Американ Мэриленд штатехь бехкбиллина бехккъасторхойн йоккхачу жюрино Нохчийчуьра вахархочунна Стигал Аминна Украинан а, цуьнан йукъархойн-пачхьалкхийн, иштта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, IT-системаш йаста Iалашонца барт барна. ЧIагIдо, 22 шо долу хакер Оьрсийчоьнан тIеман иччархошца йукъахь лелаш хилла бохуш, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.
Соьлжа-ГIалахь винчу Стигална бехкаш дехкина иза 10 миллион гергга долларшкахь ахча лур ду аьлла. ФБР-н хаамехь билгалдаьккхина, хакерна оьрсийн, ингалсан, Iарбойн меттанаш хууш хилар, цуьнан "Дагестанехь уьйраш хилар" а. Доккхачу декъана, йиллинчу хьасташкахь Кавказ.Реалии сайтана Стигалан йу боху агIо карийна (цIе а, хан а йогIуш йу) "Сан дуьне" сайтехь, вехаш волу гIала билгалйаьккхина цигахь Хасавюрт аьлла.
Кхелан кехаташца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Стигал а, ГРУ-н белхахой а берта бахана хилла зенаш ден WhisperGate программа украинхойн пачхьалкхан организацийн иттаннашкахь компьютерийн системашкахь йаржон америкахойн компанин хьаштех пайдаэца Iалашонца. Америкахойн юстицин министраллин сайтехь дийцарца, вирусо ша хIума йаккхагӀерта программа йу моттуьйтуш хилла, ма-дарра аьлча, и кхоьллина хилла информацеш хIаллакйан.
ТIелетаран Iалашонашлахь хилла масех украинхойн министралла, пачхьалкхан казначейство, пачхьалкхан хьелаш хIиттон сайт а.
Стигал бехкевен украинхойн IT-системашна тIелатар хиллера 2022-чу шеран дечкен-беттан 14-чохь. ТIелеттера уьш Украинан Iедалан а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин а, спортан, энергетикан, агрополитикан, ветеранийн гIуллакхашкахула йолчу министраллин а сайташна а, ишта пачхьалкхан казначействона а, пачхьалкхан хьлаш хIитточу сайтана.
Йаьстинчу сайтийн дакъошкахь оьрсийн, украинхойн, полшхойн меттанашкахь кхайкхам бира, украинхойн бахархойх информаци лачкъийна, машанехь йаржийна аьлла. "Йоллу шух лаьцна информаци нахала йаьлла, кхера, доьхначуьнга ладегIа", - аьлла дара текстехь. СБУ-хь хIетахь дIахьедира, нахах лаьцна хаамаш лачкъийна бацара, инфраструктурина тIелеттачу программо къола ца динера, информаци хIаллакйинера аьлла.
- Стохка стигалкъекъа-баттахь Ростов-на-Дону гIалахь таIзар дира меттигерчу вахархочунна Котиков Евгенийна, Оьрсийчоьнан урхаллашна, шайлахь тIеман министралла а, президентан администраци а йолуш, хакерийн тIелетарш дарна. КIоштан кхело колонихь даккха кхо шо туьйхира цунна, иштта 800 эзар сом гIуда а тоьхнераю
- Стохка аьхка Оьрсийчоьнан масех регионийн эфирашкахь, Краснодаран, Ростовн кIошташ йукъахь а йолуш, кхайкхамбира Украинан агIор тIемаш бечу "Оьрсийчоьнна Маршо" лиге. 2022-чу шарахь Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIом болийначул тIаьхьа дина иза дуьххьара Къилбан радиостанцеш йохор дацара. Кавказ.Реалии сайто къастийра, хьенан, муха ка йаьлла хир йу эфире бовла, оцу кепарчу трансляцеша бахархошна хIун хоьтуьйту а.