ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла дахар лохуш кхелхина мухIажираш дагалаьцна Европехь


Туркойчоь -- Шемара мухIажираш. 2015 Манг. 19
Туркойчоь -- Шемара мухIажираш. 2015 Манг. 19

Дуьненаюкъара мухIажарийн денна лерина цхьа могIа акцеш ю Германехь а, Австрехь а кху деношкахь дIахьош.

Ойла йиний аш цкъа а, эзарнашкахь Дуьненаюкъарчу хIурдалахь, Европе кхача дагахь шайн са дадийна новкъабевллачуьра бохамаш а хуьлуш, хи чу боьлхий леш болчу нехан декъехь хIун хуьлу? Уьш мича доьлху? Мичахь дIадухку? Хьан хIоттадо царна тезет? Мила воьлху царна? Я хьан до царна докъа ламазаш?

Я каш хуьлий-те хIурдалахь беллачийн? Цхьа а вуй уьш цу бух боцучу хичуьра схьа лехьош? Уьш, хIора а адам хьакъ ма-хиллара, муьлхачу а динан а, къоман нехан Iадатехь догIуш ма-хиллара, лаьтте берзош?

Беккъа кху тIаьхьарчу беттанашкахь Дуьненаюкъарчу хIурдалахь велла масех эзар стаг. Бусулбанаш а, керистанаш а, цхьа а дин доцурш а бу царна юккъехь. Зударий а бу, божарий а, бераш а. Европехь гIолехьа дахаре сатуьйсуш сел кхераме генарчу новкъа бевлла болчу царна къиза Iожалла карийна хIурдалахь.

Царех дукхаъ берш цкъа а карор а боцуш, цу инзаре боккхачу хIурдан хишкахь даиманна а буьсу, чIерийн даар а хилла. Цхьаццаберш Италерчу а, Грецерчу а орцакхачоран хьукматийн белхахоша, беллачул тIаьхьа, хIурдачуьра схьалаца кадолий, шаьш сел сатийсинчу Европин лаьтта тIе кхачабо. Аьлча а, лаьтта бухе, цIе йоцучу, гуларчу кошахь бIеннашкахь цхьаьна дIа а бухкуш.

Ца йо цу карийначу декъийн цхьа а кепара идентификаци а, ца хIоттадо царна я кериста а, я бусулба а тезет. Ца гIурту церан гергарниш лаха, цаьрга хиллачу бохамах коста кхачон. Иза дерриге а лелон таронаш, я хан, я лаам бац орца кхачоран белхахойн, уьш дела денна хIурдалахь керла декъий леха а, лехьон а дезаш бу.

ХIинца амма дуьххьара цхьа тоба яьлла Германехь, цу дела денна Дуьненаюкъарчу хIурдалахь схьалехьочу декъийн кхолламна сагатдеш. Немцойн Политикан Хазаллин Центр аьлла цIе йолчу цхьаьнакхетаралло Грецехь а, Италехь а бехха лехамаш а бина, гучудаьккхина, хIурдалахь леш берш адамийн сий хьоьшучу кепара цхьаьнхьа Европин гIалийн йистошкахь къайлаха гулахьчу кешнашкахь дIатеIош хилар.

Цу декъешна эксгумаци а еш, и нах хьенан мичара муьлш бара бохург а толлуш, хIоранна а каш доккхуш, хIораннан а динца догIучу кепара докъа ламазаш а, тезеташ а деш, уьш дIабохка сацам бина цара – Германехь дIабохка.

Дуьненаюкъарчу ХIурдан хинйистошкахь Iохкучу Италера а, Грецера лерина Германе а бахьаш, хIунда бухку бохучунна иштта жоп ло Политикан Хазаллин центран векалша шайн сайт тIехь „Белларш богIу“ бохучу артиклехь: „И проблема вай Германе схьаяхьар ю, Европин гуманитараллин дуьхьал уггаре а мехалох болу сацамаш тIеоьцуш Iачу урхаллина шаьш лелочу политикан тIаьхьалонаш муха ю бохург гайта“.

