ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоь – уггар а кхераме регион": хIун нийса дац "терроризм эшийна" бохучу Кадыровн дIахьедаршца


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Хадам боллуш терроризм эшийна дуьненахь цхьаъ бен йоцу регион" йу Нохчийчоь аьлла йуха а Кадыров Рамзана. Оцу кепара дIахьедарш цо ден 15 шо а ду. Республикехь дукхазза контртерроран операцин (КТО) раж кхайкхийра цу заманчохь республикехь, тIаьххьара Нохчийчохь полицина тIелатар дира ши бутт хьалха. Кавказ.Реалии сайто листира, "терроризмана тIехь толам баккхарх" дIахьедарш регионехь билггал долчуьнца муха догIу.

ТIаьххьарчу шерийн хроника

2017 шо

Нохчийчоьнан Iедалхой а, бакъоларйаран органаш а ницкъ болуш ду муьлхха а теракт йан гIортар йукъахдаккха, хIунда аьлча, республикехь терроризмана база йоцуш йу, дуьненахь а ша цхьаъ бен йоцу регион йу и, "хадам боллуш терроризм эшийна", дIахъедира 2017-чу шарахь Кадыровс.

Оцу йукъанна республикехь цу шарахь мел кIезиг а герзашца бархI инцидент хилира, цигахь велира 31 стаг, лазийра кхин а исс. Байинчарлахь – 19 гIаттамхой бу бохурш а, бакъоларйаран структурашкара 11 белхахо а вара, зераш дира хIетахь "Кавказский узел" хьастан редакцино.

Кадыровн рожера массо а хIума а санна, терроризмаца тIом бар а шалхонашна тIехь а, бIостаналлаш тIехь а ду

Масала, 2017-чу шеран дечкен-баттахь Шелара полисхойн постехь герзаш диттина вийра ши ницкъахо а, гIаттамхой бара боху кхо стаг а. Iедалхойн дIахьедаршца, тобанан куьйгалла динера Шелара террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанера вербовка йечу, Шелара вахархочо Рашидов Мохьмада.

Зазадокху-баттахь тIеман декъана динчу тIелатарехь вийра Росгвардин йалх белхахо, цул а хьалха Хьалха-Мартанахь хиллачу тийсадаларшкахь герзаш тоьхна вийра ши стаг.

Марсхьокху-баттахь вийра Нохчийчоьнан парламентан депутат Асхабов Мохьмад, амма Кадыровс дIахьедира, оцу зуламна тIехьа тIемалой бацара аьлла. Лахьан-баттахь террорхой бара бохучара тIелатар дира Рошни-Чуьра полицина, тIелетта шиъ вийра.

2018 шо

Нохчийчоьнан куьйгалхочо йуха а дIакхайкхийра терроризм эшийна "дуьненахь цхьаъ бен йоцу регион" йу аьлла. Соьлжа-ГIалара православин килсана тIелеттачул тIаьхьа цо йуха а чIагIдора, республикехь "хилла а йац, йа хир а йац иблисан пачхьалкх а, цуьнан эмиссараш" а аьлла.

"Цхьана а кепара бух боцуш ду кхерамзаллех долу къамелаш. Нохчийчоь – уггар маьрша, паргIат, кхерамзаллин регион йу дуьненчохь а", - йаздира политико президентан харжамашна кечамаш бечу хенахь, махкахь "уггар цIена, нийса, демократин" харжамаш бу дIахьош аьлла.

Оцу йукъанна, "Кавказский узел" ресурсан лараршца а догIуш, оццу шарахь Нохчийчохь герзаш диттина мел лахара а 26 стаг вийра, кхин а иссанна чевнаш йира. Масала, стигалкъекъа-баттахь вевзаш воцу виъ стаг гIоьртира Соьлжа-ГIалара Архангел Михаилан православин килсехь Делан гIуллакх дечу хенахь закъалтхой леца – тIелеттарш байъира. Марсхьокху-баттахь кхин а диъ герзашца тIелатар дира – Шела кIоштара а, Соьлжа-ГIалара а полицин дакъошна. Шеран жамIашца Кадыровс дIахьедира 20 сов гIаттмахо вийна аьлла.

2019 шо

"Дуьненайукъара терроризм хIаллакйина оха", - тоьшаллаш доцуш дIахьедира Кадыровс зазадокху-баттахь. Марсхьокху-баттахь йуха а изза тIечIагIдан дийзира цуьнан: ишта жоп делира цо Нохчийчоь кхерамзалла йоцу регион йу Израилан бахархошна аьлла, тептаре йаьккхинчул тIаьхьа. "СуртхIиттар чIогIа хьоле ду шун…Нохчийчоь дуьненахь а уггар маьрша, кхерамзаллин регион йу", - йаздира хIетахь Кадыровс.

