Дуьххьара икккхинарг хиллера Дагестанера хьехархо Шарипова Марем. ШолгΙаниг – оццу Дагестанера 17 шо долу Абдурахманова Дженнет. 28 шо долу Шерипова Марем Балахани юьртахь ишколехь информатика хьоьхуш хилла, хьалхо лаккхарчу кхиамашца чекхъяккхина ши институт а йолуш.
Дийцарехь, вийначу шен цΙийнадех, Дагестанерчу гΙаттамхойн лидерх Вагапов Мохьмад-Ιалих чΙир эца яхна иккхина Шерипова. Иштта шен вийначу майрачух, тΙемалойн баьччех Магомедов Умалтах бекхам бан араяьлла хилла, боху, Абдурахманова Дженнет а.
Лелхийтарш хиллачу деношкахь Ιедало а, журналисташа тидаме ийцира шина зучух цхьаьннан? Шерипова Мареман да, ша а шен юьртахь Балаханихь хьехархо волу Магомедов Расул. Юьхьанца дуьйна а бохура цо, ша воккха ца ве шен йоΙа динчух, кадам бо ша ерриг а Оьрсийчоьнна хьалхахь. Амма деккъа иштта а аьлла Ιад а ца Ιийра Магомедов Расул. Цо Ιедал бехкедора пачхьалкхехь лаьттачу тΙемашна а, адамашна юкъахь вовшашка оьгΙазло яржорна а.
Иштта дийцира цо, масала, кхо бутт хьалха Маршо Радионе.
Магомедов: «Оьрсийчоьнна шен оьгΙазалла, шена чохь мел ΙаьΙна вониг, Ιаьржаниг тΙехьарчон бен оьшуш яц Кавказ. Шен халкъашна диканиг дан кайолуш ца хилар а, дуккха а кхидолу шегара дуьйлу зуламаш f цунна тΙехьерчадо. Оьрсийчоьнна и болх дΙакхехьа аьтто беш беха Кремло тхуна тΙехΙиттийна хьакамаш а».
И къамел Магомедов Расула дора тΙаьххьарчу хенахь кест-кеста. Тера дара цо ма-дийццара лаьтта хьал цунна хьайначух, оцу огΙазалло кхерам а эшийначух. Цундела хилира Къилбаседа Кавказехь и санначунна, дог-ойланца майра, хетарг дΙаала хΙуттучунна хуьлуш схьадогΙург – ХΙинжа-ГΙала, хаарш совдохучу курсашка шен ишколо хьажийнначуьра вадийра иза. Иштта вайна каронза ву хΙинца а.
Иккхинчу шина къоначу зудчух лаьцна хетарг кеп-кепара дуьйцу церан децΙахь Дагестанехь а, ерриг а Оьрсийчохь а.
...БΙе шо гергга хьалха Деникинан бΙо Нохчийчухула баьржича оцу инарлан эскарехь лор хиллачу оьрсийн яздархочо Булгаков Михаила шен «Манжеташ тΙера йозанаш» цΙе йолчу дийцарехь хΙоттийна сурт ду хΙара.
Буса БелгΙатой-юьрта йисттехь цΙера гонаха Ιа гΙалгΙазакхий. Цхьаммо боху: «Бале бевлла-кх и нохчий а, цара вайна ден тΙелетарш а». Вукху муьжгичо жоп ло: «Нийсса до цара, ма дагаде кхин церан цΙенош».
Оцу Булгаковн дийцаран кийсиго а, тахана нахана хетачо а тΙай хΙоттадо хенашна юкъа. Оьрсийчоь хийцаелла яц янне а. Бекхам шех олу адамашлара синболам а бу, гарехь, Оьрсийчохь бехха баха диллина.