Оьрсийчоьнан юкъарчу терахьашца дуьстича, кхузза дукха нах ле Нохчийчуьрчу некъахьовзамашкахь
Машенца дIасавоьдуш Нохчийчохь лазийначу 100 стагах леш ву, статистико чIагIдарехь, 22. Ишта довзийтина хьал деношкахь Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан гIовсо Попков Валерийс.
"ГIебарта-Балкхаройчохь лахаро ду и терахь – 18 стаг бIенна юкъахь, амма уьш а ма дуй сов дукха баларш. ГIалгайчохь – 14. Дагестанехь – 12", - билгалдаьккхина Путинан векалан гIовсо.
Ерриг а Оьрсийчохь некъахьовзамашкахь лазийначу 100% нахах леш бу 11,2%. Ткъа Къилбаседа Кавказерчу баларийн юкъара терахь 7,8% ду.
Оццул дукха баларш стенна нисло регионерчу некъаш тIехь?
Эксперташна гарехь, доккхачу декъанна бехке бу машенийн долахой – машенаш тIех чехка хоьхку, шайн йоцчу асанашна тIебовлу, хьалха йоьдучу машенца интервал ца ларйо, доьхканашца къовла ца луш лела. Пачхьалкх бехкенна а ду цхьадолу баларш – вон некъаш.
"Кавказ.Реалиица" къамелдеш Дагестанерчу машенлелорхоша билгалдаьккхира кхин а цхьа бахьана - машенашца чехкалла къийсар, шел хьалха йоьду машен тIаьхьайита лууш хIора шолгIаниг хьийзар, "адреаналин совдалар", "Iовдалалла гайтархьама, хьовсал, со мел тIахъаьлла ву" дIагайта гIертар.
Кегийрхой хилла а ца Iа машенца "хьунар гайта" хьаьгначаралахь.
Нохчийчуьрчу вахархочо дийцира "Кавказ.Реалиига" дукха хан йоццуш шена дайнарг. Цхьа хьаькам шен машенца хьалхаваьлла кхечу хьаькамал, вукхунна ца тайна иза. "Харцо" цалайначу Iедалхочо, хаьхкина, хьалхатесна шен "дин". ТIаьххьара а сецна ший а, охьавоьссина машенашкара. Дов генадаьлла. Цхьаъ царех хилла Веданан кIоштан префект. Хадархой а леташ, буй-тIара йина довхоша. Мехкан куьйгалхочуьнга Кадыровга а даьлла хилларг, цо шена тIекхайкхина ши довхо. Диканца йирзина инцидент – Кадыровс, дов а дина, балхах ца вохош витина ший а.
Бакъду, воккха хьаькам некъахьовзамехь нах байича а вуьту бехках мукъа. Ишта нисделла Кадыровна хадечу "Быстрыйн" ("Чехканиг") шичица, Шелан кIоштан куьйгалхочуьнца Ибрагимов Турпал-Iелица.
Сиха йогIучу цуьнан "Mercedes" кIел нисбелира "Жигулица" Устрада-ГIалин агIор Соьлжа-ГIалина чубулуш богIу къона доьзал 2018-чу шеран ГIура-беттан 4-чу дийнахь, циггахь делира нана а, бер а, да дIавелира тIаьхьо, дарбан цIийнехь.
Юкъаралло тидаме ийцира хилларг. Нохчийчуьра Iедал дехха Iийра ша дан догIург ца деш. Юьхьанца даржийра, Ибрагимов хилла вац машен юьгуш аьлла. Машенца цуьнан маьхча хилла, бохура полицино юьхьанца. Амма беттан 13-чу дийнахь Iедалан цхьана сайто яржийра беллачийн гергарчара Шелан кIоштан куьйгалхо чIирах мукъавуьтуш къамелден видео. Веллачу машенлелорхочун дас Ибрагимов даржера дIа ца ваккхар доьхура Iедале. Юьхьанца телевизионашкахула гойтуш а воцу Ибрагимов и дехар даржийначул тIаьхьа гайта волийра Кадыровна уллехь.
МогIарачу бахархошна, некъахьовзамна уьш бехке хилча, ца бо Iедало Ибрагимовна бина къинхетам. 29 шо долчу Джамбеков Муслимна дика хиина иза. Бахначу баттахь жимачу стага Москох "Mercedes-ца" воьдуш йийра "Нива" машенца хилла цигара яхархо а, цуьнан йоI а. Джамбеков, ведда, Нохчийчу вахара. "Хьайн къам, тайп юьхьIаьржа а ца хIоттош", миччахь а велахь а, тIегIо полицина", элира цуьнга Кадыровс. Зен хиллачу доьзалан дена Романенко Романна кховдийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо керла "Нива".
Ала дашна, бутт баьлла Кадыровс и къамел дина, амма дIакхаьчна яц Романенкога машен.