ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъбаре хьоьжуш? Нохчийчуьра мухIажар Швейцарино араваккха кхерам бу


Батаев Iела
Батаев Iела

Швейцарин Германира а, Австрира а, Швецира а векалташна хьалха товбеца-бутт йуккъе баьлчхьана нохчийн диаспорин векалша митингаш латтайо 40 шо долу Батаев Iела маьрша вита бохуш. Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо ву иза, Цюрихера депортацин куьпахь ша Оьрсийчоьне дIаваларе хьоьжш волу. Цхьацца формалехь долчу бахьанашца шуьйра тIом Украинехь болийначул тIаьхьа а европахойн Iедалхоша депоратци йо нохчашна даймахка, цигахь уьш лечкъон, бертаза тIаме бахийта кхерам лаьтташехь. Батаевца долчу гIуллакхехь-м и кхерам боьзна бу, иза Украинехь ваьхна хиларца а, цигахь Ичкерин агIончаша шайн лаамехь вовшахтоьхначу тобанашкахьа хиларца а.

Оцу пачхьалкхехь ваха шен бакъо йолчу Украине, йа муьлхха а кхечу пачхьалкхе дIахьажор доьху Нохчийчуьра вахархочо, 40 сов де а ду цо мацалла хьоьгу. Оцу хеначохь 20 кила эшна цуьнан, цуьнгара хьал де дийне эшна догIу. Ткъа Швейцарин Iедалхоша цкъачунна кадыровхойн кара лур вац аьлла, дегайовхо йунна йелла йац.

Масех бутт хьалха Батаевс бакъонан гIо дийхира "Европера машаран цIа" бакъоларйаран организацин куьйгалхочуьнга Гашаева Зайнапе. Оцу йукъараллин вице-президентаца Мамишов Лачинца цхьаьна официалехь бакъо йелира цунна Iедалхойн органашкахь цуьнан интересаш дIакхехьа.

Оккупаци йинчу ГIирме а, Донбассе а Европера украинхой дIахьийсор санна хIума ду хIара

"ХIара гIуллакх гена ца доккхуш Iийнера тхо, Швейцарин Iедалша цхьа дикачу агIор сацам бийр бу аьлла хеташ. Иза дIавала дагахь буй хиъначул тIаьхьа, диллина гIуллакх лелон дуьйладелира тхо, зорбанашка а хоуьйтуш, тхайн махкахочунна тIехIуьттуш акциш хIиттош", - дийцина Гашаевас.

Батаевн дахарх хууш дерг бакъонашларйархошка цо дийцинарг бен дац. Журналисташца къамел дан реза ца хилира цуьнан гергара нах – царех Нохчийчохь бехачеран неIаре баьхкина хIинцале а меттигерчу бакъоларйаран органийн белхахой.

Iелин бералла дIайахна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш. 2000-чу шерийн йуьххьехь иза, Кадыров Ахьмада махкахь Оьрсийчоьнехьа хIоттийначу рожана резабоцу кхинберш а санна, дIавахара Швейцари. Кхузахь политикан тховкIело йелира цунна, ша санна мухIажар йалийра цо цигахь, ялх бер хилира церан. Цхьа хан йаьлча Швецин Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажийра и стаг. Батаевс дийцарехь, кадыровхоша цунна кIело йан тарлуш хиларна, цуьнан кхерамзалла Iалашйан шайн аьтто цахиларна аьлла кхетийнера хIара.

"Москва а веана, оцу сохьта Туркойчу билет а эцна, Оьрсийчохь ши сахьт ца доккхуш, дIавахара иза. Нохчийчу ваха ойла а йацара цуьнан", - боху бакъоларйархочо Гашаева Зайнапа.

Туркойчуьра Украине вахара Батаев, цигахь шен накъостаца йукъахь жима туька йиллира цо, динехь зуда а йалийра. Ваха бакъо йелира цунна, амма Оьрсийчоь тIамца тIелеттачул тIаьхьа хIиттина халонаш бахьана долуш Европе дIабаха доьзало сацам бира. Швейцарехь ханна ваха пурба дийхира цо. 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь миграцин хьукмате тIекхайкхира иза, цигахь лаца а лецира.

Оьрсийчохь цунна тIаьхьабевр бу, ницкъбийр бу

"ХIаъ, Оьрсийчуьра набахтешкахь долчу хьелашка хьаьжча [Швейцарера депортацин центрехь] кхузахь гIоле ду, амма набахте- набахте йу-кх шен доллу дехкаршца, - кхин дIа дуьйцу Гашаевас. – Цюрихера аэропортана уллохь йу центр. Мамишов Лачинца со цигахь йолчу йукъанна масех минот мел йолу кеманийн Iадош гIовгIа гIоттура цигахь, дийнахь-буса а тхан коьртеш тIехула аьлча санна хьала а гIуьтту уьш, охьа а хуьйшу. Хала ду цу чохь Iен а".

Мамишовс тIетуьйхира, лаьцначо латкъамаш бира шена лоьраш тIе ца битарна а, кхелан сацамца магийна йолу телефон шен карахь ца йитарна а аьлла.

"Депортацин центран куьйгалхочо дош делла тхуна, телефонца долчу хаттаран шаьш йист йоккхур йу аьлла. Цул совнах, цо дIахьедина мацалла кхайкхийначунна лоьрийн гIо латторах, амма и хIун гIо ду – иза маса кила ву хьожуш, терзи тIехь озар, цуьнан цIийн таIам бустар, цуьнгарчу хьолаца и тоаме дац. Мацалла хьоьгу бутт сов хан йаьллачу заманчохь могушаллица проблемаш йуьйлайелира Iелин, медицинан контроль йан дезара цунна, лоьрийн тергонехь латтон оьшура иза", - боху къамелахочо.

