Йеарин дийнахь шина партин низаман проект кховдийна сенаторша Линдси Грэма а, Блюменталь Ричарда а Оьрсийчоь терроримзан спонсор-пачхьалкх лара аьлла, хаамбира "Американ Аз" оьрсийн сервисо.
Америкахойн низамашца терроризман спонсорш-пачхьалкхаш лоруш йу Куба а, ГIажарийчоь а, Къилба Корей а, Шема а.
"Путинан Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх йу, дуккха а хан йу низамашца а догIуш официалехь и къаобалдан догIу", - аьлла ду республиканхочун Грэман дIахьеарехь йаздина.
Демократан Блюменталян дIахьедарехь аьлла ду, Оьрсийчоьнна "хьакъ йолуш" кхаьчна дIакъастийначийн клубера меттиг. "Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх хилар къобалдаро таро лур йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна къизаллица Путинца къийсам латтон, ишта цо маршонна а, демократина а бохьучу кхерамца а", - аьлла сенаторо Блюменталь Ричарда.
Оьрсийчоьнан Федераци терроризман спонсор-пачхьалкх ларарх низаман проект шозлагIа пайда хир бу, Оьрсийчоьнца йукъарлонаш лелочу пачхьалкхашна санкцеш тухуш, Оьрсийчу экспорт йан магийна доцу товараш шордеш а.
- Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх йу аьлла дIакхайкхийначех хьалхара пачхьалкх йу Литва. 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 10-чохь Литван Сейм (128 кхожаца) тIетайра, маьрша бахархой байъар (бераш а цхьаьана), нах лечкъор, гIело хьегийтар, хьийзор, геноцило байинчийн декъашна тIехь сийсазаллаш лелор украинхойн доллу, йа ах къам хIаллакдан Iалашонца, ишта хаа а хууш бахархойн объекташна тIе тохарш дар терроризм йу аьллачу резолюцина.
- Цул тIаьхьа, оццу 2022-чу шарахь, цу кепарчу дIахьедаршца дош элира Украино, Латвино, Эстонино, Чехис, Нидерландаша, Польшо, ткъа 2023-чу шеран чиллан-баттахь – Словакино а.
- 2022-чу шеран лахьан-беттан 23-чохь Европера парламенто 705 депутатах 494-н кхожаца резолюци тIеийцира Оьрсийчоь терроризман спонсор а, терроран методаш лелон пачхьалкх а йу аьлла.
- ХIеттахь, 2022-чу шеран гурахь оцу кепара сацамаш тIеийцира Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно а, НАТО-н Парламентан ассамблейно а, ткъа 2023-чу шеран аьхка – ОБСЕ-н Парламентан ассамблейно а.