Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам Украинерчу тIаме кхечира, республикерчу эскарийн тобанийн декъехь, Оьрсийчоь буьззинчу барамехь чугIоьртичхьана дуьйна. Оппозицихоша а, къаьсттинчу зорбанаша а Кадыров Рамзанан "тиктокан" эскаран буьйранча олура цуьнах, баккъала долчу тийсдаларшкахь дакъа а ца лоцуш, тылехь герзаца кепаш хIиттайо бохуш къададеш. Регионан куьйгалхочун аьтто куьг лоруш волу Делимханов цхьамогIа скандалашкахь вуьйцуш ву, криминалан гIуллакхашкахь цхьаьна: политикан бух тIехь нах байъарш, и дан гIертар а ду цига юкъадогIуш.
Тиктокан турпалхо
ТIамехь дакъалоцуш эскархой бу бохуш кеп хIиттош видеош сих-сиха дIайазйора Делимханов Адама, - Украинехь уьш йахарна тиллина нохчийн тIеман тобанашна "титок-эскархой" аьлла цIе.
Масала, "Слідство.Інфо" ресурсо билгалдаьккхира, йерриг аьлча санна оьрсийн эскархойн карахь хиллачу Мариуполехь тIемаш до бохуш Кадыровс а, Делимхановс а хIиттош йолу видеош оцу гIалин цхьана меттигехь йаьхна хилар – оьрсийн дозанна уллера кIошт хиллера иза. Церан хаамашца, кадыровхоша "тIемаш деш" йолчу меттигашна юккъера меттиг километрел совйолуш йацара.
Делимхановс Украинехь журналисташна лерина пресс-тураш хIиттайора, Кадыровн омраца ша буьйралла деш болчу "нохчийн эскархойн ницкъ" царна дIагойтура.
Фронтехь хьийзарна Оьрсийчоьнан Турпалхочун дашо седа белла Делимхановна. Амма марсхьокху-беттан чакхене кхачалц Украинехь нохчийчуьра Росгвардин белхахой бен бацара, тIеман декхарш дацара царна тIехь – полицин гIуллакхаш леладора цара.
Пачхьалкхан думехь шен белхан меттигехь Делимханов хилла вацахь а, мангалан-баттахь иза даржехь лакхаваьккхира: рогIерчу депутатана тIера кхерамазаллин а, курхалла лелорна дуьхьало йаран а комитетан куьйгалхочун гIовс вира цунах. Амма ша депутат болх беш волчу 15 шарахь, пачхьалкхан думан низамаш кхолларан базица а догIуш, Делимханов 19 низамаш кхолларан инициативийн автор а, соавтор а хилла. 2017-чу шарахь РБК-но цуьнах "вист ца хуьлу депутат" элира: шарчохь депутата цхьа а низаман проект ца кховдийна, цхьанне а инициативина кIел ца вазвелла, пленаран кхеташонехь цкъазза а вист ца хилла.
Машенлелорхочунна тIера хадархочунна тIекхачалц
Нохчийчуьра Джалкехь вехаш волу, Кадыров Рамзан санна Бенойн тайпанах волу Делимханов Адам 90-чу шерийн чакхенехь аренан буьйранчан Радуев Салманан машенлелорхо вара. 1999-чу шарахь оьрсийн эскархой Ичкерина тIамца чугIортале, таханалерчу республикан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан агIонехьа велира иза шен вежаршца. Шарип, Алибек а Кадыровн-воккхачун кхерамазаллин сервисан белхахахой хилира, цуьнан кIанта куьйгалла а деш. 2000-чу шеран бIаьста царах Адам а дIакхийтира.
Пачхьалкхан думан депутат хила везарг 2006-чу шарахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади Москвана юккъехь верна шеконашка лаьцнера
Пачхьалкхан думан депутат хила везарг 2006-чу шарахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади Москвана юккъехь верна шеконашка лаьцнера – Кадыров Рамзанаца конфликтехь вара важа. Делимхановн долахь хиллачу "Грач" тапчаца вийнера Байсаров, чIагIдора нохчийн политика Гантамиров Беслана.
2007-чу шарахь Кадыров президентан бакъонаш цхьана ханна кхочушйийриг хIоттийча, Делимханов пачхьалкхан думан республикера депутат хилира, оцу хенахь дуьйна оцу статусехь ву иза.
2009-чу шарахь Кадыровс Делимхановх республикан куьйгаллехь шен хила тарлуш волу тIаьхьалонча элира, цуьнан сий деш шен кхоалгIачу кIантана цуьнан цIе а тиллира цо.
Тахана Делимхановн дуккха а болчу гергарнаш республикехь цхьамогIа даржаш дIалоьцуш бу. Цуьнан шича Геремеев Сулейман – Оьрсийчоьнан Федералан гуламан Нохчийчуьра декъашхо ву. Цуьнан вешех цхьаъ, Делимханов Алибек, Оьрсийчоьнан къоман гвардин Къилбаседа Кавказерчу эскаран гонан буьйранчан хьалхара гIовс, инарла-лейтенант, Оьрсийчоьнан Турпалхо ву; шолгIаниг, Делимханов Шарип, Нохчийчуьрчу МВД-н хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полкан буьйранча, республикехула йолчу Росгвардин урхаллин куьйгалхо, полицин инарла-майор ву.
"Мехкан уггар кхераме депутат"
2008-чу, 2009-чу шерашкахь ши ваша верца воьзна лорура Делимханов – Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутат хилла волу Ямадаев Руслан а, нохчийн "Восток" батальонан хилла буьйранча Ямадаев Сулим а. Байъиначийн вашас – Ямадаев Iийсас – Делимханов бехкевира тIелатарш дарна. Вукхо и дIахьедарш "питана" ду элира.
2013-чу шарахь Делимханов шен белхан накъостаца Журавлев Алексейца летира пачхьалкхан думан гIишло чохь. Уьш дIасабохучу юкъанна Нохчийчоьнан векалан дашо тапча охьайуьйжира, цуьнан дуьхьалончан къамелаца.
Оьрсийн политик Немцов Борис вуьйш Делимхановс дакъалаьцна хилар тIечIагIдина дац, амма оцу гIуллакхехь масийттаза хьахайо цуьнан цIе. Цуьнан вешига Алибеке, гергарчу стаге Геремеев Руслане, шичига Геремеев Сулеймане а хеттарш дан гIиртира адвокаташ, амма царах цхьа а кхелехь гучу ца велира.
Украинера тIом болабалале пачхьалкхан думан депутата Делимхановс "тIера коьртеш дахарца" кхерамаш тийсира бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална
ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрана а кхерамаш тийсарца а вевзаш ву Делимханов.
Цул сов, Украинера тIом болабалале пачхьалкхан думан депутата Делимхановс "тIера коьртеш дахарца" кхерамаш тийсира бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална
2021-чу шеран мангалан-баттахь оьрсийн оппозицин политика Яшин Ильяс Делимхановх "пачхьалкхан уггар кхераме депутат" элира.
Массочу агIора санкцеш
2014-чу шарахь Американ финансийн министралло санкцеш кхайкхийра Делимхановна дуьхьал, "Братский круг" олучу зуламхойн тобанца и воьзна хилар а, узбекхойн криминалан хьалханчан Рахимов Гауфан омраца иза лелаш хилар а чIагIдора цара.
2022-чу шеран аьхка Делимханов Адамна дуьхьал рогIера санкцеш йехира, цо Украинерчу тIеман тийсдаоаршкахь дакъалацарна. Путинан политика жигара къобалйарна, къаьсттина Украинерчу тIамехь дакъалацарна а, 2022-чу шеран товбеца-беттан 22-хь Евроберто а санкцийн тептаре ваьккхира иза. И воцург, цуьнан вежарий Шарип, Алибек и кхечира тептаре.
2019-чу шеран зазадоккху-баттахь Американ Конгрессо "Немцов Борис верна жоьпалле а, низаме а озоре кхайкхам" олу резолюци арахийцира, цигахь хьехош ву Делимханов.
2022-чу шеран гIадужу-баттахь Делимханов Адам а, цуьнан кхо ваша а Украинан санкцешна кIел нисвелира, пачхьалкхе оьрсийн чугIортарехь дакъалецначу наханна дуьхьал йаьхна йара уьш.
"Коррупцица къийсам латточу Фондера" Навальный Алексейн накъосташа марсхьокху-баттахь "тIом марсабаккхархойн" тептар арахийцира, цига юкъахь ву Делимханов а. Тептар хIоттийнарш тешна бу, дерриг дуьненарчу нохчийн диаспоршна куьйгалла деш ву иза, "криминалан а, экономикан а потенциалах" пайда а оьцуш.