Иза тешна ву, Оьрсийчохь бехк боцуш Батаев хьийзор хиларх, цунна Iедалхой тIаьхьабевр хиларх.

"Нохчийчохь хIора шарахь бIенашкахь нах бов. Кадыровхоша дуьхьало йоцуш лечкъабо нохчий кхечу регионашкахь а цхьаьна – кхузахь къегина масал ду [нохчийн жигархойн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема], махкахь акхараллица тIелета журналисташна а, адвокаташна а. Цуьнан масалш дуккха а ду. Адамийн хIун бакъонаш Iалашйар дуьйцур ду, Дуьненайукъара зуламан кхело Оьрсийчоьнан президент лаца аьлла, ордер йелла хилча, ткъа парламентан ассамблейно пачхьалкх терроризман спонсор лерича. Оккупаци йинчу ГIирме а, Донбассе а Европера украинхой дIахьийсор санна, ткъа дуьненан ШолгIа тIом боьдучу йукъанна – КхоалгIачу рейхе жуьгтий хьийсор санна хIума ду хIара", - эргIад оьху Мамишов.

Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" организацин векало Абдурахманов Мухьаммада "Дождь" телеканалехь дIахьедина, "Оьрсийчоьнан агIор цхьа формале хIуманаш хиларна" хIинца а Нохчийчу дIахьажоза ву Батаев аьлла.

Швейцарера миграцин политика чIогIа шога йу, дуьйцу Мамишовс. Цунна хетарехь, пачхьалкх мухIажаршна товш йац, хIунда аьлча, кхузахь чIогIа шога ду низамаш, дахар деза ду, официалехь биъ мотт бу, иттаннашкахь диалекташ, массо а хеттаршца бюрократи йу.

"Швейцарин Iедалхоша цкъа а ахча кхоа ца до депортаци йан. Суна хаьа цхьа гIуллакх, джет тIехь цхьа нохчо дIахьажориг 25 эзар франкаш гергга ахча делира (2,6 миллион сом. – Редакцин билгалдаккхар.). Кхузахь жимо диаспора йу, дукха хьолахь массо а шайн доьзалашца беха, цхьа а йукъараллин жигаралла а ца гойтуш", - билгалдоккху къамелахочо.

Кавказ.Реалиин редакцино комментарий йийхира Батаевн хьолах лаьцна миграцин хеттаршкахула йолчу Швейцарин пачхьалкхан секретариате, амма цуьнан векало Сезар Аннас дуьхьало йира цунах лаьцна жоп дала, персоналан хаамаш а, конфиденциалан агIо а ларйеш йу ша аьлла.

Батаев – царна пайден хир ву, иза Украинехь ваьхна хиларна а, цигахь лела хаарна а, миграцин статус хиларна а, мотт хууш хиларна а

"Депортаци йеш сацам бале хьалха, секретариато индивидуалехь, леррина, массо хIуманан терго а йеш, толлу тховкело йоьхуш чулуш долу хIора дIахьедар. И стаг пачхьалкхера аравоккхуш сацам бо, нагахь санна, иза даймахка веача лаца кхерам бац аьлла информаци кхаьчнехь. Бертаза иза дIахьажо аьтто бацахь, йа йиш йацахь, и стаг цхьана ханна Швейцарихь вуьту, - дIахьедира Сезара. – Секретариато даим а тергам латтабо Оьрсийчуьра хьолана тIехь, тховкIело луш а, махкара аравоккхуш а шаьш бинчу тидамех пайдаоьцу".

Батаевн гIуллакхах лаьцна дуьйцучу "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас масална дийцира Германихь дерг: Украинера богIу кхолгIачу пачхьалкхера мухIажаршна-бахархошна депортаци йеш, пачхьалкхан Iедалхоша дозанаш тоьхча, бакъоларйархоша официалан кехаташ дахьийтира, уьш Оьрсийчоьне дIалахь Къилбаседа Кавказера бахархойх хиндерг дуьйцуш.

ХIетехь дуьйна, Дадуевс бахарехь, цунна хууш цхьа а масал дац Украинера баьхкина а, тоххара дуьйна цигахь баьхначарна а депортаци йина меттиг.

"Батаев – потенциале бохам баьлларг ву кхин а цхьана бахьанаца, йехха заманахь Украинехь ваьхна иза, цигахь лела а хаьа цунна, миграцин статус хилла цуьнан, мотт хууш хтла а тарло. Нохчийчу иза дIахьажавахь, тIамтIе вахийта тарло иза, цуьнан хаарех пайда а оьцуш", - аьлла хета "Европера нохчийн ассамблейн" векална.

  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Польшин Iедалхоша дIахьедира, тховкIело йоьхучу ФСБ-н хиллачу белхахочо Наврузбеков Эмрана шех лаьцна дийцинчух "тоьшийла дац". 2017-чу шарахь Наврузбеков ведира пачхьалкхера, цо дийцира урхалло шена дуьхьал "террорхойн гIуллакхаш" дахарх, хIетте а мангал-беттан 6-чохь Оьрсийчоьне дIавелира иза.
  • Финляндихь мухIажаран статус йеллачу Нохчийчуьра вахархочо Абубакаров Джабраила 2022-чу шеран гIадужу-баттахь дийцира Кавказ.Реалиин сайтана, Соьлжа-ГIалара шен гергара нах кадыровхоша лачкъийна бигарх, нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналаца шен уьйраш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG