Нохчийчуьрчу полицехь Iазап лайначийн дийцарш, ЯнгулбаевгIеран гергарнаш Украине хьовсор, Кадыров Ахьмадна леринчу Казахстанерчу хIолламашна тIелатар дар – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 23-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Нохчийчуьрчу полицехь Iазап лайначийн дийцарш
Нохчийчохь Iазапах чекхбевллачу наха "СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархошка дийцина, кадыровхоша шайгара нуьцкъаха кийтарлонаш йахарх, сийсазаллаш лелорах. ВорхI стеган къамел ду цара далийнарг, амма текстехь церан цIерш йохуш йац, цу нехан кхерамазалла ларйархьама. Лаьцначарна ток йеттара, Iункарнехьа хьалаухкура, садукъадора, психологин Iаткъам бора, бохуш дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу ЛГБТК+ наханна гIо деш йолчу цхьанакхетараллин хаамашкахь. Ницкъбарехь герз а, куьйгкIелахь болу гIирс а лелабора кадыровхоша.
Масала, зен хиллачех цхьамма дийцарехь, кадыровхоша Iункарнехьа хьалауллий, аьчкан ваба йеттара цуьнан хьоркашна тIе, йа полипропиленан биргIа йеттара настаршна. Цунна бевзачу божарийн зIенаш йоьхуш хиллера цара. ТIаккха шена цхьа а вевза аьлча, цунна видео гайтина хиллера, хьенехан бехкечу меттигашна тIехь къизаллаш лелош, – изза кхунна а дийр ду бохуш, кхерамаш а туьйсура цул тIаьхьа. И сурт шена гича, шен резахила дийзира ницкъахоша бохург дан, дийцина царах цхьамма.
Кадыровхоша хьийзийначех шолгIачо бахарехь, цуьнан когаш хи чохь долчу боги чу а дохкий, цIарца и хи дохдора, цу тIера йовха Iаь хIитталц. Цхьайолчу меттигашкахь тIера чкъор даьллера шен когашкара, пIелгаш, кIажош Iийжадора цул тIаьхьа а, бохуш дуьйцу къайлахчу набахтех чекхваьллачо. Шена йаахIума ца лора, йа набарна суй ца балора шега, кхин дIа шех хиндерг ца хууш, боху цо бакъоларйархойн текстехь.
Нохчийчохь ЛГБТК+ наханна тIехьбевлла леларх лаьцна дуьххьара дийцира 2017 шарахь "Новая газетин" талламехь. ХIетахь дуьйна зорбанаша масийттаза арахийцира Iедало хьийзийначу нехан дийцарш. Республикехь Iазап лайначу, йа оцу бахьанца байъинчу нехан баккъала долу терахь девзаш дац. Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2017 шарахь элира республикехь оцу наханна тIехьбевлла лела боху хаамаш "хабар йу". ТIаьххьарчу арахецарехь "СК SOS" кризисан тобано чIагIдо, "Iазапехь латтор – иза Нохчийчуьрчу ницкъахойн болх хилла дIахIоьттина" хиларх. РогIера адамийн бакъонаш хьешна бохучу хаамашна Соьлжа-ГIалахь реакци ца йина.
Милашинина Нохчийчохь йеттарх керла хаамаш
"Новая газето" арахецна Соьлжа-ГIалахь журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрана а динчу тIелатарна шаьш болийначу талламан хьалхара жамIаш. Дагадоуьйту, царна къиза йиттира товбеца-беттан 4-чу Iуьйранна, уьш Нохчийчоьнан коьртачу гIала Мусаева Заремина йечу кхеле догIучу хенахь. Дайначу шарахь кадыровхоша лачкъийна йолу вежарийн-оппозицихойн ЯнгулбаевгIеран нана йу Мусаева.
Милашинина хетарехь, тIелатар динарш бу Халидов Ясин лачкъийна болу нохчийн ницкъахой. Халидов – нохчийн МВД-н хилла белхахову, Украинерчу тIамехь дакъа а лаьцна, цигара йухавирзича, балхара дIавала лиънера цунна. Амма куьйгалло пурба ца делира и дан. Халидовн республикера вада дийзира, амма нохчийн оппозицин 1ADAT боламо цуьнан истори арахецначул тIаьхьа, иза лецира Казахстанаца долчу дозанехь. ХIетахь дуьйна цунах хилларг хууш дац.
2023 шарахь Халидовн истори арахийцира Милашина Еленас. И тешна йу, шена а, адвокатана Немовна а тIелатар цуьнца доьзна хиларх. Журналисто билгалдоккху, Немов а вара Халидов лоьхуш дакъа лоцуш, оцу хьокъехь цо МВД-га, ФСБ-га, прокуратуре, Росгвардига кехаташ хьежийна хиллера.
"Суна а, Немов Александрана а тIелетира, тхоьга Ясин ца лехийта. Амма цара хIинца дерриг дина, журналисташа лехна ца Iаш, иза адвокаташка, талламхошка а лехийта", – йаздира Милашинас шен артикл йерзош.
ЯнгулбаевгIеран гергарнаш Украине хьовсор
Лакхахь хьахийна болчу ЯнгулбаевгIеран вежарийн Нохчийчуьра виъ гергарастаг нуьцкъаха тIаме хьажийна. Уьш бу церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. Цунах лаьцна дийцина оппоцихойх воккхахволчо – Абубакара. Билггал бигинарш муьлш бу аьлла цо – цуьнан деваша Сайд-Ахьмад, кхо шича: Адам, Юсуп и Хьасан а.
Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарехь Янгулбаев Абубакара билгалдаьккхина, гергарнаш полицино цкъа дуьххьара лецира, тIаккха шина-кхаа денна уьш Iаморашка бохуьйту аьлла Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университете" хьажийра. ТIаккха тIаме а бахийтира. Билггал мичахь бу уьш хIинца, хууш дац. Абубакар тешна ву, шен гергарнаш шайн лаамехь оцу тIаме бахна цахиларх.
"Уьш Нохчийчуьрчу тIамна а дуьхьал бара, Гуьржийчуьчу а, Украинерчу тIемашна а – дуьхьал бара 2014-чу шарахь ГIирмана аннекси йарна а, Донбассерчу гибридан тIамна а, таханлерчу Украинерча тIамна дуьхьал а. ХIунда аьлча, уггар хьалха, цара шайна тIаьхьа лайна хилла Оьрсийчоьно [Нохчийчохь] дIахьош хилла болу тIом. Со цкъа а тешар вац, уьш шайн лаамехь цига [тIаме], бахна аьлча. Цул совнаха, оцу йерриг хенайуккъахь [2022-чу шарахь чугIоьртиначул тIаьхьа] уьш цига бахна а бацара, йа цунна ойла йеш а бацара. Муххале а, мобилизацех, эскаре кхайкхарх а кIелхьарабовла хьийзаш бара, тIамах кIелхьара бовла бахьанаш леладора цара. Амма кадыровхоша церан кехаташ шайгахь латтадора, оцу бахьанца Оьрсийчуьра дIабаха аьтто бацара церан. Суна луург – уьш сиха, дийна-могуш йухаберзар ду. Цара хаьржина бац тIом, уьш хьалха чекхбевла бу цунах, цундела царна цхьана а кепара оьшуш бац иза", – аьлла цо.
"СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархоша дIахьедира, нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсор кадыровхойн Нохчийчохь рогIера хIума ду. Оцу Iалашонца цхьацца бахьанашца республикера нах лечкъабо, бехктакхаман гIуллакхаш гIитторца, Iазапехь латторца кхерамаш туьйсу.
Дайначу шеран бIаьста хиира, дозанал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеран Халитов Хьасанан цхьаволу ваша нуьцкъаха фронте хьажийна хиларх. Товбеца-беттан чакхенгахь кадыровхойн тобанан декъехь Украине вигира ичкерихойн политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант. Баккъала а долчу тIеман тийсдаларшкахь дакъалоцуш буй Кадыровн критикийн гергарнаш, хууш дац.
Соьлжа-ГIалахь дIахьедеш ма-хиллара, Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь чугIоьртичхьана, цигарчу тIаме Нохчийчуьра 29 эзар эскархо хьажийна, царах 13 эзар – йерриг Оьрсийчухула гулош болу шайх лаамхой олурш бу. И терахьаш хазийра Кадыровца хиллачу кхеташонехь меттигерчу парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада – иза ву регионера эскархой тIаме хьийсорна жоьпаллехь.
Кадыров Ахьмадан Казахстанера хIоллам бохор
Нохчийчоьнан таханалерчу куьйгалхочун дена, республикан Оьрсийчоьнгхьа хиллачу волу президентана Кадыров Ахьмадна лерина болу иэсан хIоллам бохийна Казахстанерчу Малая Сарань эвлахь бевзаш боцчу наха. Оцу эвларчу кхин а цхьана хIолламна тIехь шинна а агIора "йамартхо" дешнаш йаздина баллонехь долчу басарца.
1ADAT оппозицин телеграм-канало оцу тIелатарийн ши видео арахийцира. Буьйсанна йаьхначу видеошкахь гуш ду, авторша телефонан согар латабой, йуххера гойту и хIоллам, тIаккха цхьаверг варзап йетта волало цунна тIе. Кадыров Ахьмад жималлехь Iийна хIусам лаьттинчохь бу и хIоллам. Видео йаьккхинчу нехан йаьххьаш йац гуш, йа церан аьзнаш ца хеза. Соьлжа-ГIалахь цхьанна кепара комментари ца йира хиллачунна.
Казастанерчу полицино Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь бакъду элира эвлахь хилларг, амма ца дийцира таллам болах лаьцна оцу хьокъехь. Масхьокху-беттан 5-чу буса хилла ду бохура и ший а.
Кадыров Ахьмад вина меттиг йу Малая Сарань – цунна лерина хIоллам хIоттийнера 2012 шеран марсхьокху-баттахь. 1990-гIа шерашкахь шен йозуш цахилар дIакхайкхийначу Ичкерин муфтий вара Кадыров, тIаккха Оьрсийчоьнан агIо лецира цо. 2004 шеран стигалкъекъа-беттан 9-хь Кадыров Ахьмад Соьлжа-ГIаларчу стадионехь эккхийтира.
Маршонан къийсамна йамартваьлла хета Кадыров Ахьмад Ичкерин агIончашна. Оьрсийчоьнан Iедалан пропагандин васт санна лелайо Нохчийчохь цуьнан цIе. Иштта цуьнан цIерш техкина цигахь урамашна, футболан тобанна, аэропортна, тIеман дакъошна – хIара данне а дац дуьззина тептар. Оцу бахьанца Кадыров Ахьмадан культ кхолларх дIахьедо Нохчийчуьрчу рожан критикаша
Нохчийн тутмакхашна тIехь ницкъбар
Ульяновскерчу набахтехь хенаш токхуш болчу Нохчийчуьра, Дагестанера виъ тутмакхо, Узбекистанерчу цхьамма а дIахьедина, набахтин белхахоша шайна тIехь ницкъбарх, динца доьзна сийсазаллаш шайца лелорах а. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина бакъоларйаран "Гражданское содействие" проектехь – оцу нехан гергарчу наха орца дехна хиллера цаьрга.
Ницкъбарца кхерамаш туьйсуш, коьртара месаш йахийтарх, йерриг маж дIайаккхийтарх дийцина кхаа тутмакхо. Шайн дино ма-бохху, мажан цхьа дакъа а цаьрга ца дитийта, цигарчу белхахоша месаш йохучу гIирсана тIейохкурш кегйина хиллера. Цхьаволу тутмакх йерриг месаш дIайаха дуьхьал хилча, ФСИН-н белхахочо цунна йиттина хиллера. Цо лелочунна дуьхьало йеш, шогачу кепехь ирбина сара Iоьттина хиллера цо шена пIендаршна йукъа. Операци йан дийзира цунна.
Дарбан цIийнера йухавирзича тутмакхна йуха а йиттира, цуьнан хIуманаш схьайехира, цо лелочу динна тIехула маьттаза къамелаш дира, бехктакхаман гIуллакх тIекхолларца кхерамаш тийсира.
Цигарчу УФСИН-н хьукматана хьалха а бора латкъамаш, дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашна гIо латточу программин координатор волчу Титиев Оюба. Чохь латточу наха дийцарехь, цаьргара ламазан кузнаш, КъурIанаш схьадохура, леррина церан кхачана йукъа хьакхин жижиг тоссура, мацаллица цаьрга дин лелор сацадайта гIерташ.
РогIера бахказабийлийтар
Нохчийчоьнан гIишлош йоттаран министро Зайпулаев Муслима йуьхьйаьхна камерина хьалха меттигерчу йахархочун Соцкова Маринин, цо хьалайуттучу аэропортана критика йеш йаьккхинчу видео бахьанехь. Цунах лаьцна видео гайтина шен агIонашкахь меттигерчу телехьожийло.
Аэропортера схьайогIучу биргIашкахула химин боьхаллаш охьахоьцур йу бохуш, шен кхерамех лаьцна дуьйцуш йара цо социалан машанашка хIоттийна видео. Шен кIоштарчу Iаламна зен дийр ду цо, бохуш шек йара иза. Цуьнца цхьанакхийтира Зайпулаев, – Iаламна зен хила кхерам бац элира цо.
ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан белхахочо дIахьедира, регион, цо бахарехь, дуккха а шерашкахь цIаналла къовсуш пачхьалкхо хIитточу рейтингашкахь хьалхарчу могIаршкахь йу, ткъа Соьлжа-ГIалин йахархочун шек хилар "исбаьхьаллин туьйра ду" бохура.
Къилбаседа Кавказера бехказбийлийтаран практика Нохчийчохь йолайелла йу. Меттигерчу телехьожийлехь, хьаькамийн агIонашкахь сих-сиха гучуйуьйлу бехк цабиллар доьхуьйту видеош.