ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гарехь, Думин депутаташ тоххара дIабахана шайн ярташкара"


Гимры юрт, Дагестан
Гимры юрт, Дагестан

Яртийн урхаллах долу федералан низам хийцаре догдоху Дагестанехь

Махкарчу бахархоша даийтина 795 арз листина Дагестанан парламенто 2019-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь, хаамбо Халкъан Кхеташонан сайто. Оцу аьрзнех дукхахдерш наха кхехьийтина шайн-шайн яртийн куьйгалхошка, ткъа цара уьш парламенте хьийсийна. Хьаькамаша, я лахарчара а, я лакхарчара а, шайна хоуьйтуш хIума а доцуш, Iедалан хьукматашкахула дIасалестадо шаьш кхоьхьуьйту кехаташ, боху резабоцчу бахархоша. Протест кхуллург ду, цхьана декъанна, федералан 131-гIа низам – ярташа шаьш лаха деза шайна напха, боху цо.

Акъушан кIоштарчу Балхар юьртан дас Абакаров Iабдулжалила, Оьрсийчоьнна низамаш кхуллу нах дагабовлуш хила беза яртийн куьйгалхойх, боху.

" Гарехь, Думин депутаташ тоххара дIабахана шайн ярташкара. Цундела ца евза царна тхуна дуьхьал юьйлу халонаш", - элира Iабдулжалила Дагестанерчу халкъан бахаман университетехь, республикан экономика кхиор дийцаредечу барамехь.

Яртийн куьйгалхой реза бац федералан № 131 низамна. Хьалха Дагестанан ярташа кхача латтабора махкарчу гIаланашна. Ткъа дукха хан йоццуш 131-чу низамна тIеязйинчу артиклаша бахарехь, ярташ декхаре яц гIаланашка сурсаташ хьийсо, иштта гIаланаш а яц ярташ кхаба декхаре. Оцу экономикан кепо, аьлча а , цхьа а кеп яцаро, дехьа-сехьа лелаш ахча дацаро дакъазйоху, къоьлле юьгу ярташ.

Шьаш шайна рицкъ кхолла таро яц яртийн, боху Абакаровс. Цо куьйгалдечу Балхаран администрацин шеран бюджет 3,2 миллион сом ю. Оцу ахчанах 90% хьажош ду юьртан администрацин болх дIакхехьа а, юьртара Iедалан хьукматаш кхаба а.

ГIайгIанаш бу бахка меттиг йоцуш дукха. Колхозаш йоьхна, кIошташа ца кхуллу цхьа а хIума, ца охуш, ца дуьйш лаьтта 80% латтанаш. Балхарехь веха аьлла язвина ву 1100 стаг, ткъа баккъал а цигахь вехарг вац 350 бен. Лелон дог хилча а яц балхархойн латта лело йиш – лаьмнашкахь ю юрт, кIезиг ду ден латта, ткъа долуш дерг а 50-60 шарахь тIеетташ лаьттинчу химикаташа хIаллакдина.

"Ас, масала, 8 гали картол йоь, схьа а охку гурахь 8 гали. Муха байта беза оццул вон лаьтта тIехь нахе болх, муха ваха веза стаг юьртахь? Напха тIедаре хьежар эрна ду. ГIуллакх ишта дIадодахь, юьрт доьза йовр ю", - леткъа Абакаров.

Оцу хьокъехь аьлча, махкара базарш яьхна бу стоьмаш а, хасстоьмаш а – амма бу уьш кхечу пачхьалкхашкара беана. Шен Дагестанан юьртабахамхой дан хIума а доцуш беха. Цундела арахеца деза ломарчу кIошташна лерина, церан хьелашца дуьстина низамаш. "ХIара Краснодаран я Ставрополан мохк ма бац", - дуьйцу Абакаровс.

Кхийра пхьерийн юрт ю Балхар туристашна а, махкарчу туризман министраллина гергахь, амма оцу министралло а дац юьртана деш гIо.

"Кхин гIо ца дахь, туристаш тхоьга тIеэцийта-х, хьешан цIа дуттуш гIо дан-х мегар ма дарий, объект аукционе а йиллина", - элира Iабдулжалила.

Тидам тIебохуьйту цо кхин а цхьана хIуманна. 2012-чу шарахь тIеэцначу бажа, жа дажорах йолчу бакъонашнашца къастонза дитина низам талхийначунна догIу таIзар я тоха деза гIуда, ца хьахийна долахочо юьртанна яла еза ял а. Масала, хьеннан а йиш ю, эзар бежана а эцна, нехан юьрта а вахана, паргIат уьш дажон. Ткъа юьртден бакъо яц я ял яккха а, я кхайкханза веана хьаша дежийлашна тIера дIаваккха.

Цхьайолу ярташ гена ю кIоштан центрна. Балхарера Акъуше кхача ю, ала дашна, 50 чаккхарма гергга. Ткъа ламанхой цига лела беза тоьках ахча дIадала а, цхьацца оьшу кехат Iедале деха а.

Абакаровс дуьйцучунна тIетов Кубачи юьртан да лаьттина Куртаев Расул, "бухера дуьйна хийца деза" 131-ра низам, аьлла хета цунна.

"Муниципалитетехьа дац иза. Ял гулъяр хьахийна а дац. Дукха хIума дан дезаш дуьсу юьртан шен таронашца", - элира Куртаевс "Кавказ.Реалиига".

Ткъа дотацеш а йоцуш, муха шен ницкъ дебон беза юьрто, дац къастийна, нехан бахамний, латтанашний тIера оьцу ял йоцург кхочуш хIума дац юьртан бюджете, билгалдаьккхира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG