ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Паччахь" а, Песков а: Путинан пресс-секретарьца хIунда ийгIина Кадыров


Кадыров Рамзан а, Песков Дмитрий а
Кадыров Рамзан а, Песков Дмитрий а

Пачхьалкхера дIавахначу тележурналистан Ургант Иванан патриотизмех аьллачунна тIехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна. Дуьххьара дац, Кремлан векало олучунна Соьлжа-ГIалара комментареш ен, амма – иштта сийсазе дуьххьара.

Украинехь тIемаш болийначул тIаьхьа, оцу тIехула Оьрсийчоьнна санкцеш тоьхча элиташна юкъара барт кхин тIе а бохарца юзу политологаша Кадыровн демарш. Конфликт ша билламе ю ала тарло: "тIеман партин" коьрта спикер воцург а, цуьнан лидер нахалахь, ала тарло, вуьсуш ву Путин Владимир.

"Ма-дарра аьлча, со цевелира, суна инарла-лейтенантан цIе яларх Песковс комментари ца йича, указ гина дац шена аьлла. Ницкъахошца а, шайн лаамехь могIаршка хIиттинчаьрца а тхайн ницкъ ма-кхоччу спецоперацехь дакъалоцуш ду тхо дийнахь а, буса а. Мегар ма дара жимма дог эца, йа кIеда-мерза комментарий ян, "указ гина дац" ца бохуш", - аьлла, пресс-секретаре вистхилира шен телеграм-каналехь Кадыров Охан-беттан 3-чохь.

Стенца боьзна бара цуьнан дегабаам: Зазадокху-беттан 28-чохь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хаамбира, Путина инарла-лейтенант цIе елла Кадыровна аьлла. ШолгIачу дийнахь журналисташа хаьттира Кремлан официалан векале мехкан урхалхо даржехь лакхаваккхарх, ткъа Песковс хьийзош жоп делира, указ шена гина дац аьлла.

"Тамашен хьесапдар ду кху заманахь. Турпалхочух турпалхо а ца олу, инарлех инарла а ца олу, ткъа осалчу бевддачех патриоташ, баккхий патриоташ олу. Песковн приоритетийн шкала цхьа кхиаза ю-кх. Цуьнца хIуъа дина а цхьаъ дан деза…"- элира Кадыровс. Цунна жоп лучу Песковс маслаIате хьийхира, патриотизмна тIехула къийсамаш ма хIиттабе аьлла.

Мацахлера дуьхьалхӀоттар

Путинна герггарчу шина персонийн хIара дуьхьалхIоттар хьалхара дац, амма дуьххьара вистхилла Кадыров Песковх лаьцна, иштта кхерам тосучу кепехь. Оцу юкъанна президентан пресс-секретаро гуттар а собаре туьду журналисташца къамел деш Соьлжа-ГIалара схьа ден уггар ларам боцу дIахьедарш.

Масала, 2019-чу шарахь цо дIахьедира, Кремло терго йийр яц, интернетехь сийсазе йозанаш дуьтурш байъа беза бохуш, Кадыровс бинчу кхайкхамийн, хIунда аьлча, нохчийн маттера гочдина цуьнан дешнаш нийса ца хила тарло аьлла. COVID-19 пандемин муьрехь премьер-министран Мишустин Михаилан регионаш дIакъовлар магийта йиш йоцург ду аларна а, мехкан дозанашкахь шога дехкарш хIиттийначу Нохчийчоьнан Iедалхойн леларна а юкъахь цхьаьнацадар дац аьлла, иштта хаамбира Песковс.

ХIетахь, Охан-беттан 2020-чу шарахь, Кремлан векална "низамехь доцург а, дихкина дерг а" ца гира, "Новая газетана" а, цуьнан журналистана Милашина Еленина а тийсинчу кхерамашца.

Шен хьолехь нисвелла Кадыров. Майралла а гойтуш, ставкаш хьалаяха хьийза иза

Вахархочун низамехь бакъо ю элира Песковс, тIеман гIирс чохь Кадыровн даьккхина сурт а. Амма оццу шеран ГIадужу-баттахь президентан пресс-секретаро сатухуш жоп делира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Францин президентах Эммануэль Макронах лаьцна сийсазе хIоттийначу постах лаьцна: "Пачхьалкхан арахьара политика лелорехь вайн низамаш дохучу органаша коьрта дакъа президентана делла. Субъектийн куьйгалхойн бакъо яц арахьара политика лелон, цара кхуллуш яц, цхьана а кепара сацамаш муххале а тIеоьцуш бац".

Вист ца хуьлуш ца Iийра Кадыров, амма мел а оьзда вара – Нохчийчоьнан куьйгалхо доккхачу декъанна реза хилира Кремлан позицица, Макроне шен вистхилар бусулбачу стеган санна дара, хьаькаман санна дацара аьлла.

2021-чу шеран Чиллан-баттахь Песковс комментарий ца йира "Новая газето" Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна зорбане яьккхинчу материалан хьокъехь, амма масех де даьлча тIетуьйхира, оцу кепара публикацеш бакъоларъяран органех хьакхалуш ю аьлла.

