ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доцца аьлча, хIайт аьлла, жигара ву-кх муфтий…


Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа Кадыровн командехь хьакъболу меттиг дIалаьцначул тIаьхьа, федералан хаамийн гIирсаша дийцарехь, (меттигерчу зорбанаша башха тидаме а ца ийцира и хаам), чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Алханов Руслана совгIат дира цунна "Терроризмаца къийсам латторехь кхиамаш бахарна" аьлла.

"Карахь герз а доцуш, хьалха а ваьлла вогIу иза экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал лаьтташ. Ойла тилкхаза а юьйлуш, терроран тобанех дIабетталучуьра бIеннашкахь кегийрхой кIелхьарабаьхна цо дукхаъ а харцидеологаш гучубахар бахьана долуш".

Иштта мах хадийна Алхановс муфтийн аьлла, билгалдоккху "Интерфакс" агенталло.

Салафийташна тIаьхьа а боьвлла, радикалан хьежамашка а боьрзий, Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах кегий нах ца беттабалийта Межиевс йинарг йоккха гIортор ю бохучу маьIнехь ду цунна мидал ялар.

Пачхьалкхан президентна Асад Башарна дуьхьал тIом бийриг, исламан мостагIий бу бохучу кепехь а лоруш.

Межиев ша башхаллаш йолуш, (колорите) стаг ву: даим нохчийн къоман духарца, къамелехь атта ву, муьлххачу а динан вирдашца бийца мотт карабо.

Юьхьанца хетара, динан хьокъехь гIуллакхкаш листарехь меттигерчу Iедалех возуш хир вац иза, аьлла. Амма муфтийн даржехь волчу хIокху кхаа шерачохь иза дIатарвелла Кадыровн тобан юкъахь. Кадыровн политикаца лела иза, цунна хетачуьнца, цуьнан дине болчу хьежамашца а.

Стохка аьхка Соьлжа-ГIалахь хиллачу конференцино оьгIазбахийтира исламан пачхьалкхийн векалш. Декхарехилира ГIажарийн аймин Iедалшца къесто бакъе-харцо.

Кадыровна лаарна дийзира муфтийн Межиев Салахьан салафийтех къовсаме фетва тIеэца.

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире конференци йирзинчул тIаьхьа дехар дира Межиевс, ваххабизм (салафизм) ехкахьара ахь аьлла.

Цул тIаьхьа, оцу сохьта СаIуда Iаьрбийчу дIавахара, салафизмо олалла дечу пачхьалкхе.

ГIалгIайчоьнан имамийн Чумаков Хьамзатан а, Цечоев Iийсанан хьокъехь Межиевс дина дIахьедарш бахьанехь а кхоллало цуьнга дуккха а хеттарш. Нохчийн динан дай ГIалгIайчоьнан бусулба юкъараллана юкъагIортар санна дара муфтийн вистхилар.

«Новая газетан» журналисто Милашина Еленас Нохчийчохь Iедало къизаллехь латтош бу гомосексуалисташ аьлла, артикл Iораяьккхинчул тIаьхьа дира Межиевс тIаьххьара шен дIахьедар.

"Гейш гIелонехь латтош бу аьлла яздинчу журналисташа шаьш аьллачух жоп дала дезар ду. Ас эр дац царех адамаш а. Оцу хIумано Iедалан низамаша ма бохху жоп лур ду. Бекхамах дерг аьлча, Делан кхел хир ю царна". Иштта элира муфтийс Межиев Салахьа.

«Новая газетан» журналисташна муфтийс кхерам тосуш санна тIеийцира цуьнан дешнаш.

Нохчийчуьрчу зорбанашкахь Межиевн цIе хаддаза йоху.

Схьахетарехь, кеста Кадыров Рамзанал а лараме а, веза хилла дIахIуттур ву Межиев Салахь.

ХIинцца мехкан куьйгалхочуьнца рогIера белхан визитца ваха, юхахьаьжча, Шема вахана караво. Цо тIелоцу дуьненчуьра богIу динан векалш, Iилманчаш вовшахкхетачу религин барамашкахь а лоцу цо дакъа.

Доцца аьлча, хIайт аьлла, жигара ву-кх муфтий…

XS
SM
MD
LG