Норвегерчу националистийн «Fedrelandet viktigst» ("Даймахкал лакхара хIума дац") Фейсбукерчу къевлинчу тобанехь сурт хIоттийна, автобус чохь паранджаш йоьхначу зударийн тобанан. Цуьнан авторо цу сурт кIел хаттар хIоттийна «ХIун ойла ю нехан кхуьнах?», яздо «Вашингтон Пост» газето.
Цу сурт кIеллахь 100 сов комментари йитина цу тобанерчу наха. Царах дукхах ерш ю иммиграцина критика еш, юкъараллан меттигашкахь паранджа лелор дехка деза бохуш.
Цхьана комментаторо яздина: «Уьш вуно кхераме бу, дехка деза иза. Цкъа а хуур дац бедаршна къеллахь лачкъийна хIун ю. Уьш герзаца болу террорхой хила мега».
И пост хIоттийнарг питанча ву бохуш комментариеш а ю цигахь.
Амма кхузахь цхьа хIума ду, яздо «Вашингтон пост» газето. Цу сурт тIехь зударий бац. Уьш даьсса гIанташ ду автобус чохь.
И пост хIоттийначу Слоттавик Юхана дийцарехь, цо иза дина хилла забар еш – сагатлуш хиина Iаш хилла иза компьютерна хьалха.
«Ас сурт хIоттийнера хIун хуьлу хьажа», - боху цо.
Слоттавик цецваьлла ву сурт тIехь дуккха а нахана параджаш йоьхна зударий гина хиларна.