ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров -- къоман... кхерам?!


Оьрсийчоь -- «Халкъан кхерамазаллина кхерам» рапорт довзуьйтуш ву Москох оппозицин куьйгалхойх волу политик Яшин Илья. Чиллан-бутт, 23, 2016
Оьрсийчоь -- «Халкъан кхерамазаллина кхерам» рапорт довзуьйтуш ву Москох оппозицин куьйгалхойх волу политик Яшин Илья. Чиллан-бутт, 23, 2016

"Парнас" партин куьйгалхочуьнан когаметто Яшин Ильяс Москох довзийтина Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан куьйгаллехь лелочух лаьцна экспертийн рапорт. Иза цо дале жимма хьалхо шен социалан машанашкарчу агIонаш тIехь цуьнан чулацам бовзийтира ша Кадыровс. Цу рапортехь дуьйцуш ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо латточу шен долахь йолчу армех а, цо гулдинчу инзаре хьолах а, цо адамийн бакъонаш йохорах а лаьцна.

Нохчийн къам дохийна махкахдаьккхинчу Чилла-беттан -23-чу дийнахь Яшин Ильяс довзийтира Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан куьйгаллехь лелочух лаьцна рапорт, юкъаралле иза Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржера вохор доьхуш куьйгаш кулдаре а кхойкхуш.

Ша рапорт 9 декъах лаьтташ ду. Цунна бухе ехкина факташ а, информаци а хьалхе дуьйна евзаш ю. И хаамаш зорбанехь хилла бу. Рапортан авторша теллина Кадыров Рамзанан дахар иза жима волуш дуьйна цуьнах Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллалц.

Цара дуьйцу Кадыровн таронех лаьцна а, цо Нохчийчохь шен култ хIоттийна хиларх лаьцна а, политика бахьана долуш цо омра а делла адамаш дайина бохуш чIагIдеш а.

Яшина Кадыровх лаьцна рапорт довзуьйтуш
Яшина Кадыровх лаьцна рапорт довзуьйтуш

Цу рапорта тIехь ялош ю Кадыровс адамийн бакъонаш талхийна меттигаш, дуьйцуш ду ницкъаца республикехь экономика юхаекъарх лаьцна, Оьрсийчохь лелаш йолу нохчийн зуламхойн тобанаш а хьехош.

Яшинан рапорта тIехь хьехош ю Кадыров Рамзанан инарлаца Золотов Викторца а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта хиллачу Сурков Владиславца а йолу уьйраш.

Цу тIехь дуьйцуш ду Нохчийчура арабевллачу наха дуьненаюкъарчу терроризмехь дакъалацар а, экономикан а, ницкъаллийн структурийн а сферашкахь нохчаша Оьрсийчохь Iаткъам бар алсамдаьлла хиларх лаьцна а.

Масала, рапортан цхьа дакъа ду «Долара арми» аьлла. Рапортан официалан кепара презентаци хилале и дакъа зорбане даьккхира New Times журнало. Цу тIехь дуьйцуш ду, цу талламан авторша чIагIдарехь, Кадыров Рамзана бен аьлларг деш йоцучу, федералан Iедалша Iуналла деш йоцучу Нохчийчура ницкъаллин структурех лаьцна.

Кадыровн доларчу армехь 30 эзарг гергга стаг ву боху Яшина. Церан коьрта дакъа Оьрсийчоьнах летта болу Кадыровс амнисти яйтина нохчийн тIемалой бу, ткъа уьш декхарехь бу Кадыровна шайна белхан меттигаш нисъярна а, алапа латорна а, набахтехь шаьш цахиларна а, дийна бисина шаьш хиларна а бохуш, яздина рапортан авторша. Цара чIагIдарехь, цу наха дакъалаьцна Украинин къилба-малхбалехь хиллачу тIематасадаларшкахь.

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан ву ницкъаллин структурийн эскархошна хьалха волавелла воьдуш, Соьлж-ГIала, ГIур. 28, 2014
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан ву ницкъаллин структурийн эскархошна хьалха волавелла воьдуш, Соьлж-ГIала, ГIур. 28, 2014

Рапорт дерзош Яшина 20 хаттар делла Кадыровга. И хаттарш Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дала лууш хилла Яшин ша Соьлж-ГIала вахача.

-Эхь цахета хьуна цу кепара совнах бахам вовшахтоьхна ваха? - хоьтту Яшин Ильяс Кадыров Рамзане. Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъасто лууш-м вац те Кадыров бохучу хаттарна жоп хаза лууш а ву иза Кадыровгара.

​Чиллан-бутт болалуш Яшин Ильяс социалан машанашкахь шен сурташ даржийнера, Соьлж-ГIалахь ша волуш даьхна долу.

Яшин Илья ву Соьлж-ГIалахь.
Яшин Илья ву Соьлж-ГIалахь.

Цо иштта хаам бира Нохчийчура коррупцех а, экономикехь а, социалан сферех а йолчу проблемех лаьцна рапорт кечдина ша аьлла. Iедалша и хьал Кремлах а, Оьрсийчура юкъараллах а лачкъийна ду, бохуш яздора Яшина.

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Iуьйранна, Яшинел хьалха а ваьлла, «Халкъан кхерамазаллина кхерам» цIе йолу рапорт интеренетехь даржийра Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна цо хаам бира шен "ВКонтакте" йолчу агIона тIехь.

Иза довзуьйтуш Кадыровс яздира, кху цхьана актеран театрх сайна хетарг ас гойту, хIара кхоллам баржа а бина. Цахаьа тхуна кхин хIун болтологи хир ю, амма кху яздинчунна юкъахь цхьа а хIума дац, болтологи йоцург, аьлла Нохчийчура администрацин куьйгалхочо.

Шен агIор Яшин Ильяс, ма-дарра аьлча, баркалла элира Кадыровна шен рапорт дIасадаржош гIо дарна.

Яшинан рапортан чулацам бовза аьтто бу шу кхузахь:

https://vk.com/doc279938622_437299182?hash=44c052d71ac47f6c24&dl=647d2137bdfc4cb398

XS
SM
MD
LG