Оцу йукъанна 2019-чу шарахь мел лахара а 10 стаг вийра Нохчийчохь герзашца хиллачу тийсадаларшкахь, царлахь вара гIаттамхо ву боху виъ стаг а, ши полисхо а, чевнаш йинера бакъоларйаран органашкара веа белхахочунна. Ишта мангал-баттахь ГИБДД-н белхахой кехаташка хьовсучу заманчохь 22 шо долу жимстаг тIелеттера полисхочунна а, Росгвардин белхахочунна а, и шиъ уьрсаца лаза а веш. Машенлелорхочунна герз туьйхира, хьастийн хаамашца, цхьахволу ницкъахо велира. Динчу тIелатарх жоьпалла шена тIелецира "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.

Масех де даьллачул тIаьхьа террорхойн тобано дIахьедира ТIехьа-Мартанара полисхойн постехь дина тIелатар шаьш дайтина ду аьлла; Кемеровн кIоштара белхан хьокъехь ваийтина хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахо, дарбан цIийне вуьгучу заманчохь новкъахь дIавелира, тIелеттарг а вийра. Полицина кхин а цхьа тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь гезгамашин-баттахь, ву боху гIаттамхо оцу меттигехь вийра.

2020 шо

Нохчийчоь "уггар маьрша а, паргIат а регион йу" элира Кадыров Рамзана йуха а, республикехь ницкъахой а, гIаттамхой бу бохурш а хIаллакбеш лаьтташехь. Оьрсийчоьнан Вовшахтоьхначу эскарийн тобанан зерашца, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара мехкашкахь оцу шарахь "хIаллаквира" 20 гергга гIаттамхо, царех мел кIезиг а нийса ах Нохчийчуьра бара.

2020-чу шарахь республикехь официалехь пхи тIелатар дира ницкъахошна. ГIадужу-баттахь транспортан полицин кхо белхахо веанера Соьлжа-ГIалара Октябрьскан кIоштара цIа чу, цигахь уьш тIеIиттабеллера ДаIишца боьзначу, герзашца болчу нахана, - хIетахь вийра гIаттамхо ву аьлла виъ стаг, иштта Росгвардин ши белхахо а, цхьаъ лазийра.

ГIуран-беттан 28-чохь, официалан версица а догIуш, ГIалгIайчуьра ши ваша тIелеттера МВД-н белхахочунна, стажер хиллачу Джабраилов Мохьмадна. Йинчу уьрсан чевнех веллера иза, кхин а цхьа ницкъахо дарбан цIийне охьавиллира. ТIелеттарш хиллера ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а. И ший а вийра оцу меттигехь.

2021 шо

Израилан кхерамзаллин кхеташоно йуха а тептаре йаьккхира Нохчийчоь туристашна цига леста маьрша мохк бац аьлла. Царна жоп лучу Кадыровс хьийхира жуьгтийн пачхьалкхана "шайн бахархошна кхерамаш ма тийса бан а боцчу нохчийн террорхошца" аьлла. "ХIара терминаш, ша террорхойн кхерам а санна, Нохчийчоьнан республикехь актуалехь йоцу дукха хан йу. ТIемалой оха хIаллакбина", - элира регионан куьйгалхочо цхьа а бух боцуш йуха а.

Кадыровн феодалан раж мел йу, Нохчийчуьра терроризм эшалур йац

Кхул а ши бутт хьалха, 2021-чу шеран дечкен-баттахь, Кадыров Рамзана чIагIонаш йора, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш, тIемалойн тобанаш "хIаллакйичхьана" Нохчийчохь къайлах лела тобанаш хIаллакйина йу аьлла.

Мангал-баттахь Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь Путин Владимира дIахьедира, республика "Оьрсийчоьнан субъектех уггар а маьрша йолчех йу" аьлла. Ши кIира даьлча Соьлжа-ГIалахь керла тIелатар дира полицина, тIелеттарг вийра. Журналистийн хаамашца, Нохчийчуьра герзашца нисло конфликташ бахьана долуш, оцу шарахь мел лахара а 12 стаг вийра.

2022 шо

Кадыровс хIинца а олу республика "маьрша а, кхерамзалле а йу". ХIетте а, лахьан-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIали йуккъехь йуха а вийра меттигера вахархо, уьрсаца некъан полисхочунна тIелеттера иза бохура, цуьнгара тапча йаккха а гIерташ.

ТIелетарш дечу оцу хенахь Нохчийчуьра бакъоларйаран органийн 16 бутт а бацара, журналисташа хеттарш динчу аналитикаша дуьйзира и гIаттамхоша формат хийцарца – цуьнан декъашхойн йац хьуьнхахь блиндажаш а, каппаш а, могIарера нах санна лелаш хиларна уьш.

2023 шо

"Регионан территори тIехь терроран кхерам болуш цхьа а хIума дац. Кхочушбеш бу цхьа могIа барамаш, уьш ца хилийта хьажийна", - дIахьедира Кадыровс охан-баттахь Соьлжа-ГIалахь республикера ФСБ-н хьаькамца Кочнев Игорьца кхеташо хиллачул тIаьхьа.

Кхул а бутт хьалха Гуьмсехь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттира кIоштан полицин декъана тIе, гIали чу уьйзира спецназ, тIелетта боху шиъ вийра. Кадыровн критикаша бехира, и тIелатар шайггара кеп хIоттош дина хила тарло аьлла.

Радикализацина база

Нохчийчохь ницкъахоша "террорхой бу бохуш сурт хIиттадо", Москвана хьалха шайн штаташ а, алапаш а цхьа бух болуш оьцу ала, йа меттигера бахархой оцу хьоле балабо, уьш республикера полисхошна тIелетийта, бохура къоблайазчу Ичкерин Францера консула Албаков Шемала.

"Кадыровн рожера дерриг а санна, терроризмаца тIом бар а шалхаллаш тIехь а, бIостаналлаш тIехь а ду", - аьлла хета къамелдинчунна.

Хьалхо Къилбаседа Кавказехь болх беш хилла бакъоларйархо (шен цIе къайлайахьар дийхира цо Оьрсийчоьхь репрессин низамаш чIагIдарна) тIетов: 2010-чу шерашкара схьа дуьйна Нохчийчохь кхачам боллуш герзашца къайлах лела нах хIаллакбина бу, амма оцу заманчохь терроризмо шен формат хийцина, цундела царна оьшуш дац иттех гIаттамхо йукъахь волу гаранаш.

Кхел, таллам боцуш кадыровхой муьлхха а хIусаме баха йиш йолуш хилча, цигахь цхьа а низам а, бакъонаш а йац

"2000-чу шерашца дуьстича, Кадыров формалехь аьлча бакъ ву: сепаратистийн тобанаш тахана йоцуш йу ур-атталла Нохчийчоьнан лаьмнашкахь а. Оцу йукъанна ДаIишхой кхечу кепара лела. Цхьалха лелачийн, йа шиъ-кхоъ цхьаьна лелачийн акцеш йу хIорш. Терго йехьа, тIаьххьара Нохчийчохь хиллачуьнца арсаш дара лелош, республикехь герз карон хала доццушехь", - билгалдоккху бакъоларйархочо.

Цо бахарехь, Нохчийчохь а, йоллу Къилбаседа Кавказехь а хIинца а йолуш йу радикализацина леррина база. Кегийрхошна шайна кхиа перспективаш ца го, цундела дIабаха декхаре хуьлу уьш махкара болх лоьхуш, йукъараллина ца тов коррупци, ницкъахоша шайна луъарг деш хилар, ткъа официалан муфтийш а, имамаш а Кремлан политикехьа бу. Оцу доллчучо а кхуллу "къайлах" лела тобанаш – лаьмнашка ца оьху уьш, социалан машанашкара радикалан группашка боьрзу.

"Нохчийчуьра терроризм эшалур йац, харцонна тIехь кхоьллина Кадыровн феодалан раж мел йу", - дерзийра къамелдечо.

Кадыровс "терроримзана тIехь толам баккхарх" а, "дуьненахь а маьрша регион йу" бохуш ден дIахьедарш – Кремлан пропагандин дакъа ду. Делахь а и чIагIдарш ма-дарра долчуьнца догIуш дац, хIунда аьлча, шайна, нохчашна ца хета шаьш кхерамзаллехь ду аьлла, чIагIдо бакъоларйархочо, Бельгира "Европан машаран хIусам" организацин декъашхочо Газиева Фатимас.

"Нохчийчоь – уггар а кхераме регион йу, цигахь нах лечкъабо, адамаш хьийзадо, уьш бертаза Украинерчу тIаме хьийсабо, - кхетийра цо. – Кхел а, таллам а боцуш кадыровхой муьлхха а цIа чу баха йиш йолуш хилча, цигахь низам а дац, бакъонаш а йац. Оцу хьолехь хIун комментареш йийр йу?".

  • Кхарачой-Чергазийчохь охан-беттан 22-чу буса тIелатар дина вийра ши полисхо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин кхин а ши белхахочунна чевнаш йира.
  • Охан-беттан 11-чохь Нальчике чувуллучохь ФСБ-н спецназо вийра ши стаг: ницкъахоша дIахьедира "контртерроран операцих а, гIаттамхой хIаллакбарх а". Зазадокху-бутт болабелчхьана Кътлбаседа Кавказехь дIайаьхьначех кхоалгIа операци йу хIара – хьалхо гIалгIайн Карабулакехь вийра тероризмаца воьзна хилла аьллачу шеконашца йалх стаг, ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а лецира кхин а виъ. Регионехь ницкъахой жигарабовлар дуьххьалдIа доьзна ду, къайлхачу сервисийн куьйгаш даьстинчу "Крокус Сити Холлехь" хиллачу терактаца, бохура Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша а, эксперташа а.
  • Бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш. Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
  • Формалехь "контртерроран операци" йирзина Нохчийчохь 2009-чу шеран бIаьста. Делахь а, КТО-н Iалашонаш кхочушйан кхоьллина ницкъаллин структураша вовшах ца йехира йа хIетахь а, йа 2021-чу шарахь, Кадыров Рамзана республикера "гIаттамхойн тобанаш" йерриг а хIаллакйина аьлла, дIахьедича а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG