ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьаммад Iелийн кIант сацийна Флоридехь иммиграцин сервисан белхахоша


Iамерка -- Мохьаммад Iела-жимаха верг шен ден тезета веана, Манг. 10. 2016. courier-journal.com сайтан скриншот.
Iамерка -- Мохьаммад Iела-жимаха верг шен ден тезета веана, Манг. 10. 2016. courier-journal.com сайтан скриншот.

Iаьрбин цIе ю аьлла Мохьаммад Iелин кIант сацийна Iамеркин иммиграцин сервисан белхахоша Флоридерачу аэропортехь.

Боксан легендан Мухьаммад Iелийн кIант сацийна хилла Флоридехь Форт-Лодердейлан аэропортехь иммиграцин сервисан эпсарша. Цунах лаьцна хаам бина Courier-Journal олучу зорбанан гIирсо, Iелийн доьзалан адвокатана Манчини Крисана тIе а тевжаш.

Iамеркан вевзаш волчу боксеран кIант Мохьаммад Iела-жимаха верг, шен ненаца Камачо-Iела Халильяца цхьаьна Флоридерчу аэропорте веана хилла Ямайкера Чиллан-беттан 7-чу дийнахь.

Ямайкехь и шиъ дакъалоцуш хилла "Iаьржачу нехан историн бутт" цIе йолчу мероприятехь. Дозанхочо деллачу цхьацца хаттаршна жоьпаш луш Жимаха волчу Iелас аьлла ша бусулба ву аьлла.

Цул тIаьхьа дезна цуьнан шина сохьтехь иммиграцин сервисан эпсаршца къамелаш дан. Цара хиттина цуьнга мичахь вина а, мичара схьаваьлла ву а бохуш.

«Iелийн доьзал кхеташ бу цаьрца хилларг доьзна хилар Трамп Доналд бусулбанаш Iамеркера арабаха гIертарца», - аьлла Манчинис. Жимаха волу Iела вина Филадельфехь. Иза Iамеркан махкахо ву.

Дуьненчу ваьлча Кассиус Марселлус Клей цIе тиллина волу Мохьаммад Iела кхелхира 2016-чу шарахь Мангал-беттан 3-чу дийнахь. Цуьнан дара 74 шо.

Iамерка - Мохьаммад Iела кешнашка дIахьочу машенах куьг Iутташ ю йоI Луисвиллех тезетан коврачекхйолуш (Louisville), Кентукки штат, (Kentucky), Манг.10, 2016.
Iамерка - Мохьаммад Iела кешнашка дIахьочу машенах куьг Iутташ ю йоI Луисвиллех тезетан коврачекхйолуш (Louisville), Кентукки штат, (Kentucky), Манг.10, 2016.

Мохьаммад Iела Олимпан чемпион хIоьттира 1960-чу шарахь. Боксехула вуьззина дуьненан чемпион вара иза уггаре а безачу нахана юкъахь (1964-1966, 1974-1978) дуккха а шерашкахь. «БIешаран спортсмен» къастийнера Мохьаммад Iела 1999-чу шарахь BBC-но а, Sports Illustrated журнало а.

61 летира Iела боксах цо шен болх бинчул тIаьхьа. 56-зза туьйлира (37-зза нокаутца), 5-зза ийшира.

Дечкен-бутт чекхболуш президенто Трампа указ тIеийцира Цхьанатоьхначу Штатийн иммиграцин политикан раж чIагIйеш. Цуьнца а догIуш, 120 денна сацийна ю махкахь мухIажираш тIеоьцу программа, 90 денна дихкина ду Iамерке чубитар Иракъан а, ГIажарийчоьнан а, Йеменан а, Либин а, Шеман а, Сомалин а, Суданан а бахархой.

И дерриг а дина президенто Трампа Цхьаьнатоьхна Штаташ терроран тIелетарех ларъяр Iалашонца.

XS
SM
MD
LG