ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн диверсанташ, йийсаре кхаьчна "ахматхо", Кадыровн йишин кIентан Danone. КIиранан жамIаш


Украинерчу тIамехь бу Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь йолчу ницкъаллин хьукматийн эскархой. Гайтаман сурт
Украинерчу тIамехь бу Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь йолчу ницкъаллин хьукматийн эскархой. Гайтаман сурт

Белгородан махкара нохчийн диверсанташ, "Ахматан" эскархо Бахмутан гергахь йийсаре кхачар, "Данон" компанин Оьрсийчуьра дакъа Кадыровн йишин кИентан карадалар – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион 20-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Белгородан махкахь нохчаша йина диверси

Украинехьа тIемаш бечу нохчаша диверсин операци дIайаьхьна Белгородан кIоштахь – цигахь герз диттира цара эскархойн машенна, шиъ оьрсийн салти вуьйш. ТIечIагIбазчу хаамашца, иза товбеца-беттан 15-хь хилла Белгородан мехкан Середа эвлахь.

Украинан интернационалан легионан йукъарчу Къастинчу леррина Iалашонаш кхочушйечу батальоно (ОБОН) йинера диверси, аьлла дийцира хьалхо. Амма тIаьхьо билгалделира, Шишани Iабдул-Хьаким цIарца дика вевзачу, Шемахь хиллачу нохчийн тобанан экс-буьйранчо Ажиев Рустама куьйгалла дечу "Борз" полко вовшахтоьхна хилар и рейд.

Оцу операцин видео гучуйелира социалан машанашкахь. Цуьнца а догIуш, масех иттаннашкахь диверсанташ дуьхьало а йоцуш Оьрсийчоьнан дозана тIехула боьлхуш бу, цул тIаьхьа "Z" элпаца билгало йинчу салтийн машенна тIелета уьш. ТIаккха ма-йоггIура диттах а кхетий, соцу машен, цул тIаьхьа а цунна тIе герз детта тIемалоша. Украинан талларан Коьртачу урхалло зорбане йаьккхира и видео. Цара ца дийцира, мичахь, муьлхачу Iалашонца динера и тIелатар. Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматаша комментари ца йина шайн машенна герз деттарх, эскархой хIаллакбарх болчу хаамашна а.

Тидаме ду, Ичкерин хьалханчийн воIарша рейдехь дакъалаьцна хилар. Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан кIант Закаев Шемала а, 2001-чу шарахь вийначу Ичкерин тIемалойн командиран Бараев Iаьрбин кIанта Бараев Фатхьис а. The Insider зорбанан журналисташна вевзина Закаев Шемал а, Бараев Фатхьи а. Закаев Ахьмадан жимахволчу кIанта, Закаев Наиба, бакъдина видео тIехь и шиъ ву аьлла.

Цо иштта дийцина, Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа шен ваша Шемал Украинан агIор тIама йукъа а вахна, Ичкерин структурера арахьарчу талламхойн департаментехь гIуллакх деш ву аьлла. Нохчийн полкан аьтто хиллера ма-боггIура Белгородан махка кхача – амма хьалхо чIагIдора, кадыровхоша украинхойн дозанца йолу позицеш дIалецира, уьш "чIагIйархьама" бохуш. Амма диверсихошна цхьамма а дуьхьало ца йира.

Бахмутна гергахь йийсаре кхаьчна "Ахматан" эскархо

Бахмутна гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дIахьедина, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Царна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Алаудинов Аптис куьйгалл ден "Ахмат" спецназ " Бахмутан чолхечу агIор" дехьайаккхарх йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана товбеца-беттан йуьххьехь.

Медведнике хеттарш деш видео йаржийна "Русь Сидящая" йукъараллин организацино. Йийсархочо дуьйцу, Бахмутан агIор тIемаш беш нохчийн "Ахмат-Север" а, "Ахмат-Юг" а дакъош ду бохуш. Оцу йукъанна, эскархочо бахарехь, цуьнан декъа йукъахь тIеман хьалхарчу позицешкахь вара 51 стаг, царех йалх вара Нохчийчуьра, кхин цхьаъ – ГIалгIайчуьра.

ТIемаш бечу "Ахматан" контрактникашна, Медведника дийцарехь, 52 шо хьалха арахецна шира Калашниковн автоматаш йелира, ткъа тылехь болчу кадыровхошна кху заманан ЛК-12 герз декънера. Йийсархочо чIагIдарехь, церан тIеман дакъа кечамах чекхдаьккхина дац, эххар а цу тобанара ах эскархой бевдира, бисинарш байна лоруш бу.

