ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву турпалхо?


Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан орден "Дашо Седа".
Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан орден "Дашо Седа".

1988-чу шеран гурахь шуьйра даздеш дара Украинера цхьацца кIошташ Германин эскарх маьрша яьхна 45 шо кхачар. Щорс гIаларчу даздаршка кхайкхинера цигахь тIемаш бина ШолгIачу Дуьненан тIеман Нохчийчуьра ветеранаш, коьртачу декъана Шелан кIоштара бахархой.

Цу хиламах лаьцна дийца редакцино Украине хьажийнера со. Щорс вуно хаза Iалам долуш гIала хиллера. Сих-сиха шайн сурт даккхийта дIахIиттара 45 шо хаьлха цхьаьна тIемаш бина ветеранаш.

Мало йоцуш церан сурташ дохуш воллучу сан тидам цхьана хIуманна тIебахара. Сурт доккхуш хьалхарчу могIарехь а, юккъехь а хила гIерташ хуьлура накханаш дIалаьцна орденш а, мидалш а йолу цхьа нах. Царна юкъахь бацара, Щорс маьрша яьккхинчул тIаьхьа дукха хан ялале шаьш Сибрех хьовсийча, шайн мидалш дIакхиссина болу нохчий.

Амма царал а юьстах вуьйлуш вара лохачу дегIехь волу цхьаъ бен бIаьрг боцу цхьа стаг. ТIейоьхна басаяьлла шира плащ а, лелийна мачаш а, коьртахь тиша фуражка а йолу иза ларамаза нисвелла аьлла хеталора, эскархойн кителш йоьхна накха хьалха тоьхна хьийзачу цу тойнан кхечу декъашхошка юкъахь.

Иза сайна нийса ца хетарна, тIе а вахана, схьавоьлла, дIахIотта кхуза хьалхха, аьлла, цхьаъ бен йоцу нуьда дIа а яьккхина, белшаш тIера дIатесира ас цуьнан шира плащ.

Суна хьалха лаьтташ вара накха дIалаьцна йолчу орденашна тIехула оьллина дашо седа болу Советан Союзан турпалхо.

Сурт даккхина ваьлча юьста ваьккхира со оцу стага. "Хьо цецваьллачух тера дара сан седа гина, амма сан ойланца и лаьтташ болу нохчийн кIентий бара хьуна баккъалла а болу турпалхой", - элира цо соьга.

И стаг дагавера суна, Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан хьалхара цIе талларх лаьцна таллам беш.

Хууш ма хиллара, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчохь юкъаяьккхира Оьрсийчоьнан Федерацин Турпалхо цIе. И цIе тиллар уггаре доккха совгIат лоруш ду Оьрсийчохь.

26 шо хьалха Охан-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан указаца (№ 384) Оьрсийчоьнан Федерацин турпалхочуьнан цIе тиллира Осканов Суламбекана.

Инарла-майор а, тIеман пилот а, Липецкерчу пилотийн говзалла лакхайоккхучу центран куьйгалхо волчу Оскановс Чиллан-беттан 7-чу дийнахь шен дахар дIаделира, хIаваэхь доьхна МИГ-29 тIеман кема гIалана тIе ца дожийта.

Амма тамашийна дерг дара цуьнан хIусамнене дIабелла дашо седа номер 2 тIехь йолуш хилар. Иза муха нислора? Уггаре хьалха Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан цIе тиллинарг Осканов ву, амма дашо седа белларг шолгIа ву иза?

Советан Сюзан турпалхо Николай Антошкин тIеман хIаваан ницкъийн буьйранча хилла ву 1989-1993-чу шерашкахь Москох тIеман гонехь. Цунна хетарехь, Оскановна уггаре хьалхара дашо седа ца бала сацам бинарш бара Оьрсийчоьнан куьйгалхой.

Оскановх хьалха турпалхо ца хилийта бахьана карийнера Ельцинан гонна Оьрсийчоьнан №1 турпалхо дийна хила веза аьлла.

Цу кепара Осканов юридикан бух тIехь хьалхара турпалхо хиллехь а, хьлхара дашо седа белларг вара иза кхелхинчул тIаьхьа цхьа бутт ах бутт сов баьлча, "Мир" станци тIехь 311 де-буьйса а даьккхина, космосера лаьтта цIавирзина волу космонавт Крикалев Сергей.

Цунна турпалохочуьнан цIе елира Оскановна еллачу Охан-беттан 11-чу дийнахь, амма тIаьхьо арадаьккхинчу указца (№ 387).

Оьрсийчохь официалан кепара хьалхара турпалхо лоруш ву космонавт Крикалев. Иза нийса ду аьлла хетачу комментаторша ца оьшу, боху цу хаттарехь политика леха. Политика хиллехь Осканов гIалгIа а воцуш нохчо хила везара цуьнца харцо лело, аьлла хета царна.

Мухха делахь а, интернетехь хьалхара тарпалхо лохуш, масала, Google схьагойтург ву Осканов Суламбек.

Таханлерчу денна, Оьрсийчоьнан турпалхо ву аьлла, билгалваьккхина ву 1031 стаг. Царна юкъахь ву 19 нохчо. Царах 10-на трпалхочуьнан цIе елла, кхелхинчул тIаьхьа.

Нохчех хьалхара Оьрсийчоьнан турпалхо ваьлла 1996-чу шарахь нохчийн тIемалоша вийна волу Оьрсийчоьнан Iедалша Хьалха-Мартанан кIоштан администрацин куьйгалхо хIоттийна хилла Эльмурзаев Юсуп.

Вийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан турпалхочуьнан седа беллачарна юкъахь ву иштта Нохчийчоьнан президентан даржехь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Теркйист кIоштан куьйгалхо хилла Завгаев Ахьмад а, Веданахь вийна волу полисхойн тобанан хьалханча хилла Ямадаев Джабраил а, 1996-чу шарахь нохчийн хьалхара тIом боьдуш нохчийн тIемалоша вийна Веданан администрацин куьйгалхо хилла Загаев Амир а, кхин берш а.

Дийна а волуш, Оьрсийчоьнан турпалхо цIе елла ву нохчех 9 стаг. Царна юкъахь ву Нохчийн Республикан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG