ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къар ца луш дека Муцураев Тимуран аз


Нохчийн гоьваьллачу бардан Муцураев Тимуран иллеш социалан машанашкахь даржораш тIаьхьабевлла ларбо Нохчийчоьнан прокуратурано

Социалан машанашкахь экстремизме артиклаш лоьхуш рогIера мониторинг дIаяьхьначул тIаьхьа махкарчу прокуратурано масех административан гIуллакх даьккхира кегийрхошна дуьхьал.

"ВКонтакте" машанарчу шайн агIонаш тIехь Муцураев Тимуран ладогIа дихкина иллеш даржорна.

Нохчийчоьнан прокуратуран официалан сайта тIехь бина и хаам, кху беттан 8-чу а, 14-чу а деношкахь.

"Кавказ.Реалии" портал гIоьртира кегийчу нахаца къамелдан. Царех цхьаммо боху, гIуда а тоьхна, шен гIуллакх цхьалха даьлла. Юха а къастийра цо, гIудан барам мел бу, цхьа кIира даьлча бен хуийла дац шена аьлла.

"Царна уьш муха карийна тIаьхьакхуьуш вац со, 6-7 шо хан ю-кх ас уьш оцу сайн "ВКонтактерчу" агIон тIе оьхкина, суна-м диц а деллера уьш", яздо цхьаммо.

Оьрсийчоьнан Бехктакхаман Кодексан 20.29 артиклан къепе йохорна могIарерчу бахархошна 1000 тIера 3000 кхаччалц гIуда кхачадо я 15 де а, буьйса а хан йоккхуьйту чохь сацавой.

Нохчийчохь дуьххьара тIом болабеллачу шерашкахь къаьсттина яьржинера Муцураев Тимуран Исламах, Ичкерино латточу дуьхьалонах иллеш. Иза ша а вара гIаттамхойн могIаршкахь. ШолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Нохчийчоь дIатесира цо. Цхьана хенахь дозанал арахьа дара цуьнан вахар.

Цхьаццайолчу хьасташа дийцарехь, 2008-чу шарахь Кадыров Рамзана гечдарца, даймахка юхавеара иза, амма цуьнан гергарнаш Францехь бехаш бу хIинца а.

6 шо хьалха Кемеровн кIоштарчу Юрга гIалин кхело нохчийн бардан 20 илли ладогIа а, даржо а дихкина, экстремизме лоручу материалийн тептаре дехира.

"Эзар гергга Муцураевн тексташ цамаго хьийжира кхелахой. Къовсаме даккхал хIума ду и, цкъа делахь, оцу тептарехь иллеш лоьмарш хIиттийна ду, шолгIа делахь, Кемероверчу кхелан дехарца психолого-лингвистийн экспертизан чулацамехь боху, цхьана декъан материалашца экстремизман билгалонаш цахилар", яздо Информацин, аналитикан центро "Совас".

ХIетахь дуьйна Муцураевн иллеш шовкъе хиларца, иза гIараваьлла бард а волу дела а, ладугIурш цхьана Нохчийчохь хилла ца Iаш, дуккха а бу Оьрсийчоьнан регионашкахь а. Цуьнан иллеш бахьанехь кхело жоьпе ийзо болийна дуккха а кегийрхой.

Масала, 3 шо хьалха Рязанан кIоштарчу вахархочо бардан "Иерусалим" аудиофайл зорбане хIоттор бахьанненна гIада туьйхира цунна. Билгалдоккху, Балабанов Алексейн кино чохь оцу композицин дакъа ду хазош, амма и кино маьршша хьажа йиш йолуш ю.

2014-чу шарахь Кхарачойн-Балкхаройчуьра кхи цхьа вахархо а кхеле валийра изза "Иерусалим" илли бахьанехь.

Оццу шарахь Тюменерчу кхечу вахархочунна арахь даккха ши шо хан туьйхира социалан машанехь иллиалархочун композицеш яржорна.

Экстремистийн видеороликаш а, Муцураевн клип а зорбане яккхарна Таджикистанан вахархочунна дуьхьал а даьккхина дов.

Кемеровн кIоштарчу кхело Муцураевн иллеш доьхкуш сацам Iорабаьккхинчул тIаьхьа, кхи а цхьадолу бардан иллеш а дихкира.

Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо дийцира "Кавказ.Реалии" порталан журналситашка "Экстремизме лору бардан тIамех, маршонех иллеш. Прокуратуран белхахоша луьттуш ю йоллу интернет. Нагахь санна, дехказа илли карадой, тIаккха кхеле арз до цунна, цул тIаьхьа талламаш а бой, иза экстремизме лору.

Цул тIаьхьа буьйлало бехктакхаман гIуллакхаш ийда, и иллеш даржочарна дуьхьал", аьлла.

Масала, Соьлжа-ГIаларчу Альберта боху, шена хезна Муцураевн иллешна бехкам бинийла, амма хIинца а тIекхуьуш вац, муьлхарнаш ду ладогIа цамагораш.

"Нагахь цхьа бух а болуш, уьш доьхкуш делахь, адамашна хаийта ма деза, муьлха композицеш ю ладогIа йихкина. Юстицин министраллан тептаре хьаьжнера со цкъа, дукха деха а, дукха кегаре а дара и тептар. Цундела суна хаьа магийна доций Муцураев Тимуран иллеш, амма цIерашца хууш дац, муьлхарнаш ду.

Ас-м ла а ца дугIу цуьнан иллешка, амма тахана а везаш, тIеоьцуш ву и бард, цундела прокуратура юьсур яц бан болх боцуш", элира Альберта.

Хьалхо "Кавказ.Реалии" портало яздинера, интернетехь муха дуьхьало латтайо ницкъаллийн струтктураша экстремизмана.

Масала, оцу дуьхьалолатторан центран белхахоша социалан машанашкахь билгалйоху шайн шеконаш кхоллаелла аккаунташ, цул тIаьхьа, оцу агIонийн долахой шайх тешош, юкъаметтигаш лелайо.

Эксперташа чIагIдарехь, дукха хьолахь полисхоша шаьш провокаци лелайо кегийрхошлахь, цаьргара зуламаш дийлийтархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG