ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина хьокъехь таллам бина Iамеркера Pew Research Center-о


​Украинехь хIоьттина хьал дуьйцуш хетало и пачхьалкх шина декъе екъалуш ю аьлла. Оьрсийчоьнан пропагандех тешачу нахана хета цу тайпа пачхьалкх хилар ларамаза нисделла хIума ду.

Украинера а, Оьрсийчура а бахархошна хетарг теллина кху деношкахь Iамеркехь туп тоьхначу йозуш йоцучу Pew Research Center (Пью Ресёрч Центр) олучу талламан центро.

Pew Research Center-о бинча талламаш бира Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа, Одессехь иттаннаш адамаш а дойуш а, кхечу гIаланашкахь а тасадаларш дуьйладалале хьалха. Цу талламан жамIаш гайтарехь, дукхах болчу украинахошна шайн пачхьалкх бекъа белла боцуш мохк хила беза аьлла хета.

Украинахошна юкъахь 77 процент нах бу шайн пачхьалкх цхьаалин кеп йолу хила беза аьлла хеташ. Ткъа 14 процент украинахошна хетарехь регионийн бакъо хила еза, нагахь шайна лаахь Украинех дIакъаста.

Киевна гонах йолу юккъера территори а, ткъа иштта Полшин а, Словакин а, Венгрин а дозанашца йолу кIошташ а юкъайогIуш йолчу малхбузерчу Украинехь 93 процент бахархой бу пачхьалкхан хIинцалера кеп хийца мегар дац аьлла хеташ. Изза ойла йолуш бу малхбалерчу регионехь бехаш болу 70 процент бахархой а. Цу регионана юкъайогIуш ю Iаьржачу хIордаца а, Оьрсийчоьнан дозанца а йолу кIошташ.

ГIирмера 54 процент бахархой бакъо хила еза аьлла хеташ бу регионийн Украинина юкъара йовла.

83 процент оьрсий бIаьрг буьзна бу шайн презхидентах Путин Владимирах. Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахь цо дийриг деррриг а нийса ду аьлла хета царна. 2012-чу шарахь цу нехан терахь дара 69 процент.

Путинах цхьа а шеко а йоцуш тешаш бу 52 процент бахархой. Ши шо хьалха и нах 37 процент бара.

Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнах дIакхеташ йина йолу референдум къомал йина яц дуьненаюкъаралло. Амма оьрсашна и проблема кхечу агIор го. 84 процент Оьрсийчура бахархой тешна бу и референдум маьрша а, нийса а яра аьлла.

Оьрсийчура 89 процент бахархой бу Украинин Iедалша цуьнан жамIаш къобул дан а деза, ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхетийта а еза аьлла хеташ.
XS
SM
MD
LG