Цу Iалашонца белларш чохь болу дечиган яьшкехь цкъа хьалха немцойн канцлеран Меркель Ангелас чохь йолчу Бундесканцлерамтана хьалха оьха хIиттор ю. Цул тIаьхьа Берлинан тайп-тайпанчу кешнашкахь дIабухкур бу уьш. Царна юккъехь бусулба нах хиларна, Берлинерчу маьждигашкара имамаш а бахкийна, цаьрга бусулбачарна докъан ламазаш а дайтина, бусулбачу кешнашкахь дIабухкур болуш бу ислам динах берш.

Кхин дIа берш керистан кешнашкахь а, амма уггаре а коьртаниг - Бундесканцлерамтана уллохь, ма-дарра аьлча, Меркелан кабинетера корехула дIахьаьжча ган а гуш деса лаьтташ хилла латта схьа а эцча, цу тIехь мухIажарийн кешнаш дина Политикан Хазаллин центро.

КIирандийнахь йоллучу Берлинера гIо дан лууш берш а гулбелла, дIабухкур бу цигахь хIурдалахь беллачийн цхьаберш. „Цу кепара, - бохуш яздо акци дагаеанчара, - Меркелан а, цуьнан министрийн а хIора дийнахь декъешна тIех а буьйлуш, лела дезар ду, шаьш шайн бендацаран политика лелочу метте“.

ПIераска а, шота дийнахь а цхьа могIа мухIажаршна лерина акцеш иштта Австрехь а дIаяхьира. Венин юккъехь пIераскан дийнахь бIеннаш догIанах ларво четарш яйдира наха. МухIажарш буха лачкъоран, царна кхерамазалла яларан символ санна юккъеяккхина яра и „Европера четарийн марш“ цIе йолу акци.

Ткъа шота дийнахь эзар герга стаг гулвеллера цу гIалин юккъехь, Европин а, Австрин Iедалшка мухIажаршна кевнаш схьаделла бохучу кхайкхамца. Австрерчу мигранташца гома йолчу ФПОЬ партин куьйгалхо Штрахе махкара ара ваккха, ткъа мигранташ чу бита боху мохь беттара цара меттигерчу парламантана хьалха.

Отон: „Мигранташ бита, Штрахе араваккха!“ Митингехь дакъалоцуш хиллачу вевзаш волчу адамийн бакъонашларйархочуо Геннер Михаила шен къамелехь хьахийра, ша мигранташца болх бечу заманахь хийла мухIажаршца харцо лелор бакъбеш болу сацамаш арабевлла цу пачхьалкхан парламентан кхерчара, амма иштта хийла адамийн бакъонашларйархоша и тайпа сацамаш юха а бахийтина меттигерчу Iедалшка, цундела юкъаралла гIелйала мегар дац тIебаьхкинчийн бакъонашкахь къийсарехь, аьлла.

Геннер Михаил: „Ас мухIажарца болх бечу 25 шарчохь инзаре дукъа низамаш арадевлла кху кхерчара. Дукха кехаташ бехдина йозанашца. Керла-керла хийцамаш, низамаш шогадахарш, адамийн бакъонаш хьешарш арадевлла кху кхерча чуьра. Амма даханчу шерашкахь иштта хийла адамаш дуьйладелла вайн махкахь урхаллин а, кху кхерча чохь болчу депутатийн доккхахчу декъо а лелочу харцонашца дуьхьал гIитта. Алсам бовлуш бу вайна юккъехь шайн лулахой а, доттагIий а, шайца доьшуш берш а лийца а луьйцуш, махкара арабохуш хилар кхин дIа лан дагахь боцу нах.

Хийцамийн хан тIекхаьчна! Со оптимист ву. ХIунда аьлча, даханчу 25 шарчохь дагахь а доцуш, хийла толамаш баьхна вай Iедалийн харцонца къийсарехь. Министр балхара дIавала а дезийтина вай. Низамаш а хийцитина вай, къар ца луш. Кхин Европа, адамийн бакъонаш ларйон Европа, адамаш маьрша долу Европа, маьрша ваха а, ван а бакхо йолу Европа кхоллархьама лелийна вай иза. Со тешна ву, цу вайн Европано цхьана дийнахь толам боккхур бу бохучух“.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн мухIажарийн хьокъерчу хьукмато чIагIдарехь, карарчу хенахь 60 миллионе кхочуш лаьтта доллучу дуьнентIехь шайн мохк а, цIа а дитина, бовда дезначу мухIажарийн терахь. ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьлча дуьйна цкъа а хилла дац и терахь иштта лакхара.

XS
SM
MD
LG