ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оха Кадыровна новкъарло йина а ца Iа": ЯнгулбаевгIеран жимахверг экстремистийн тептаре стенна вазвина


Янгулбаев Байсангур
Янгулбаев Байсангур

Дахначу кIиранах Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а тептар дуьзна 24 шо долчу Нохчийчуьра Янгулбаев Байсангура. Бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозицин 1АДАТ боламан куьйгалхочун ИбрехIиман а ваша ву иза. Оцу кепашца доьзална кхин дIа а тIаьхьабвелла лела Iедалхой, аьлла хета эксперташна.

"Когах тохар"

Байсангуре цхьана а кепара кехаташ, йа хаамаш кхаьчна бац Оьрсийчуьра бакъоларйаран структурашкара цуьнан керлачу статусех лаьцна, ша тептаре язвиний хиъна цунна журналисташкара.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, цхьана а тайпа зуламаш ша дина цахилар: "Шена хетарг дIаалар – зулам дац. Хила тарло со тептаре ваккхаран бахьана – 1АДАТ боламца ас юкъарло лелош хилар".

Цо бахарехь, ИбрехIимна гIо дина цо 1АДАТ телеграм-канал лелош, дийцарш дина кеп-кепарчу нахаца, иштта журналист-талламхочуьнца Грозев Христоца а шен ненан гIуллакхна тIехула. Амма гIоьнча санна хилла ву.

"Со хьалхара ву гучуваьллачех, хIунда аьлча, 1АДАТ-н роликашкахь хезарг сан аз ду, цуьнца вевзийла дара со. Сан доттагIашна а хаьара цунах лаьцна, амма, суна хетарехь, кадыровхошкахь иштта информаци яцара. Сан доьзална тIом кхайкхийна – Кадыров Рамзана ша шен когах тоьхна- хIинццалц вешина юкъ-кара каналца гIо латтийнехь а, хIинца ас жигараллица дакъалоцу, митингашкахь хуьлу, дийцаршкахь а, цхьанакхетаршкахь а", - билгалдоккху къамелдечо.

Цунна ца хаьа, хIинцца хIунда тоьхна ша экстремистийн а, террорхойн а могIарех, амма цунна хетарехь, цхьа геннара ойла йина дина хIума ду хIара – раж хийцалахь а, Байсангурна тIехь дуьсур ду экстремистан хIост.

"Раж хийцалахь, тептар оцу сохьта юха ма ца доккху. Ткъа оха цхьана Кадыровна а, Путинна а новкъарло йина ца Iа, оха маршонех а, Нохчийчоь дIалаьцна мохк хиларх а дуьйцу. Цхьаболчу либералан кхетам болчу Оьрсийчоьнан политикашна ца тов и ойла, царна гергахь тхо экстремисташ а, террорхой а дуьсур ду", - дуьйцу спикеро.

Цхьаммо а ца бохура – хIара вежарий вон бу, ткъа Байсангур диканиг ву

Янгулбаев Оьрсийчуьра дIавахна 2021-чу шарахь – Прибалтикехь Iалашван тIелаьцна и шиъ. Байсангур тешна ву, Евроберто Москвага ша дIалур вац аьлла – нагахь санна, цхьаболу Европан политикаш и дан гIортахь а, шен нана лоцуш гIаьттинчу скандало а, зорбанан гIирсийн тергоно а цаьрга и дойтур дац аьлла.

"Оцу тептаре ваккхар кадыровхойн лаамца ду. Нохчийчохь тхуна дуьхьал церан митинг йолчу хенахь, цига хьовсийначу бюджетан белхахоша тхан веаннан а суьрташ хьоьшура, сан а цхьаьна. Цара дош делира тхан коьртеш даха, номер 1 йолчу мостагIий ду а бехира тхо. Цхьаммо а ца элира – хIара вежарий вон бу, ткъа Байсангур дика кIант ву", - дерзийра Янгулбаевс.

Дукха хенара конфликт

Къилбаседа-Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас Кавказ.Реалии сайтаца къамел деш билгалдаьккхира, Байсангур террорхойн а,экстремистийн а тептаре ваккхар хила тарло, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь юьсучу цуьнан нанна Мусаева Заремина Iаткъам бан Iалашонца аьлла.

"Карарчу хенахь, полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейинчу Заремин гIуллакх жигара толлуш ду кхелехь. Цуьнгарчу хьолана негативе тIеIаткъам бан тарло цуьнан кIант террорхойн тептаре ваккхаро, иштта нагахь санна иза маьршаяккхахь а, Байсангуран Оьрсийчу юхаван йиш яц", - боху Вансловас.

Дагадоуьйту, ЯнгулбаевгIеран доьзалх лаьцна шуьйра дийцадаьккхира 2022-чу шеран дечкен-бутт бовш Лахарчу Новгородехь, шаьш Нохчийчуьра бакъоларйаран органийн белхахой ду аьллачу наха, федералан суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, бертаза Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIайигча.

Цкъа дуьххьара 15 денна а, буьйсанна а лаьцна йитира иза полисхо аьшнашварна, тIаьхьо бехкейира полицин белхахочунна тIелатарна. Протокол хIотточу полисхочунна тIелетта бохура Мусаева, Кадыровн дешнашца, "бIаьрг баккханза витина иза". Карарчу заманчохь кхел ю йоьдуш цунна тIехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо диллина дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале "хьоьжуш набахтехь, йа лаьтта бухахь меттиг бу" аьлла. Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханов Адама кхерамаш тесира "коьртеш даха" ЯнгулбаевгIеран доьзалхошна, ткъа Соьлжа-ГIалахь дуккха а эзарнашкахь нах вовшахтоьхна митинг дIаяьхьира, декъашхоша когашца хьоьшура, дагадора церан суьрташ.

ХIетахь ЯнгулбаевгIара а, дуккхаъчу бакъонашларйархоша а билгалдаьккхира, Мусаеваца хилларг – нохчийн Iедалхойн бекхам бу оцу доьзало оппозицин гIуллакх лелорна аьлла.

Хьалхо 1АДАТ болам кхоьллинчу Янгулбаев ИбрехIима дийцира Кавказ.Реалиина, масех шо хьалха Кадыровн ражна луьйш вара ша, социалан машанашкахь тобанаш йинера ша, Нохчийчохь бакъонаш хьоьшуш хиларх дуьйцуш. Оцу тIехула 2015-чу шарахь лачкъийнера иза нохчийн ницкъахоша- эхашарахь латтийнера ИбрехIим къайлахчу набахтехь, тIехь гIело латтийнера.

Байсангур тептаре ваккхаро бакъо ло Оьрсийчохь иза хIаллакван, цуьнга аьлла хIума а доцуш

2022-чу шеран дечкен-баттахь, Янгулбаев маьрша а ваьккхина, пачхьалкхера дIаваха таро хилча, бехкзуламан гIуллакх даьккхира цунна дуьхьал оппозицин 1АДАТ телеграм-канал лелорна, масех 1АДАТ-н публикаци Соьлжа-ГIаларчу кхело экстремизме лерира. Заздокху-баттахь ИбрехIим финмониторинган экстремистийн а, террорхойн а тептаре язвира.

ЯнгулбаевгIеран нана лаьцначул тIаьхьа Нохчийчуьра кхелахойн квалификацин коллегино да Сайди суьдхочун статусах ваьккхира.

Кадыровхоша шайна чIир кхайкхорца дузу дерриг а Янгулбаев Сайдис: "Сан жимахволу кIант оцу тептаре язвар – цуьнга аьлла хIума а доцуш, Оьрсийчохь иза вен бакъо хилар диллина дIахаийтар ду къаьсттина карарчу хенахь, "цхьана декъана тIеман хьолехь" хиларна. И ду Кадыровс масийттазза тхоьга дина ца Iаш муьлххачу оппозиционеран, бозуш боцчу журналистийн, бакъоларйархойн, жигархойн хьокъехь дIахьедийриг. Тахана Кадыров муьлхха а оппозицин а, жигараллин а ницкъашца къуьйсуш ву, дуккхаъчу Азин пачхьалкхашкахь а санна".

