ВЦИОМ-о бинчу талламана юкъаозийна хилла 1200 Москохара а, оццула Петарбухера а бахархой. Жоп лехнарг ду муьлхачу къаьмнийн векалш беза, муьлхачу къаьмнийн векалш ца беза цу нахана бохург. ЖамIаш иштта ду. Москохара а, Петарбухера а бахархошна уггара дукха безарш бу оьрсий. 44 % Москох, 52 % Петарбухехь.
ШолгIачу меттехь бу белорусаш 17 %, 14 %. КхоалгIа меттиг дIалоцуш бу украинахой. Уьш безаш бу 15 % Москохара а, 11 % Петарбухера а бахархой.
Цу тIехь Оьрсийчоьнан коьртачу шина гIалийн бахархойн кхечу къаьмнашка болу безам чекхболуш бу. Цара дикачу агIора тIеоьцучу кхечу къаьмнийн векалийн терахь ду кхаъа процентана уллехь Iуьллуш.
Москохара а, Петарбухера а бахархошна бIаьрга дан ца дезачу къаьмнийн цIе-йоза мелла а шуьйра ду. Цхьа а шеко а йоцуш, цунна буьххьехь бу Кавказерачу къаьмнийн векалш. Уьш гича ца мега 31 % Москохара а, 28 % Петарбухера а бахархой.
Цхьацца къаьмнаш схьаэцна аьлча, цу шина гIаларчу нахана уггара ца безарш бу таджикаш (24 %, 23 %). Москох кхоалгIачу меттехь бу азербайджанхой (17 %). ЙоьалгIачу меттехь бу узбекаш (13 %). Петарбухехь хьал нийсса бIостанехьа ду. 18 % бахархошна узбекаш ца беза, 11 % азербайджанхой ца беза.
Шина а мегополисехь харцахьа йолчу рейтингехь пхиолгIачу меттехь бу нохчий. Москох нохчий ца беза 12 % бахархошна, Петарбухехь 8 % бахархошна.
Москох нохчашна тIехьа богIуш бу гуьржий. Уьш ца беза цу гIаларчу 9 % бахархошна. Такхха бу эрмалой (6%), дагестанхой (5%), Азера нах а, гIиргIазой а ца беза 4 % бахархошна.
Петарбухехь Азера нах ца безачу бахархойн терахь ду 7%, гуьржий ца беза цу гIалахь 6%, дагестанхой 5% бахархошна.
Цхьаболчу цу кеппарчу талламан говзанчашна хетарехь, белорусаш а, украинахой а Москох а, Петарбухехь а дика тIеэцаран бахаьана ду уьш оьрсех баш къаьсташ ца хилар. Кавказерачу нахана оьрсий реза бац уьш дукха чехка а, сихха лата кийча а бу бохуш.
Ткъа Юккъерачу Азера нах церна ца беза цара Оьрсийчу а богIий, меттигерачу бахархошна болх ца кхочуьйту бохуш.
Нохчийн дуьненерачу конгрессан куьйгалхо Тепс Дени дуккха а шерашкахь ваьхна ву Петарбухехь. Шен а, ша санна болчу вайнехан а, меттигерачу бахархойн а юкъаметтигех лаьцна иштта дуьйцу цо.
Тепс: «Хьалха, со цига дуьххьара дIаваханчухенахь, неха вайнахаца йолу юкъаметтиг дика яра. ХIинца, тIаьхь-тIаьхьа, и тIемаш буьйлабелчахьана, церан вайца йолу юкъаметтиг дика яц. ХIора шарахь уьш во хуьлуш схьадогIуш дара иза кху шерашкахь».
Нохчийн дуьненерачу конгрессан куьйгалхочунна Тепс Денина хетарехь ша-дерриг а аьлча санна дозаш ду Оьрсийчурча Iедалехь болчу нахана хетачух.
Тепс: «Цхьана агIора шен политике хьаьжжина ду иза. ТIемаш бахьанехь цара шайн национал-патриотизм айира, вайца долу хьал гал доккхуш, вайца уьш мелла а дера хилийта».
Ткъа муха жоп лур дара-те ВЦИОМ-о хIоттийначу хаттарна нохчаша, аьлла Соьлжа-гIалин урамашка телефон а карахь аравелира Маршо Радион корреспондент Султанов Ахьмад.
Султан 1990 шарахь вина ву. Жима волуш дуьйна шена гина бала оьрсашца бозало шен, бохуш дуьйцу цо.
Султан: «Суна цабеза гIазакхий. ТIом беш а, бойъуш а, гIело йеш а хилча цхьанне а везар ма-ваций гIазакхий. Тахана гIазакхашна а ца деза вай. Барт а хилла, тIом дIа а баьлла Iаш далахь а, дукха хало хьегна къам ма-дай вайн нохчийн къам.
Дуьххьара тIом болчу хенахь 4 шо хан яра сан. Нах бойъуш а гина суна. Гергара нах бойъуш а гина, цара бехк-гуьнахь а доцуш дIа а бигина. Жима волуш гина ду, воккха волуш гинехьара-м иштта а хир дацар иза...»
ГIеметта хIоьттина волчу Русланна стаг оьрсий вара, аьлла дIататтар нийса ца хета.
Руслан: «ХIора стагаца цхьа шен-шен юкъаметтиг ма-нислой. Цхьа цабезам бу аьлла, цабезам а бац иза. Амма дагалецамаш буй... Дагалецамаш ма-буй хIора нохчийчуьнан а. Са-сайн дIоггара хьагI а яц цаьрца.
Моссо а гIазакхий ма-боций и тIом безаш а, хIара бала вайна хуьлийла лууш а. ТIом болчу хенахь а, делалахь ма-хьашт доцург ду иза, м-оьшуш доцу хIума дара иза, бохуш соьга къамел дина гIазакхий бу-кх дуккха а».
Лема а ву жимастаг. Цунна хетарехь ирх-пурх оьрсашца лула-кулахь даха дезаш хилча цхьадолу хIума дитина юкъаметтигаш дIацалелийча ца болу нохчий а.
Лема : «Суна нохчийн гIазакхашка цхьа а цабезам бац аьлла хета. Нагахь нохчий дIа а бахана гIазакхий бехачохь тIом а бина хIума хиллехь, цара дIай-схьай бовла а буьтур бацара уьш, иштта а ца безаш болу. Оццула кхузахь тIемаш хиллашехь, цабезам бац цаьрга. Дика юкъаметтигаш а ю.
Хьалха хилла долу хIуманаш диц а делла дIадевлла. Делахь а, цхьацца долу хIуманаш дицдан дезаш дацара. Юха ца хилийта а цхьацца долу хIуманаш дагахь латто дезаш а дара. Делахь а Iе а, даха а дезаш хилча, уьш дагчу а доьхкина лелча а кхин тIекхета хIумма а дац. Даиман а гIазакхашца цхьана Iен дезаш ду вай, цундела массо а и хIумнаш дагахь а латтош лелча а гIуллакх хир дац цунах».
Кху тIаьхьарчу хенахь кавказхошна дуьхьала хьажийна йолу акциш хилира Москох. Президентан харжамаш тIекхочуш кавказхойн хаттар юха а айа гIерта политикаш. Уггара сагатдийриг ду цаьрна юкъахь карарчу хенахь пачхьалкхана урхалла деш болу нах хилар.