Кавказ.Реалиин сайте "Русь Сидящая" боламо дийцарца, Ростов гIалахь киранчан болх беш хилла ву Медведник Сергей, амма стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьра цуьнан доттагIчо динчу хьехарца балхара дIа а ваьлла, "Ахмате" хIоьттира иза. Вукхо дийцинера кхунна, Донецкехь ву ша, баттахь ши бIе эзар гергга сом алапах шен командиран хадархо ву ша аьлла. ТIемашкахь дакъа ца лоцу ша аьлла хиллера цо. Атта ахча даккха реза хилла Медведник марсхьокху-беттан 26-чохь шен чоьтах оккупаци йинчу Донецке кхечира.

Бакъоларйаран организацин информацица, мангал-беттан 30-чохь Медведник, Нохчийчоьнца цхьа а гIуллакх доцу кхин а кхаа эскархочуьнца Луганскера тIеман комендатуре валийнера. Цигахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт дира цара йалх баттана. Цхьаьна гIуллакх дечара барзакъ делира кхарна, цул тIаьхьа автоматаш а йелира, патармийн кхоккха гIутакх а, тIаккха тIаме хьовсийра Бахмутна гергарчу Клещеевка эвлана гергга. Ши кIира даьлча йийсаре вахара Медведник, товбеца-беттан 13-чохь.

Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира товбеца-беттан 9-чохь, "тIаьххьарчу деношкахь дукха йийцинчу" Клещеевкин кIошта "Ахматан" эскархой хьовсор бу аьлла. Кадыровс бахарехь, нохчийн батальонаш Оьрсийчоьнан буьйранчийн сацамца дехьайаьхна йу.

ТIепаза вайна Халидов Ясин лехар

Нохчийчуьра Шела кIоштан прокуратуро хаамбина, Оьрсийчуьра Казахстане дехьаволучу заманчохь лаьцна 20 шо долу полисхо хилла Халидов Ясин меттигерчу полицин декъехь вац аьлла. Адвокатана Немов Александрна деллачу жоьпехь йаздина ду иштта. Оцу МВД-н декъе иза дIавуьгуш хиларх дIахьедира, иза лацарх дуьххьара хаам бинчу "Новая газето".

"Низам дохош хIуманаш лелийна аьллачу шеконашца Шела-кIоштара полицин декъе валийна вац Халидов, вац иза лаьцначарлахь а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралин Шела-кIоштара декъехь Халидовн хьокъехь процессуалан а, йа административан а башхаллехь таллам бина бац", - аьлла ду, прокуроран декхарш кхочушдечу Маусаровс куьгйаздинчу жоьпехь.

Иштта Росгвардин кхерамзаллин коьртачу урхалло даийтинчу кехата тIехь йаздина а ду, Халидов зазадокху-беттан 15-чохь цуьнан шен лаамца дIаваьккхина вара аьлла. Омскан кIоштара ФСБ-н талламчийн урхалло дIахьедина шайн жоьпехь, Халидов Ясин гучу а ваьлла, регионера Исилькульскан кIоштара МВД-н декъе дIавеллера аьлла. Иза лацарх кхин болу хаамаш буьйцуш бац.

Зазадоккху-баттахь Халидовс 1ADAT боламе Оьрсийчуьра араволуш гIо де аьлла дехар дина хиллера. Кадыровхоша меттигера бахархой Iазапехь латторах лаьцна информациги цуьнгара шайга схьакхаьчначул тIаьхьа, 1ADAT боламо цуьнца йолу зIе хадийра. ТIаьххьаре а Халидов Оьрсийчохь воллушехь нахаладаьккхира цо шайга охьадийцинарг. ХIетахь дуьйна тIепаза вайна жимстаг.

Danone компанин Оьрсийчуьра дакъа – Кадыровн йишин кIантана

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишин кIанта, махкара йуьртбахаман министраллин хьаькама Закриев Якъуба урхалла дийр ду "Данон Россия" компанин, Оьрсийчоьнан бахаман министраллин урхалле иза дIайеллачул тIаьхьа.

Оьрсийчуьра францхойн Danone концернан акцеш "цхьана ханна урхалла дан" Оьрсийчоьнан бахаман министралле дIалуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира товбеца-беттан 16-чохь куьгйаздинчул тIаьхьа хIоттийна ву иза. Ма-дарра аьлча, билгалдоккху The Bell хьосто, компанина национализаци йар ду дуьйцург. Ресурсан хьасташа чIагIдо, "Нохчийчохь интерес йерш бу" Danone компанин активашна национализаци йарна.