"Оьрсийн ражна Украинехь оьшуш ву"
Нохчийн "Грозный-Информ" агенталлин хаамашца, гезгмашин-баттахь Делимханов Адам а, "Ахмат" лерринчу тIеман тобанан буьйранча Алаудинов Апти а Украинехь вара. "Нохчийн республикера элитан тобанаш, Делимханов Адам куьйгаллехь а волуш, садаьIначул тIаьхьа "СВО-н" дозане йухайирзина (оьрсийн Iедало "леррина тIеман операци" олу Украинерчу тIамах. – Ред. билг.)", - аьлла Кадыровс шен телеграмехь.
Цунна жоп луш, Одессан кIоштан тIеман администрацин гIовс Братчук Сергейс вийлира Нохчийчоьнан куьйгалхочун "зевнечу" дIахьедарех. Цо бахарехь, "шайн позицешкара оьрсийн эскархой сецоран Iалашонца кхаьчна кадыровхой".
Делимханов Украинехь хилар ражна оьшуш ду хIинца, аьлла хета оьрсийн политологна Э.Д., масех иттанаш шерашкахь Къилбаседа Кавказ толлуш ву иза (нохчийн Iедалхой тIаьхьбевлла леларх ийзалуш шен ца йовзийтар дехна цо. - Ред. билг.).
Биссинарш меттахбахархьама нохчийн фактор рогIера лело йезаш йу
"ХIинца рожан шатайпа позици йу, Iаткъамна дуьхьало йан йеза, толаман реляцеш йац. Цундела биссинарш меттахбахархьама нохчийн фактор рогIера лело йезаш йу. Делимхановн пиар Кадыровс отставкех лаьцна динчу дIахьедаршца йоьзна хир йац – цо хьалха а динера и къамел, тIаьхьалонаш йоцуш диссира иза", - билгалдаьккхина политолого.
Кадыровн метта дIахIотто кечвеш хила мега Делимханов, тIамехь волчу салтичун, турпалхочун васт а кхуллуш, ойланаш йо Карлован университетан социалан Iилманийн Къилбаседа Кавказехула волчу говзанчас Аслан Эмиля.
"Украинера нохчийн тIеман тобанаш "тиктокан" йу аьлла болчу шен критикашна жоп дала гIерташ хила а тарло Кадыров", - хета Iилманчана.
"Долара" эскархой Украинехь хилийта вуно чIогIа лаьа Кадыровна, цундела ву цигахь Делимханов, Алаудинов, билгалдоккху бакъоларйахочо Янгулбаев Абубакара.
"Цигахь хьалхара хьаькамаш кIезга хиларна Делимханов Украинехь хила мега. Йа оцу кепара иза шен кочара ваккха гIерта Кадыров. Йуххерчу стеган "турпалхочун кхалхар" цунна новкъа хир дацара, Путинна хьалха и дIагайтархьама", - ойла йо Янгулбаевс.
ХIинца ши кIира ду Делимханов Адам ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан эфирехь гучу ца волуш – хIинццалц хIора дийнахь аьлча санна гойтура иза. ГIадужу-беттан 24-хь Херсонан кIоштера Каиры гIалахь нохчийн тIеман тобанашна украинхоша тохар дарца нисделла цуьнан къайлавалар. Иштта оцу буса байъинчу ворхI юьртахочун тезеташкахь а гучу ца велира иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочо, йа ДелимхановгIеран доьзалера цхьамма а цунах лаьцна зорбанашкахь, социалан машанашкахь, цо хIитточу видеошкахь хезаш цахиларна цхьанне агIор комметари ца йина.
***
Г1адужу-беттан 25-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу школан гIишлонна тIе тохар дарх лаьцна – шех "Нефтеполк" олучун штаб хиллера цигахь - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полк ю иза. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира. Украинхойн агIоно 30 гергга вийначух, бIеннашкахь лазийначех а дIахьедира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хилларг кхо де даьлча тIелецира - 28 эскархо вийна, 58 лазийна, веанна чолхе чевнаш йина, аьлла дIахьедира цо.
Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза: "Кавказский узелан" зерашца, лахьан-беттан 3-хь Iедало 30 эскархочун кхалхар тIелаьцна. Кхо кIира даьлча а и терахь хийца ца делла.