ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Зарема дарбан цIийне охьайиллина – бутт бара адвокат и дан хьийза


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Политикан тутмакх, оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема махкара эндокринологин диспансере дарба дан охьайиллина, хаамбина адвокато Савин Александра. Цо билгалдаьккхина, иза хенал хьалха арайаккхар доьхуш чуделлачу дехарна дуьхьало йарна бина апелляцин латкъам оцу бахьанаца листар тахана ца нисделла аьлла. РогIера кхеташо хир йу лахьан-беттан 12-чохь.

"Ӏазапна дуьхьал йолчу тобанан" бакъонашларъярхоша билгал ма-даккхара, Савин бутт сов хан йаьккхина шен клиент дарбан цӀийне кхачо гӀерташ, хӀунда аьлча, цо йух-йуха а хаам бора шен могашалла телхина хиларх лаьцна. Мусаевана диагноз хӀоттийна 2-чу тайпанан инсулинах йозуш йолу диабет лазар ду аьлла, гезгамашин-бутт чекхболуш, цуьнан адвокато дӀахьедира, гIад дайначу хьоле кхочуш йу цуьнан могушалла аьлла.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
  • Стигалкъекха-беттан 28-чохь Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украине шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG