Немцов Борис вийна иттех де даьллачул тIаьхьа оьрсийн Iедалхоша, иза вийнарш бу аьлла нохчийн къомах болу нах лийцар, и зулам талларех жоьпаш даларна метта, мелхо а, дуккхаъ керла хаттарш кхуллуш ду. Лаьцнарг пхиъ ву. Ткъа царех цхьаммо, Дадаев Заура, ша лоццушехь мукIарло дина, куьгбехкенарг ша ву, ша Немцов вер цуо Делан элча, Делан салам хуьйла цунна, сийсаз вар а дара, аьлла.
Цу мукIарлонехь шена тIе тидам бохуьйтуш ду, уггаре а хьалха, и стаг ша Нохчийчохь уггаре а луьрчех а, Оьрсийчоьнан куьйгаллина муьтIахьчех а ларалуш йолчу „Къилбаседа“ цIе йолчу батальонехь куьйгалхочун гIовса санна болх беш хилар а, ткъа иштта цуо и зулам ша кхочушдина ца Iаш, иза шена цхьанна дагадеъна а, иза кхочушдар Iалашдинарг а ша ву алар, бохуш дийцира Дойче велле агенталле вевзаш волчу немцойн Оьрсийчоьнах волчу аналисто фон Фрайтаг-Лорингхофен Юлиуса. Цу кепара хетало, тергамхочуо дийцарехь, Дадаевн коьрта Iалашо массо а бехк шена тIе а озийна, бакъболу куьгбехкенарш кIелхьара бахаР а, царна тIера тидам дIа айбар а ю бохург.
„Бехкеберш схаьгайтар – иза хIинца а и зулам теллина даьлла бохурги дац. Политковская Анна йийча а лецира иза йийнарш, амма цу зуламна тIехьа лаьттарш муьлш бу кхин гучу ца доккхуш дитира“, - элира цуо, мел кIезг а герз тоьхнарш лацар а ду гIолехьа, цхьа а таллам ца бечул аьлла тIе а тухуш.
Немцойн Боьлл ХIенрихан цIарах фондан куьйгалхочуо Зигерт Йенса билгалдаьккира, ша официала версех тешаш вац, хIунда аьлча цкъачунна цхьа а тоьшаллаш дац Iедалхоша и зулам динарш билгал муьлш бу бохучунна дахкийна, аьлла. „Карладовлу Вышинскийс Сталинан заманчохь аьлла хилла долу дешнаш, мукIарло дар – иза тоьшаллийн нана ю аьлла долу. Цкъачунна вайн схьагуш Нохчийчуьрчу нуьцкъаллийн структурийн белхахоша дина мукIарло доцург кхин тоьшаллаш дац“, - элира цуо.
Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочунна, политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, Iедалхошка лаьцначех цхьаммо Дадаев Заура дина долу мукIарло а, иза стаг а, цуьнца цуьнан накъостийн а лацар декъацIена ша а ду тоъалла тоьшалла, Немцов вийначара иза стенна вийна, хьенан дагара хууш вийна бохучух кхета.
Цунна хетарехь, нагахь санна цхьаммо а цу нахана нийса омра ца динехь а, амма таханлерчу Нохчийчохь цу мехкан куьйгалхочун дагара хууш бен, шайгара хIума дан воьхьур волуш цхьа а вац нуьцкъаллин структурашкахь.
Асхабов Хьамзат: „Соьга хаьттича, Оьрсийчоьнан Iедална хIинца кху муьрехь санехь дац, билгал и зулам динарш лацар бен. Цундела со теша, Немцов вийнарш бу бохуш схьагойтуш болчу наха и билгал вийна бохучух. Хьалха, вайна ма-хаара, цхьацца даккхийчу зуламашкахь, бехке белахь а, бацахь а, нохчи бехке беш хIумнаш нислора. ХIара хьал кхечу кепара ду аьлла хета суна.
Ткъа цара иза вер хьенан лаамца, я хьенан догойла евзаш дина ду бохург кхин хаттар ду. Нохчийчохь Рамзанна ца хууш и тайпа хIума нуьцкъаллийн структурашкарчу наха дан йиш яц. Цуо омра ца динехь а, цуьнан дагара хууш дина хIума хета суна иза. Ткъа цуо шен дог-ойла лачкъош а яц, цуо иза доллучу дуьненна а йовзуьйтуш ю: Путинна вуо хIума олуш верг цунна ца веза-кх. Иза массарна а хууш ду“.
Политологна хетарехь, амма, лаьцначуо ша Мохьмад Пайхамар Немцовс сийсаз вар бахьана долуш иза вийна аьлла мукIарло динехь а, амма бакъдолу бахьана иза доцийла бохучух кхета хала дац.
Изза аьлла хеташ ву немцойн аналист Зигерт Йенс а. „Шорта бу Оьрсийчохь кхинарш нах, Шарли Эбдо журналан белхахой байъар Немцовс чул а шогоха емал динарш. Немцовс, мелхо а, вуно собаре критика йира цу хIетахьлерчу хиламна, кхечаьрца дуьстича“, - элира цуо журналисташка.
„Дадаев Заурас Немцовс Шарли Эбдо журналан белшашгIортош дош алар бахьана долуш вийна бохург – иза вуно говза дина долу зулам вуно гIийлачу кийтарлонашца дерзон гIортар ду, - элира шен рогIехь уггаре а вевзачех немцойн Оьрсийчоьнах волчу аналисто Шредер ХIанс-ХIеннинга. - Хаттар кхоллало: и зулам де аьлла омра динарг мила вар? Тамаша бу Имарат Кавказ-м иза хиллехь, Дадаев Нохчийчуьрчу нуьцкъаллийн структурийн белхахо хилар тидаме эцча-м муххале а“, - элира Шредер ХIанс-ХIеннинга.