Иштта ала мегар долуш жоп делира цо Нохчийчоьнан Iедалхоша, журналистийн талламех "шаьш ларде" аьлла, бинчу кхайкхамна: кхеле довла йиш ю шун.

"Господин Песков, ахь со цецваьккхина! Оьрсийчоьнан бахархойн, вайшиннан махкахойн йиш ца хилла-кх шайн президенте, Конституцин гаранте Путин Владимире бовла", - дуьхьало йира хIетахь цунна Кадыровс.

Израилан Iедалхошка Палестинана хьалха гечдар деха аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедожорна жоп луш Кремлан векало юха а дагадаийтира, арахьара политикех жоп лург мила ву. Изза коментарий йира 2022-чу шеран Дечкен-баттахь Украина Оьрсийчоьнах схьатоха еза аьлла, Кадыровс динчу хьехарна а.

Ткъа, Анкархь керлачу паркана Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ДжовхIаран цIе тиллича, бехк баккхарна, Песковс билгалдаьккхира, кхеташ ду, иштта реакци хила а тарлора, хIунда аьлча, Нохчийчоьно ши тIом лайна аьлла.

Президентан пресс-секретаран масийттазза жоп дала дийзира, федералан кхелахо лаьттинчун хIусамнана, бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема лачкъорах лаьцна. Юьхьанца керлачу хаамах ца теша лиира Кремлан векална, тIаьхьо бакъоларъяран органийн компетенцина тIетевжира. Оцу скандала юккъехула Песковс хаамбира журналисташка, Путинан а, Кадыровн а цхьанакхетар хир дац аьлла. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан Iедалхоша (хьал башха ду, пачхьалкхан урхалхочун белхан цхьанакхетарх хаам Кремло ца бина хиларца) яздира, дийцарш хиларх. И тIечIагIдеш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кремлехь яьккхина видео яржийра.

"ТIеман партин" лидер

Кадыровн дIахьедарша гойту цуьнан шен хатI, ша шена пиар яр а, майралла гайтар а дезар. ТIом боьдучу юкъанна гучувуьйлу иза, шен дакъалацар даздеш, дарстош, политикан бонусаш хуьлу цунна цунах, аьлла хета политикан талламаш бечу Киеверчу "Пента" Центран куьйгалхочунна Фесенко Владимирна.

"Дуьйцург Кадыровн Мединскийца а, Песковца а къийсаме валар дац, Украинаца болчу тIеман агIончех дуккхаъчара шина а агIонна критика йира. Оьрсийчоьнан Iедал тахана кхеташ дац, хIокху хьолехь кхин дIа хIун дан деза. Оьрсийчоьнан политикан элита юкъахь йолу дикка къаьсташ "тIеман парти" ю, оцу хьолера вала дипломатин некъ лаха безаш хилар хууш, оцу юкъанна тоьлуш хилар тIе а чIагIдеш, толамца тIом берзош аьлла хета билламе "машаран парти" а ю", - билгалдоккху Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн эксперто.

Цуьнца цхьана Фесенкос тидаме оьцу, "тIеман парти" пацифистийн цахилар, конфликт кхин дIа яхлахь, дикка эшамаш хир буй хууш, иза еккъа дIа прагматике сатуьйсуш ю. Цундела оцу Оьрсийчоьнан элитийн тобанашна юкъахь дог-ойланца бIостане хилар дац – тактикех хьакхало уьш, стратегех ца хьакхало.

"Кадыров шен хьолехь нисвелла. Майралла а гойтуш, ставкаш лакхаяха ловзуш ву иза, нахалахь "тIеман партин" лидер хилла цунах Путинна уллохь цхьа къаьстина меттиг безаш. Оьрсийн элита кхачаяларан барам гойту цо", - кхин дIа дийцира политолога.

"Нохчийн паччахь" хилла ца Iаш, кхин дIа а шен позицеш чIагIъян хьийза Кадыров

Кадыровна а, Песковна юкъахь санна, иштачу девне хьелашкахь президенто Путина цхьа билламе баланс лохур ю, кхин дIа а шалха политика а лелош аьлла хета Фесенкона. Цо бахарехь, Мединскийгахула а, Песковгахула а шаьш дийцаршна кийча хилар дIагайта гIерта Кремль, амма баккъал аьлча, тIом дIабахьа лаьа цунна.

"Шен дегахьехамца Кадыровна хаьа, "тIеман партин" лидер Путин вуйла, цундела цуьнан шога дIахьедарша гойту, иза нийсса дIа, тешаме а волуш "путинхо" хилар", - дерзийра Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран декъашхочо, "Горячие точки" программин куьйгалхочо Орлов Олега тидаме оьцу, президентан администрацин куьйгалхочун гIовс хилла ца Iарх Песков: пачхьалкхан урхалхочунна хетарг дIаолу цо, цунна шена ала ца луучу заманчохь.

"ХIокху конфликтехь масех фактор ю. Хьал чIагIдалар, хIокху патриотикан моханехь Кадыровс толам баккхаре дог дохуш, ставкаш лакхаяхар. Чакхе йоцу, Украинехь тIом болийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша шена ен пиар. Массарна а гуш, бIаьрла, ницкъболу лидеран бренд шоръян лууш вара Кадыров, амма цхьана республикехь дозатоьхна. Масийттазза доза хадийра цо: йоллу Къилбаседа Кавказан лидераан формалехь йоцу статус яккха гIиртира, Оьрсийчуьрчу бусулбанийн лидеран а цхьана, хIоразза оцу тIехула Кремл реза а хуьлуш", - боху бакъоларъярхочо.

Цунна хетарехь, Украинера тIом Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, Москвано тоьхначу дозанел ара а волуш, федералан стенна дуьйцура, дуьненан а цхьана ловзархо хила кеп яра. Кхузахь, кхин дIа дуьйцу Орловс, хетарехь Кадыров "шен метта охьахаон" дагахь вац Путин.

"Тамашен хьал ду – Оьрсийчоьнан инарлаш, хетарехь, шаьш оьшур дуй а хууш, блицкриг хир йоцийла кхеташ, тахана "тIеман партин" лидерш бац. Схьагарехь, цаьргара схьа ду, тактикехь а, стратегехь а хийцамаш бар, Киевера а, Черниговера а эскарш юхадахар, дийцарш долор. Амма Путина тIом кхин дIа а беш бу. Цундела Кадыровс могуьйту шена зевне дIахьедарш, уьш пачхьалкхан куьйгалхочунна ца тан йиш яцарх а кхеташ. Оцу ситуацех пайдаоьцуш, "нохчийн паччахь" хилла ца Iаш, кхин дIа а шен позицеш чIагIъян хьийза Кадыров", - дуьйцу Орловс.

Бакъоларъярхочунна хетарехь, Песковгара бехкаш дахар доьзна ду, хьалхо Кремло президентан пресс-секретарехула массарна а гуш, шен метта Кадыров охьахаорца а, кIеда-мерза аьллехь а: «Кхеташ ду, Песковн багаца хIетахь Путина «юхаозийра» иза. Иштта цунна жимма а бекхам беш, тов Кадыровна», - дерзийра къамелдечо.

Мила ву бакъволу патриот

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь нохчийн бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара боху, Кадыров дегабааме, лахара эмоционале интеллект йолуш стаг ву. ТIом болабелчхьана, билгалдоккху къамелдечо, оьрсийн прапагандел а тIехсов пиар йо цо тIамна,- чIарх аьлла, нах бойъуш воккхавечу къизачу садистан репутаци дIанисйина цо.

"Амма мекхаш долчу "Путинан бето", Песковс, Кадыров цецвоккхуш, бакъволу патриот боху, гарехь, тIеман агрессина дуьхьал волу Ургант. Дера Кадыровга са тоха ца делира. Турпалхочун шолгIа седане а, кадыровхошна мидалш яларе а сатуьйсуш хила а тарлора иза, амма цкъачунна иза аьттехьа а дац. Оццул пиар хиллехь а, нахана гуш, цхьана а кадыровхочунна оцу баттахь пачхьалкхан совгIат дина дац", - дуьйцу бакъоларъярхочо.

Цунна хетарехь, Путинна там бархьама, Нохчийчоьнан куьйгалхо кийча ву шен уллора го а цхьаьна тIаме хьажон. Соьлжа-ГIаларчу дашочу шахьаршкахь бисса луучу цуьнан агIончашна товш дац иза.

"Шен мел дисинарг охьадиллинчу ставкех ваьлла иза. Къаьсттина [Зарема Мусаева] сан нана лачкъийначул тIаьхьа. Ша шена реабилитаци ярхьама шанс яра цунна тIом, амма схьагучу суьртаца, эшна цигахь а. Цундела Киев схьаяккха гIортар тIедожийна цо. Иза ца кхета, цунна гIирсаш шайн цахиларх", - дерзийра Янгулбаевс.

Оьрсийчоь Украине гIоьртичхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочух тIеман уггар а коьрта "ньюсмейкер" хилла. Телеграм-канале хIиттон цуьнан тексташ – цкъацкъа моттаргIане а, забаре а, цкъацкъа питане а, эхь доцуш а йолу – оьрсийн а, украинхойн а хаамийн гIирсаша дIасаяржайо цитаташ еш, ткъа дIалаьцначу меттигашкахь яьхна видеош тIеман министраллел а сих-сиха зорбане йоху.

Чиллан-беттан 24-чура схьа дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIамах лаьцна 300 гергга пост хIоттийна. Масийттазза кхерамаш тийсира цо цаьрца украинхойн тIеман буьйранчашна а, пачхьалкхан куьйгалхошна а. Фейкаш ю, хIиттийна суьрташ ду элира эксперташа цуьнан дукхахйолу тIамца йоьзна посташ. Политологашна хетарехь, Оьрсийчоьнан пропагандо жигара пайдаоьцу Кадыровх кхероран гIирсах санна. Оцу юкъанна тIеман аналитикийн а, украинхойн эскарийн а шеконаш ю, кадыровхойн тIамна пайде хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG