ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карор доцу жоьпаш лаха ваханера Соьлж-ГIала дипломат


Швейцарин Оьрсийчуьра векал Россье Ив.
Швейцарин Оьрсийчуьра векал Россье Ив.

Швейцарехь ю Нохчийчохь 1995 - 2006 шерашкахь яьккхинчу видеохроникан архив.

Швейцарин Оьрсийчуьрчу векалаллан делегаци хилла Нохчийчохь белхан визитца, шен коьртехь векал Россье Ив а волуш. Кхаарин дийнахь дипломаташ цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикан куьйгалхочо Iуналла дечу махкахойн юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолу Кхеташонан декъашхошца. Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчохь вевзаш волу юкъараллан жигархо Истамулов Iабдул.

Цо дийцарехь, Нохчийчохь Швейцарин дипломаташна хаа луург дара лаххара а кхо хIума.

Истамулов: «Кху Нохчийчохь дерг а, кху чохь дуьйцург а, Оьрсийчоьнан низамаш муха лелаш ду а хаьа лаара царна. Юха и цхьа стаг-зуда бохуш нах бу-кх, царца (Iедалан) йолу юкъаметтиг муха ю кхузахь, иза бакъ дара я дацара (уьш хьийзор) аьлла, иза а хиттира цо.

Юха, ваххабизм олу-кх вац цуьнах, цу тайпа болчу нахаца юкъаметтиг а, и юкъаметтиа дIамухаерзийна а, царьрца къийсам муха лелабо аш аьлла, оцу кхаа хаттарехула къамел дира цо".

Нохчийчохь хиллачу тIамех а, кхечу бохамех а бевдда бахана вайн нехан иттаннаш доьзалш бу таханалерчу денна Швейцарехь бехаш. Истамуловс дийцарехь, цу нахах лаьцна дийца ца лиира цу мехкан Оьрсийчохь волчу векална Россьена. Амма шаьш дехар дира цуьнга вайн махкахошка ладугIуш хилахьара аьлла, бохуш вара Истамулов.

Нохчийчу сих-сиха кхочу Малхбузерчу Европера пачхьалкхашкара делегацеш. Нохчийчуьра хьал шайн бIаьргашца ган царна лаар ларамаза дац. Цу шайна гинчун тIетевжаш бо цу пачхьалкхийн Iедалша нохчашна шаьш гIо дан деза я ца деза, нагахь деш хилча муха хила деза иза бохучух сацам.

ДIоггара къайле яц тIаьхьарчу хенахь Нохчийчуьра мухIажираш тIеэцар Малхбузенехь лахдина хилар. Цхьана декъана иза доьзна ду нохчийн даймахкахь хьал, тIом болчу хенахь хиллачуьнца дуьстича, мелла а дикачу агIор хийцаделла хилар.

Швейцарин Iедалех лаьцна аьлча, царна дика хаьа Нохчийчохь хилларг-лелларг. Цунна тоьшалла ду оцу пачхьалкхехь хилар цхьанха а йоцу Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь 1995-2006 шерашкахь яьккхинчу видеохроникан архив.

Иза гулйинарг ю Iедалшца йоьзна йоцу «Репрессеш лайначу къаьмнийн юкъаралла» (Gesellschaft für bedrohte Völker — GfbV) олу вовшахтохаралла.

Ерриг а оцу архиван фондехь ю 1 270 видео. Царна юкъахь ю тIеман зуламаш деш тешаш хиллачу эскархошца а, журналисташца а, Оьрсийчоьнан эскарша йохийначу ярташкара бахархошца а, церан доьзалхошца а йина интервьюш. Иза гулйеш жигара дакъалоцуш ю Швейцарехь ехаш йолу нохчийн бакъонашларъярхо Гашаева Зайнап а.

Швейцарин векалх Россьех лаьцна аьлча, иза цу мехкан Оьрсийчуьрчу векалан дарже хIоттийна хIара шо далалуш. Лакхохьа къамел динчу, Истамулов Iабдуллас ма дийццара, Швейцарин делегацин декъашхоша хаийтира шаьш гIо дан лууш хилар, Нохчийчуьрчу бахархошна юкъахь радикалан ойланаш кхоллалуш болу нах мелла а кIезиг хилийтарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG