ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь маьрша ойла хиларан мах


Оьрсийчоь -- Локшина Татьяна Human Rights Watch вовшахтохараллан белхахо Москох зорбанан конференцехь. 04ГIад2012
Оьрсийчоь -- Локшина Татьяна Human Rights Watch вовшахтохараллан белхахо Москох зорбанан конференцехь. 04ГIад2012

КIиранах сов мичахь ву а, дийна ву-вац а цахууш хан яьллачул тIаьхьа шен цIавирзина нохчийн поэт, иллешалархо Бетелгериев Хьусайн. Цунна йиттина Иза, кхин дуьйцуш хIума а доцуш, шен хIусамера дIавигинера Зазадоккху-беттан 31-чу дийнахь Iаьржа тIеман барзакъ доьхна герзаца хиллачу шина стага, бохуш яздо шен артиклехь “Human rights watch” вовшахтохараллан белхахочо Локшина Татьянас.

Итт дийнахь Бетелгериевн кхоллам хууш бацара, - бохуш яздо “Human rights watch” вовшахтохараллан веб-сайта тIехь зорбане яьккхинчу шен артиклехь оцу организацин Оьрсийчоьнехула а, Юккхерчу Азехула а йолчу программийн директоро Локшина Татьянас.

-Дукхах болчу нахана Бетелгериев дийна хир вац аьлла хетара. Цунна йиттинехь а, дийна иза хиларо сапаргIат даьккхира цу нехан, - кхин дIа яздо Локшинас. Шена хуург дийца-м лаара шена, амма ша иза дахь иза а, кхиберш а кхерамехь хир бу бохуш хаам бо цо.

Шайна хуург тидаме эцча, иза дIавигинарш а, цунна ницкъ бинарш а меттигера низамашлардечу органийн белхахой бу, бохуш яздо Локшинас. Цунна таIзар дина социалан машанашкахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров хесточу метта, дуккхачу хаттаршкахула шена хетарг дийцарна, шайна юкъахь цхьана йоццучу хенахь маьрша хилла Нохчийчоь йозуш йоцучура дIаялар а долуш.

-Цуьнан и маьрша амал яра стохка Соьлж-ГIаларчу университетехь французийн мотт Iамош волу иза балхара дIаваккхийтинарг а, – бохуш яздо “Human rights watch” белхахочо.

Лакшинас дагадоуьйту, Кадыров Рамзан тIаьхьарчу 10 шарахь Нохчийчоьнна урхалла деш хиларх лаьцна. Цо чIагIдарехь, цуьнан лаам бу республикехь низам.

-Цуьнан лаамна дуьхьал волучу стеган кхоллам да воккхаве вийр ворлуш цахуьлу, - боху бакъонашларъярхочо.

Цо иштта шен артиклехь хьехаво кху деношкахь нохчийн телевизионехула шаьшшиъ шаьшимма лелийначунна дохко ваьлла хиларх лаьцна дийцина волу Дидаев Абубакар а, Ибрагимов Ризван а, и шиъ а вайнера Бетелгириев вайначу деношкахь бохуш.

Масийтта бутт хьалха WhatsApp-ехь латкъамаш бина, цул тIаьхьа оццу телевизионехь ша харц дерг дийцина хиларна Кадыров къинтIера воккхуш гайтина хилла зуда а, интернетехь федералан Iедалшна критика а йина, цул тIаьхьа шена къинтIера довлар доьхуьйтуш гайтина хилла жимастаг а дагавоуьту Лакшинас.

Оцу а, кхечу а хиламаш шеко йоцу сигнал хьажийна нохчийн юкъараллана, Iедалшна муьтIахь а долуш, хьашт доцург а ца дуьйцуш Iад Iе аьлла, иза ца дахь цу нахана таIзар хирг хилар а хьоуьйтуш, - яздо шен артиклехь бакъонашларъярхочо Лакшина Татьянас.

Цо чIагIдарехь, Кадыровн буьззинчу барамехь гIортор еш ю Кремл, цуьнга а, цуьнан тобане а сигналаш оьхуьйтуш: шу кхера оьшуш хIумма а дац, шаьш юкъагIертар дац, Нохчийчохь низам лардойту бохуш.

Иштта чулацам бу “Human rights watch” вовшахтохараллан веб-сайта тIехь зорбане яьллачу цу организаццин Оьрсийчоьнехула а, Юккхерчу Азехула а йолчу программийн директор Локшина Татьянас язйинчу артиклан.

XS
SM
MD
LG