ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо вуй? Делахь, Iо дика йойла!


Гайсулаев ГIапур.
Гайсулаев ГIапур.

Балхара, нохчо ву аьлла дIаваьккхина Журналист Гайсулаев ГIапур Iедалца къовсаме ваьлла шен бакъо толорхьама. 2016-чу шарахь Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, даима а санна, Iуьйранна балха вахана хиллера иза ша болх бечу «Внуково» културан центре. Цигахь иза болх беш вара сурташдахархо санна.

Оцу дийнахь цхьана гайтамехь сурташ даха ваха везаш вара Гайсулаев. Амма културан центран неIаршкахь иза юхаверзийра гIаролхоша. Директор волчу хьажийра цара иза. Цигахь Гайсулаевга хьоьжуш бара културан центран куьйгалхочуьнан когаметта а, белхахой дIаоьцучу декъан куьйгалхо а, полицин белхахой а.

Журналист бехке вира «бакъо а йоцуш, Iедалан техника шегахь латторна». Цо дийцарехь, куьйгалхоша техника схьаехна хиллера цуьнгара, амма уьш реза ца хиллера и техника дIаелла аьлла кехат хIотто.

«Хьалхе дуьйнна дагахь хиллера уьш,техника лачкъийна аьлла со бехкеван», - бохуш, дуьйцу Гайсулаевс «Кавказ.Реалии» сайтана ша еллачу интервьюхь. Иза тешна ву, керла директор шена дуьхьал ваьлла хиларх, ша нохчо хиларна.

Гайсулаевс дийцарехь, цуьнга балхара дIавалар дехна куьйгалхочо Москох гIалин културан департаментан финансашца доьзна хьал дукха ледар хиларна (Гайсулаевс болх бен центр бюджетера ахчанах латтош ю).

Културан центран куьйгалхочо Ерохин Алексейс стохка ГIадужу-бутт болалуш хаам бина хилла Гайсулаевга, иза садоIучуьра балха юхавирзича, цуьнан белхан меттиг дIаяьлла аьлла. Гайсулаевга цу хьокъехь хаам хьажийна хилла, амма куьйгалхоша ца хаийтина циггехь кхин муьлха белхан меттигаш ю аьлла.

ТIаьхьо Ерохина а, цуьнан хьалхарчу когаметто Эрлих Аринас а къадийна хиллера Гайсулаевга: "Нохчийчохь болх лахар гIоле ю хьуна, хьо санна болчу нахана меттиг бац кхузахь» аьлла.

ТIехула тIе кхин а дуккха а низамаш дохийна Гайсулаев балхара дIавоккхуш. Ткъа цу хеннахь културан центран хано белхан хIусамчу ца вуьту сурташдахархо.

Дов далар кIарглуш ду. Эрлиха кхерам тесна Гайсулаевна «хьакъ долчче телефон» тухур ю ша аьлла. Делахь а Гайсулаев дагахь вац юхавала.

Ма дарра аьлча, ша «кхечу къомах хиларна» балхара дIаваьккхина аьлла хета цунна. Кавказ.Реалии сайто яздарехь, церан аьтто ца белира «Внуково» културан центрехь хIоьттинчу хьолах лаьцна сихха комментари эца.

Цу интернетан портало офицалан кепара хаттарш хьовсийна Гайсулаевс болх бинчу центре, иза балхара дIаваккхаран бахьанаш дийцар доьхуш.

«Кавказ.Реалии» интернет портало билгалдаккхарехь, Гайсулаев ГIапурах Iоттаделларг дуьххьара дац. Оьрсийчохь куьйгалхошкара нийсонан бакъо яйар ловш бу кавказхой.

Къилбаседа Кавказан Федералан гонан арахьа наггахь уьш балха ца оьцуш меттигаш нисло, «кавказхой ца оьшу шайна" олий.

XS
SM
MD
LG