Шайн белхан декхарш кхочуш деш 2017-чу шарахь кху дуьнентIехь вийна лаххара 42 журналист. Цуьнах лаьцна дуьйцуш ду "Журналисташ ларбаран комитет" (Committee to Protect Journalists) олучу Iедалх йозуш йоцучу юкъаралло хIора шарахь кечдечу рапорта тIехь. Дуьстуш аьлча, 2016-чу шарахь и терахь дара - 48.
"Журналисташ ларбаран комитето" толлуш ду кхин 20 журналист вер. Амма цу юкъараллан декъашхойн цкъачунна аьтто ца баьлла уьш байар цара бечу балхаца доьзна ду бохург къасто.
2016 - гIа дийцича, тIаьхьарчу 4 шарахь хIора шарахь дуьнентIехь вуьйш вара 61-72 журналист. Царах дукхахберш кхалхара Гергарчу Малхбалерчу конфликташкахь. Дуьйш дукха маьрша адам дара, цу кеппара алсам бара царна юкъахь кхелхаш болу журналисташ а.
2017-чу шарахь уггаре журналисташна болх бан кхераме йолу меттиг яра Иракъ а, Шема а. Иракъехь кхушара вийна 8 журналист, ткъа Шемахь - 7.
"Журналисташ ларбаран комитето" дийцарехь, 1992-чу шарахь дуьйна (цу хенахь дуьйна и хаттар толлуш ю камитет) Иракъехь вийна 186 журналист. Оццул дукха зорбанан гIирсийн белхахой ца байина цхьана а кхечу пачхьалкхехь.
Оьрсийчохь 2017-чу шарахь цхьа а журналист ца вийна. Амма иза дац журналистийн дахар цигахь атта ду бохург. Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, уггаре луьра Iаткъам ловш бу Къилбаседа Кавказехь болх беш болу журналисташ а, адамийн бакъонашларъярхой а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Маьрша дош" олучу вовшахтохаралло кхушарахь леррина кечдинчу рапорта тIехь.
Иштта хIинца а карийна бац 4 шо хьалха "Кавказский узел" интернет агенталлан а, "Новое дело" газетан а Дагестанера корреспондент Ахмеднабиев Ахмеднаби вийна зуламхой. Дагестанехь Семендер эвлахь муьлш бу ца хуучу наха герз диттира журналистана цуьнан хIусаманна 50 метр уллехь. Талламхошна хетарехь, журналист вийна цуьнан болх бахьана долуш.
2012-чу шарахь Чиллан-баттахь Нальчикехь меттигерчу телехьожийлехь шен эфир а ерзийна, цΙавоьдуш шина зуламхочо масатоп йиттина вийна журналист Геккиев Казбек. Зуламхой карийна бац тахана а.
Оццу Нальчикехь 2014-чу шарахь Марсхьокху-баттахь велла карийра журналист Куашев Тимур. ГIебартой-Балкхаройчоьнан талламан комитетан векалша дийцарехь, экспертиза йича иза вийна хила мега аьлла тоьшаллаш ца карийна.
26 шо долчу Куашев Тимура дакъалоцура бакъоларъярхойн "Мемориалан" балхахь, кест-кеста гучудохура Iедалера дуьйлу зуламаш. "Дош" журналехь, кеп-кепарчу агенталлашкахь, интернетерчу шен блогехь язйора цу артиклаш. Куашевн гергарнаш а, накъостий а тешна бу и вер Iедална товш боцу болх цо барца дозу бохучух.
ДIадаханчу кхаариндийнахь, 4 гергга шо чохь а даьккхина, "Чернокозово" набахтера аравелира вевзаш волу нохчийн юкъараллан жигархо Кутаев Руслан. Наркотикаш лелийна аьлла бехке вина, чувоьллинера иза нохчийн къам Сибрех дахийтинчу дийнахь, Iедалшка а ца хоттуш, Соьлж-ГIалахь конференци вовшахтоьхна аьлла.
Нохчийчуьрчу набахтехь карарчу хенахь хан токхуш ву журналист Гериев Жалавди. Меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша бехке вира иза наркотикаш лелорна. Цул тIаьхьа хиллачу суьдо кхо шо колонехь даккха хан туьйхира журналистана. "Мемориал" бакъонашларъярхойн центро политикан тутмакх лоруш ву Гериев Жалавди.
Къилбаседа Кавказерчу тайп-тайпанчу республикашкахь тайп-тайпана хьелаш ду журналисташ болх баран. Масала, дешан маршонца доьзна Дагестанера хьал дIоггара вон дац, амма луларчу Нохчийчуьра журналисташ вуно ларбала безаш хуьлу шаьш цхьаъ яздеш а, олуш а.
Цигахь Iедалхой боцурш, журналистийн балхана тIе бIаьрг биллина Iуналла деш волчух тера ду меттигера омбудсмен Нухажиев Нурди.
Иштта кху деношкахь Нухажиевс дIахьедар дира, республикерчу прокуратуре а, "Роскомнадзоре" а харц информаци яржо хаамийн ресурсаш дIакъовлийта дагахь ву ша аьлла. "Кавказский узел" агенталлан а, "Кавказ.Реалии" порталан а сайташ яра Нухажиевс блок хIотто билгалъяьхнарш.