вайна-м лаьара чIогIа деэскалаци хилийта, - амма иза ца хилахь, ткъа, схьахетарехь, иза хир йоцучух тера а ду, тахана схьагучу суьртаца, - тIаккха арахьарчу гIуллакхийн министрехула оршот дийнахь и санкцийн шозлагIа тIегIа юккъе йаккха дезар ду. ТIаккха цул тIаьхьа еарий дийнахь иштта Европин кхеташоно а кхин цкъа цу хIуман тидам бийр бу“.
Меркелс иштта билгалдаьккхира, нагахь санна Оьрсийчоьно шен Украинера лелар ца хийцахь, Евроберто кхин а алсамох гIулчаш йохур ю, цунна дуьхьалоярхьама. ХIунда аьлча, Украинина катастрофа хилла дуьссур дац Оьрсийчоьно лелош дерг. Меркел Ангелина хетарехь, Оьрсийчоь сел юьхьаза Украинин дакъош шен долаяха гIертаро цунна лулара кхин йолу пачхьалкхенаш а кхерийна, шаьш-м хир яц те рогIерчу Кремлан агрессин закъалташ аьлла хеташ.
Ткъа Москохан болар цуьнан Малхбузенца йолчу юкъаметтигашна лазаме хилла ца Iаш, иштта Оьрсийчоьнна шена а зенехь ю, политикан а, экономикан а тIегIанашна тIехь, элира цуо.