Iамеркерчу Вест-Пойнтехь куп тоьхначу терроризмаца къийсам латторехула Центро аналитикан таллам бина "Исламан пачхьалкхо" (ад-Дауля аль Исламийя фи-ль-Ирак уа-аш-Шам) (ДАИШ) Оьрсийчохь кхушарахь хир йолчу футболан дуьненан чемпионатана бохьучу кхерамех лаьцна.
Цуьнан авторш бу Массачусетсан уриверситетан Исламан историн профессор Уильямс Брайан а, оццу университетан Леррина адамаш дайаран бахьанаш талларехула центран аналист Соуз Роберт а. Цу шимма анализ йина 2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь терроран тобанаша а, церан агIончаша а динчу талорашна.
Уильямна а, Соузна а хетарехь, Оьрсийчохь терроран чулацам болу зуламаш дар алсамдаьлла и пачхьалкх Шемахь тIом бан йолаелчхьана.
Цундела сагатдар алсамдолуш ду «Исламан пачхьалкхца» боьзначу террорхоша пайда эца мега, дуккха а адамаш гулделлачу меттигашкахь терроран тIелатарш дийр хиларна.
Цул сов, авторша тIе тидам бохуьйту «Исламан пачхьалкх» тобано интернетерчу зорбанан гIирсашкахь теракташ яре кхойкхуш кампани йолийна хиларна.
Бакъду, тIаьхьарчу масех кIиранах Telegram-каналашкахь оьрсийн маттахь масийтта кхайкхам гучубаьлла футболан дуьненан чемпионат дIахьош теракташ яре кхойкхуш, боху Британерчу IHS аналитикан центран аналисто Паращук Джоаннас.
«Стигалкъекъа-беттан 19-чохь "Ущерб кафирам" каналехь кхайкхам баржийра, "кафирийн ерриг а майданаш ягае" санна долчу дешнашца язбина болу.
Делахь а и канал ерриг а Оьрсийчоьнах хьакхалуш болу кхерамаш туьйсуш хуьлу. Амма кхерамаш туьйсуш нах бу нисса дIа кхушара хир йолчу футболан дуьненан чемпиоанатаца боьзна, боху Паращук.
Масала, кху беттан 21-чу дийнахь цхьа сурт гучуделира футболан стадионехь лаьтташ "Исламан пачхьалкх" тобанан тIемало а волуш. Цу кIелла яздина дара "иза исторехь цкъа а ца хилла нах байар хир ду" аьлла.
Паращук реза яц Массачусетсан университетерчу талламхоша "зорбанан гIирсашкахь цкъа а ца хиллачу кепара кампани йолийна террорхоша" бохучуьнца. Цу тайпа кхайкхамаш "Исламан пачхьалкхан" каналаша дуьххьар баржош бац, боху Паращука.
"БIеннаш "Исламан пачхьалкхан" могIаршкахь хилла тIемалой Оьрсийчу юхабахка мега" бохург а бух болуш ца хета говзанчана.
"Дукхахболу оьрсийн мотт буьйцуш хилла "Исламан пачхьалкхан" тIемалой кхелхина Шемахь а, Иракъехь а. Ткъа дийна бисина болу цхьа кIеззиг Оьрсийчуьра тIемалой карарчу хенахь Дейр-эз-Зор провинцехь цхьана жимачу территори тIехь бен бац. Мел чIогIа церан лаам хилча а, цIаберза аьтто болуш хир бу уьш бохург шеко йолуш ду", - боху Паращук.
Цунна хетарехь, боцу кхерамна тIе тидам бахийта гIертаро тидам дIабоккху коьртачу проблемина тIера. Ткъа и проблема ю "Исламан пачхьалкхан" зорбана гIирсаша дIахьочу пропагандо меттах баха мегаш хилар хIинцале а Оьрсийчохь болу церан агIончаш.
"Амма и кхерам кхоллабалар чемпионатца доьзна дац", - боху Паращук.
Цу тайппа ойла ю Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхочуьнан, Анализан а, конфликташ кхоллаялар юхатохаран а центран директоран Сокирянская Екатеринин.
"Ницкъаллин структураша вуно чIогIа лардеш ду дозанаш. ЦIаберза ойла йолу тIемалой дукха кIезиг бу. Уьш Оьрсийчу а бигина, теракташ вовшахтохарца йоьзна операци дукха хала а, кхераме а ю. "Исламан пачхьалкхан" декъашхошна атта а, дораха а ду шаьш юьхьарлаьцнарг чекхдаккхийта Оьрсийчоьнан Федерацин территори тIехь цхьаъ карор", боху цо.