ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий цIерабахар дагалецира Брюсселехь


Белги -- Нохчий цIерабахар дагалецира Брюсселехь. 02 20 2016.
Белги -- Нохчий цIерабахар дагалецира Брюсселехь. 02 20 2016.

72 шо кхочуш ду дерриг а нохчийн къам Советан Iедалша ямартлоца махках а даьккхина хьийзина. И чов tрза цатьугу тахана а вайнехан дегнашкахь. Брюсселехь цу денна хьажийна леррина цхьаmнакхетар дIадаьхьна махкал арахьа бехачу нохчийн жигархоша.

Масех шо хьалха Европехь кхоьллина йолу Нохчийн къайнойн кхеташо шуьйра евзаш ю Малхбузехь бехачу вайнахана. Диаспоран гIуллакхаш, тайп-тайпанчу Европин пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн хьашташ, юкъ-кара нислуш йолу проблемаш а, мухIажарийн къоначу чкъуран кхиамаш а – уьш дерриш а шен тидамехь латтайо Кхеташоно. Шота дийнахь Брюсселехь рогIерчу конференци гулбеллачу Кхеташонан декъашхоша шайн хIинцалера цхьаьнакхетар нохчийн къам махкахь даьккхина 72 шо кхачарна леринера. Къоман бохаман де дага а лоцуш, Белгин коьртачу шахьарахь гулйеллачу Европера нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхочуо Докудаев Ахьмада дийцира Маршо радионе, шаьш вовшахкхетаран Iалашонех а, ткъа иштта конференцин чулацамах а, хьешех а лаьцна.

Ши шо хьалха Европерчу нохчийн къанойн кхеташо кхолла сацам Малхбузехь бехачу нохчийн диаспорийн векалш тIеоьцучу хенахь цара тидаме эцнера, хийрачу мехкашкахь бехачу вайнехан доьзалшна хьалха, къаьстина тIекхуьчу чкъурана хьалха, уьш шайн орамех хадаран кхерам хилар. И хIума тахана а Кхеташонан хьалха лаьттачу коьртачу Iалашонех лору Австрерчу нохчийн векал санна конференце дакъалаца ваханчу Исханов Хьусейна. Цунна хетарехь, баккхийчара Европехь къоначийн терго еш хилча, цхьа во-дика Iоттаделча кегирхошна тIехь лаьтташ, царна хьехар -дилар деш гIеметтахIиттина болу нах хилар – иза доккха беркат ду махкал арахь бехачийн дахаран башхаллаш тидаме эцча. Конференцин мехаллах лаьцна иштта дийцира Исханов Хьусейна.

Исханов Хьусейнас бохучуьнца цхьаьнадогIу Европерчу нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхочун Докудаев Ахьмадна хетарг а. Иза тешна ву, дозанал арахь бехачу, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь шаьш-шаьш културан а, историн а кхерчаш а кхуллуш, къонаберш шайн орамаш девзаш хилийта къахьоьгуш болчу вайнахана цхьа юкъара майда а, юкъара Кхеташо а оьшу, шаьш хьоькъуш долу къа вовшашца дага а довлуш, зеделларг а доькъуш, ткъа иштта оьшучехь вовшашна белшаш а гIортош хьега церан аьтто хилийтархьама.

XS
SM
MD
LG