Норвегин полицино дIалаьцна шен куьйга бомба йина волу Оьрсийчура схьаваьлла вахархо. Норвегин кхерамазаллин сервисан векалша бинчу хаамца, 17 шо долу и жима стаг Ослохь Грёнланн кIоштахь эккхийтар дан кечлуш хилла.
Полицин сервисан прокуроро хаам бина иза дIалацаран бахьана оьккхуьйту молха лелор ду аьлла. Талламхой цкъачунна шеконехь бу иза теракт кечйеш хилла бохучух. Цара дийцарехь, Оьрсийчура махкахочуьнгахь карийнарг ю куьйга йина бомба.
Полицино дIалаьцна стаг муьлхачу къомах ву дуьйцуш дац.