ТIерсиган тептар

Лахьан-беттан 23-чохь динчу лараршца Росфинмониторинган сайтехь экстремистийн а, террорхойн а къоман реестрехь билгалваьккхина ву 12 606 стаг. Ву царлахь, масала, Бесланерчу школана тIелатар дина хилла тIемало Кулаев Нурпаша а, "Диверсант" проект кхоьллинчех волу Заякин Андрей а, къоблайазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад (тептарехь Ахмат аьлла вазвина ву иза), оппозицин политик Навальный Алексей а, Ставрополан кIоштара Иеговн Теш Ахрамеева Евгения -бехкаш тIера даьхнашшехь, тептарехь юьсуш ю иза, украинхойн националист, "Правый секторан" экс-лидер Ярош Дмитрий а, иштта дуккха а кхинберш а.

Кхелан сацамца кхаьчна ца Iо оцу тептаре, иштта вазво бакъоларйаран структурийн хаамашца а, нагахь санна, и стаг террорхойн а. экстремистийн а гIуллакхашца воьзна хиларх хаамаш карабахь царна. Ца оьшу цунна формале кхелан омранаш, ша оцу тептарехь хиларх стагана хуийла ду постфактумехь, кхетадо "Сова" информацин-аналитикан центран "Неправомерный экстремизм" декъан куьйгалхочо Кравченко Марияс.

Оцу тепатерхь нисваларо тIаьхьало юьту финансашкахь, кхин дIа дуьйцу эксперто. Фигурантан йоллу банкера чоьташ дIакъовлу. Шена а, балхахь боцчу шен доьзалерачарна а лерина оцу стеган баттахь 10 эзар сом ахча бен схьаэца бакъо йац, оццул схьаэца а дац атта - банке кехат йаздан деза, стенна оьшу ахча хоуьйтуш. Официалехь алапа хьуна тIедаьллехь, тIаккха бен схьаэца йиш яц. Нагахь санна, гонорарех, йа фрилансех, йа герегарчара даийтина ахча и делахь, хьадан йиш яц и ахча.

Кхин тIе а халонаш Iиттало – ницкъаллин структурийн тергонах кхоьру, белхан куьйгалхочо балхара дIавала ала тарло, ткъа полисхоша "профилактикан" учете оьцу иза, дезачу деношкахь йа яккхий оппозицин акцеш йоьлхучу хенахь терго латтайо хьуна тIехь.

КравченкоМарияс бахарехь, Росфинмонмиторинган тептарера цхьа могIа нехан дика аьтто баьлла оцу тептарера шаьш дIадахийта, оцу гIуллакхна оьшу кеп-кепарчу инстанцешца аргументе йозанаш дар. Кху шеран стигалкъекъа-баттахь, масала, оцу тептарера дIаяьккхира Оьрсийчоьнан журналист, Свобода Радион корреспондент Прокопьева Светлана, гезгамашин-баттахь – блогер Хованский Юрий, цул хьалха – "килсехь покемонаш лоьцуш" гIараваьлла блогер Соколовский Роман, националист Демушкин Дмитрий, блогер Мотузная Мария, кхин а иттех стаг а. Дукха хьолахь нисло ишта бехкзуламан гIуллакх сацийначул тIаьхьа йа кхайкхийна таIзар такхарца, тептарера дIаваккха таро лун хIара йа важа аьлла алгоритм низамехь язйина яц.

  • Бакъоларйаран "Политикан тутмакхашна гIо латтор. Мемориал" проекто Мусаева Зарема политикан тутмакх лерина.
  • Президентаца Путин Владимирца Оьрсийчуьра эскархойн наношца хиллачу цхьанакхетаре кхайкхина яра Агуева Жарадат – "Запад-Ахмат" батальонан командиран Агуев Исмаилан а, Куьрчала кIоштан РОВД-н хьаькаман а нана ю иза. Чиллан-баттахь Европехь бехачу нохчашка кхайкхамбира тIаьххьарчо ЯнгулбаевгIеран доьалхойн коьртеш дахий, Соьлжа-ГIала уьш схьада аьлла.
  • Кавказ.Реалиин сайте хьалхо дийцира бакъонашларйархоша, дукхахдолчу "террорца" доьзначу бехкзуламан гIуллакхашна тIекхача шайн аьтто бац аьлла, цундела царна дохку бехкаш мел бух болуш ду хуийла дац. Информацина тIекхача йиш хилча дукха хьолахь гучудолу дуккха а низамаш талхийна меттигаш хилар а, гIуллакх шайггара диллина дуйла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG