ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вахархо лаьцна 1995-чу шарахь Буденновскехь закъалтхой лецарца долчу гIуллакхехула


Russia -- Budennovsk hostage crisis. June 17, 1995.
Russia -- Budennovsk hostage crisis. June 17, 1995.

1995-чу шарахь Буденновскана тIелатар дарна гунахь ву аьлла Нохчийчуьра вахархо лацарх дIахьедина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Урхаллин хаамашца, иза Зоев Хьамзат ву, дийцарехь иза Басаев Шемал буьйралла дечу Ичкерин тIеман тобанехь хилла ву. Лаьцначунна бехкаш дехкина теракт йарна а, талораш лелорна а, закъалте нах лецарна а, уьш байъарна а.

Зоев дIалаьцна МВД-н а, ФСБ-н а белхалоша, карарчу хенахь цуьнца "тӀаьхьататта йиш йоцу талламан а, кхин долу процессуалан белхаш ду дIахьош", билгалдаьккхира Талламан комитетехь.

1995-чу шеран мангал-баттахь Басаевн тоба Буденновскана тIелетта закъалтхой лийцира, сихонца Нохчийчуьра тIом саца а бина, чуьра эскарш арадаха аьлла тIедожийра. Мангал-беттан 17-хь, шайн штурм чеккх ца йаьлча, дийцарш долийра. Премьер-министр Черномырдин Виктор цхьана декъана реза хилира шайга кховдийначу билламашца. Мангал-беттан 19-хь Басаевн тобано кхерам боцу некъ баьстира, Нохчийчу йуха баха автобусаш а йелира царна. Цаьрца 100 гергга закъалтхо а вара, шайлахь бакъонашларйархой а болуш, - тIаьхьо уьш берриш дIахийцира.

Официалан хаамашца, тIемалойн тIелатарехь а, оьрсийн леринчу тIеман-декъийн тIелатарехь верриг велларг вара 129 стаг, кхин а 415 адамана чевнаш йира. Дийцарш дIадахьар бахьана долуш цхьа эзар ах эзар стаг кIелхьара ваккха аьтто белира.

  • Кавказ.Реалии редакцино подкаст арахецна Буденновскехь йинчу терактех лаьцна – журналисто Голенкова Катяс пхеа шарахь бина таллам бу иза, доьазза Буденовске а йахана, тоьшаллашца интервью а йина, йукъелелачаьрца а, бакъонашларъярхошца а, эксперташца а цхьанакхеташ.
  • Оьрсийчоьнан низамашлардаран органаша сих-сиха чоьташ йо, Басаевн тобанехь хилла нах лецна бохуш, дукхачу хьолехь уьш бехке лору 2000-чу шарахь, республикехь шолгIа тIом боьдучу хенахь Пскован десантхошна тIелатар дина бу олий. Оцу гIуллакхехула дIалецначу нехан терахь, оцу тIамехь дакъалаьцначу Ичкерин тIемалойн терахьел а лакхара ду, билгалдаьккхира бакъоларъярхочо Черкасов Александара. Цхьаьна версица, десантникаш белла хила мега, шайн оьрсийн эскарша дина тIетохарш бахьана долуш.
  • Бакъонашларйархоша дIахьедира, Оьрсийчуьра дукхаха долучу "террорца" доьзначу бехктакхаман гIуллакхашна шайна тIекхочийла йац аьлла, цундела аьтто ца хуьлу дуьхьал даьхна гIуллакхаш мел нийса листина ду хьажа. Наггахь каракхочучу гIуллакхашка хьаьжча, дукхачу хьолехь юристашна низамаш дохийна а, харц бехкамаш бина а меттигаш карабо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG