ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашца ша-тайпана юкъаметтигаш лело дагахь бу гуьржий


Гуьржийчоь -- Кавказан доттагIалла а, юкъаметтигаш а шорян еза, аьлла, хета гуьржийн Iедалшна.
Гуьржийчоь -- Кавказан доттагIалла а, юкъаметтигаш а шорян еза, аьлла, хета гуьржийн Iедалшна.

Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашца шайн юкъаметтигаш лелорах лаьцна йолу стратеги кечйина Гуьржийчурча Iедалша. Кхаарийн дийнахь Тбилисехь и документ дицаре дира гуьржийн парламентан диаспорийн а, Кавказан а хаттаршкахула йолчу комитетан декъашхоша. Цу мехала кехат тIехь аьлла ду Гуьржийчоь кийча ю Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнашна шайн бакъонаш ларйеш гIо дан, аьлла.


«Гуьржийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашца йолу стратеги», аьлла, цIе ю гуьржийн депутатийн тобано кечдинчу документан. Иза лаьтташ ду 18 агIонах. Цу проектехь билгалдохуш ду Къилбаседа Кавказан регионца Тбилисина юкъаметтигаш шорян лууш долу коьрта хаттарш.

Царна юкъахь ду йохка-эцар лелор а, экономикехьцхьанакъахьегар а, дешарехь а, могашалла а, адамийн бакъонаш ларярехь а къаьмнийн юкъаметтигаш шор яр.
Цу документана тIехь йийцаре еш ю Оьрсийчоьнца хила езаш йолу юкъаметтигаш а. Цу декъехь аьлла ду, Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашца ша-тайпа юкъаметтигаш хила еза Гуьржийчоьнан, аьлла.

Гуьржаша кечйинчу стратегехь ша лаьтташ ду цхьа дакъа. Цуьнан цIе ю «Историн бакъдерг тIедаккха накъосталла дар», аьлла. Цу декъехь дуьйцуш ду Кавказерчу къаьмнийн вуно бохаме хиллачу кхолламах лаьцна. Оьрсийн имперехь а, Советан пачхьалкхехь а Кавказерчу къаьмнаша лайна къизаллаш а, депортацеш а, геноцид а, аьлла, ду Гуьржийчоьнан стратегин проектехь.

Цундела иза историн а, юридикан а таллам бан безаш гIуллакх ду, аьлла, хета гуьржашна. Гуьржийн депутаташа кечйинчу проектаца а догIуш, Гуьржийчоьно гIортор йийр ю цу тайпа факташ толлуш, цу зуламех лаьцна информаци дуьненаюкъараллина йовзуьйтуш.

Даханчу шарахь Оьрсийчоьно даре дира 19-чу бIешарахь Оьрсийн империно чергазой махках бахар геноцид хилар. И хилам дагалоцуш Анаклия олучу меттехь хIоллам хIотто дагахь ду гуьржийн Iедалш.

Къилбаседа Кавказ хьокъехь йолчу шайн керлачу стратегица а догIуш, гуьржий дагахь бу цу регионехь дехачу къаьмнашна бакъонаш ларйеш гIо дан, цаьргахь баккъалла а долу хьал дерриг а дуьненна довзуьйтуш.

Кхеташ ду, Гуьржийчоьнан парламентан декъашхоша кечдина документ Оьрсийчоьнца цера йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Гуьржий дозалла деш бу шайн махкахь шайга кхузаманахьлера демократи хIотто аьтто баьлла хиларх. Кремл цу гIуллакхана дуьхьала ю, аьлла а, хета гуьржашна. И бахьана ду, аьлла, хета царна оьрсаша, ма-дарра аьлча, Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах дIакъастор.

Задания Гига профессор ву Тбилисерчу Чавчавадзе Ильян цIарахчу университетан. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iалашо ю Гуьржийчоь кхузаманахьлера, Малхбузехьа йолу демократин пачхьалкх хила гIертаран тIера юха яккхар.

Задания Гига: Оьрсийчоьнан Iалашо ю Гуьржийчоьнан проект йохор. Аса юйцург ю кху тIаьхьарчу хенахь дIахьуш йолу Гуьржийчоьнна модернизацин яран проект. 2003-чу шарахь дуьйна схьайогIуш ю Гуьржийчоьнах кхузаманахьлера, дика болх беш йолу пачхьалкха яран проект. Цунна новкъарло ян гIерташ ю Оьрсийчоь.

Гуьржийн депутаташ кхеташ бу Къилбаседа Кавказаца йолу юкъаметтигаш шаьш йийцаре яр Оьрсийчоьнна товр ца хиларх. Иштта Кхаарийн дийнахь гуьржийн парламентан комитетан кхеташонехь висит хуьлуш, цу комитетан куьйгалхочо Циклаури Нугзара дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан реакцига ладоьгIуш Iан оьшуш дац, аьлла. Иза вочу агIора хир ю, аьлла, тешна ву гуьржийн депутат.

-Нагахь вай дийриг вайна нийса ду, аьлла, хетахь, иза дан деза вай, хьа хIу эр ду бохучуьнга а ца хьожуш,- элира Циклаурис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG