Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс журналисташца денна хуьлучу брифингехь дахьедина, Кремлехь хууш дац Нижний Новгородехь федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин хусамнана Мусаева Зарема лачкъорах лаьцна.
"Федералан суьдхочун зуда Нижний Новгородехь лачкъорах ма-дарра хууш дац Кремлна, цунах йа теша а ца лаьа",- жоп делла Песковс "Эхо Москвы" радиостанцино деллачу хаттарна.
Де хьалха суьйранна нохчийн полисхой ду шаьш аьллачу наха Нижний Новогородерчу федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, адвокатна а, суьдхочунна а, цуьнан йоIана а, хIусамнанна а тIе йиттина хилла. Цул тIаьхьа диабет а, коронавирус а йолу Мусаева Зарема бертаза машена хаийна, гIаличуьра арабевлла уьш.
"Новая газета" яздарехь, Янгулбаева Зарема бертаза нохчийн полисхойн каралуш гIо дина Нижегородскан полицино а, Нижний Новгородерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 7-чу декъо а. Хиллачуьнца доьзна Нижний Новогородерчу ФСБ-н урхалле бевлира журналисташ. Шен цIе яккха ца лиинчу белхахочо "иштаниг хуьлийла дац" аьлла, дIахьедира.
Хьалхо полисхоша лаьцнера ЯнгулбаевгIеран к1ант - бакъоларъярхо, Къилбаседа-Кавкаpерчу "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан" офисехь болх беш хилла Янгулбаев Абубакар. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцинера, Нохчийчохь шен гергарнаш полисхоша дIабигарх