Закриев Якъуб (ИбрахIим) – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йишин Кадырова Зулайн кIант ву. 2018-чу шарахь шен 27 шо долчу хенахь Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра иза, пачхьалкхера гIаланашкахь уггар а къона урхалхо вара иза. Шина шарахь оцу даржехь а Iийна, 2020-чу шеран чиллин -баттахь Закриевна керла дарж делира – мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхо хIоттийра иза. Оццу шеран лахьан-баттахь министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс вира цунах, иштта йуьртбахаман министр а.

"Къурд алийтар" стенна леладо дийцина Нохчийчохь

Нахана хьалха стаг дIа а хIоттийна, цуьнга гечдар дехийтар халкъан ламасташца доьзна ду аьлла Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин министро Дудаев Ахьмада. Цунах лаьцна пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь дIахьедина цо.

"Цхьаболчара бехкаш доху тхоьгара, нохчашлахь тоххара хилла дац иштаниг бохуш. Амма, хууш ма-хиллара, вайн даим а хилла ду: нагахь оцу стагера вониг даьллехь, церан тайп-тукхам, йоллу йурт гуллуш хилла, дукха хьолахь, маьждигехь. Цигахь дIакхайкхош хилла, хьенехан минехо хIара-важа дина олий…И бохург ду, оцу кепара ламаст хилла хилар", - далийна Дудаевн дешнаш "Грозный-информ" сайто.

Министрана хетарехь, массарна хьалха дIахIоттийна, гечдар дехийтар "пайден" ду, цо ма- аллара, махкара арабевлла, нохчийн гIиллакхийн гурашкара бовлучу кегийрхошка диллича. Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кестагучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепртажаш.

Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Камерана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу элира нохчийн вице-премьеро Умаров Джамбулата а. И практика йерриг Оьрсийчохь йаржо йеза бохура цо.

Кадыровн дезертир

"Бандера" цIарца Украинан пачхьалкх Iалашйеш лелла, цул тIаьхьа Нохчийчу йухавирзина, Кадыров Рамзанан режимна тIетайна Джамбетов Хьусейн дезертир лерина Украинан кхерамзаллин Урхалло. Цунах лаьцна дуьйцу Коьртачу талламан урхаллин куьйгалхочун гIовсан Буряк Александран жоьпехь. Цуьнца догIу жоп дехар чуделла Нохчийн Ичкерия республикин коьртачу прокуроран декхарш кхочушдечу Багашев Iимрана. Джамбетовн исторех лаьцна дуьйцу нохчийн блогер волчу Белокиев Ислама:

"Дукха нах Іадийнера Джамбетовс тешнабехк баро. Билггал Орсийчонна духьал. Украинехь тIом бийраш, хIунда алча, царна уллохь хилла стаг ву иза. Цо шена бевза нах охабийца кхерам лаьттара, иза дан а дира цо тIаьххьаре а. Кадыровна оышуш бу дера оцу кепара нах. Дагчохь шеконаш йолу нах кхин а шеконашка боху оцу гIуллакхо. Цул сов, шен ма-хуллу пропагандехь лелаво Кадыровс Джамбетов".

Документехь билгалдоккху, Бахмутан кIоштара (Донецкан кIошт) украинхойн тIеман ницкъаша куп тоьхна хилла меттиг Джабетовс шен лаамехь дIатесна хилар. Цул совнах, СБУ-но толлуш ду Кадыровгахьа дехьаваьлларг гунахь вуй украинхой байарна, мел герга вара иза къайленан информацина а.

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада Кавказ.Реалиин сайтана дийцарехь, Джамбетов Ичкерин тIеман ницкъашна йукъара воккхуш омрана куьйгйаздира цо 2022-чу шеран гIуран-беттан йуьххьехь. ХIетахь дуьйна цхьана а агIор оцу батальонаца йукъаметтиг йолуш вац иза.

Стохка Джамбетов Хьусейн тIаме хIоьттира Украинехьа, 50 оьрсийн салтий вен а вийна, шен доьзал болчу Бельги йухаверза Iалашо йу шен бохура цо. Марсхьокху-баттахь официалехь дIакхайкхийра цо, ша Нохчийн Ичкерия республикин Украинан Арахьарчу Легионан декъехь йолчу Къаьстинчу батальонан майор ву, информацин-аналитикан декъан хьаькам а ву аьлла.

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь гучувелира Джамбетов – иза республике йухаваханера, Кадыров Рамзанан рожах воккхавуьйш хилар дIа а хоуьйтуш. ХIетахь Джамбетовс дийцира, тIамехь масех украинхо вийра ша, лаза а вира "ахматхой" сийсазбарна. Республикехь муьлхачу хьелашкахь вехаш ву дехьаваьлларг хууш дац- цкъачунна цхьана а кепара дарж цуьнга кховдийна дац.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG