Украинхойн эскаро контртIелатар а дина, шен дола юхадерзийна эзарнаш йиъкIов километраш мехкан латтанаш, Балаклея, Изюм, Купянск, Волчанск гIаланаш маьршаяьхна – ерриг бIе гергга эвланаш. Харькован кIоштера юхабовларх "эскар чудерзоран а", Донецкан кIоште "дIехьадаккхаран а операци" аьлла оьрсийн эскарша. Цул тIаьхьа тIеман министраллин куьйгаллина критика йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, тIаьххьарчу беттанашкахь тIеман коьртачех цхьа пропагандхо хилла цунах. Москвана "стратеги хийцар" тIедожийна цо, амма тIаккха шен дешнаш юхаэцна, эскар юхадаьлла дац, аьлла тIе а тухуш.
Украинан тIеман министран гIовсо Маляр Аннас бахарехь, маьршадаьхначу латтийн барам гезгмашин-беттан 14-хь 8,5 эзар йиъкIов километр бу – ВСУ-н аьтто баьлла Харькован кIоштан 388 эвланаш юха а шайн караерзо, цигахь веха 150 эзар стаг.
Украинан ТIеман ницкъаша кхиамца контртIелатар дина, бохуш хаамаш баьржича, гезгмашин-беттан 11-хь Кадыровн телеграмерчу каналехь итт минотехь болу аудихаам гучубелира. Халонца, цецвийларца украинхойн гIаланийн цIерш йохуш, хьал "вуно интересе" ду, "инзаре а ду" элира цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерам тессира, ша тIеман министраллин а, пачхьалкхан а куьйгаллица "къамелдан декхаре хир ву", аьлла, "долу хьал царна кхетийта", тIейогIучу хенахь тIом баран стратеги ца хийцалахь.
Уггар хьалха вайна уьш баккъала болчу тIамехь гина цахиларца къаьста рогIерчу эскарах Кадыров а, цуьнан буьйранчаш а
"ГIаланаш дIаяларх со кхеташ вац, хIунда аьлча суна ца хаьа, муьлха стратеги хаьржина тIеман министралло", - аьлла цо, украинхойн эскарша контртIелатар дечу юкъанна Оьрсийчоьнан официалерчу хьаькамаша "хIумма ца дуьйцура, дIа ца хьедора, шайн дерриг гушшехь".
Стратегина Кадыров реза ца хиларна а, "пачхьалкхан куьйгалле вала" планаш хIитторна а Кремлехь тидам бира. Пачхьалкхан куьйгаллица Кадыровс къамелаш дарх лаьцна долчу журналистийн хаттарна жоп луш Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс жоп делира, "цара (Кадыровс, Путина а. – Редакцин билг.) тоал сих-сиха къамел до тайп-тайпанчу хаттаршна тIехула, амма "цкъачунна графикехь къамел дац".
Масех де даьлча Кадыровн телеграмерчу каналехь керла кхайкхам арабелира – хIинца 17 минотана. Цигахь нохчийн политико хуьйцу шен къамел, тIамах тIом ала а волало иза (хьалхо "лерринчу операцих" "тIом" аларна Москвара муниципалан депутатана Горинов Алексейна 7 шо хан туьйхира набахтехь яккха, "фейкийн" артиклехула". – Редакцин билг.). Шен резеденцин учахь хиина а Iаш, Кадыровс хаамбира, оьсрсийн эскархой "цанхьа юхабовлуш бац", тIаккха "тIом, йа леррина операци – цхьана агIонна дуьхьал хуьлуш яц". Эскарш юхадахарх лаьцна хаамаш - уьш "чукхийсарш, малхбузенан питанаш" ду аьлла цо, тIетоьхна, оьрсийн инарлийн "стратеги гуттара говза ю", уьш "вуно дика кхета тIеман гIуллакхийн говзаллех".
"Леррина операцих дерг дийцича, дукха хенахь дуьйна тIеман тийсдаларш хилла царах. Соьга хаьттича, ас тIеман хьал хIоттор дара", - дIахьедина видео тIехь Кадыровс, юьйцург Оьрсийчохь официалехь кхайкхийна йоцу мобилизаци ю. Цо хаамбира, кхин а исс эзар стаг Украине дIахьажо кийча ву ша, чIагIдора, нохчийн тIеман тобанаша цигахь тийсдаларш сацор дац, "леррина операци" чекхъялахь а.
Кадыров Кремлан къаьсттинчу чоьтехь ву, цундела шена луург дийца аьтто бу цуьнан, тидам бо Белокиев Ислама, Украинехьа тIом беш йолчу Шейх Мансуран цIарах йолчу лаамхойн батальонан пресс-секретаро.
"Путино кIеза санна харжина ву иза. ХIинца Кадыровна пурба делла кертахула ида, шена луучахь кхачанах кхета а. Цхьанна а бакъо яц цунна новкъарло йан. И "кIеза" инарлашна, политикашна, эфэсбешникашна тIеуьду… Хьалхо иштта лелара Жириновский Владимир а. Кадыровс шена ала магийнарг ду цо дуьйцуш, Путинна, хетарехь, ала лиънарг а", - хета Белокиевна.
Цо бохучунна реза ву политолог Кутаев Руслан: "Кадыровс ша Путинца вихкина массо ханна. Путин Iедалх хадахь, Кадыров массочу хIуманах хеда – Iедалх, маршонах, дахарах. ТIеман министраллина, лерринчу сервисашна иза бIаьргван ца веза. Аса ца дуьйцу Нохчийчуьра Iедална реза боцучу шортта нахах лаьцна, оьшу хьелаш хилча Кадыровна дуьхьалбевр бу уьш".
ТIеман министраллина, лерринчу сервисашна иза бIаьргван ца веза
Кадыровс йолае бохуш йолу мобилизацих дерг дийцича, из Нохчийчохь хIинцле а йоьдуш ю, билгалдоккху Белокиевс.
"21 шарера 49 шаре кхачалц болу божарий хьалххе дуьйна декхаре бора полицин декъе а богIуш, бехказвийларан кхехаташ яздан, тIаме ваха стенна ца лаьа, бохуш. Мобилизаци кхайкхийна меттиг ягIахь, сатуьйсу ас, юкъаралло жоп лург хиларх. Нах дукха хенахь дуьйна самбевлла, царна Кадыров бIаьргван ца веза, сатуьйсу, [салтийн] дайша-наноша мукъана реакци йаре. Нах шаьш гIорасиз диссарна кхоьруш хиларна ду цара иза лелош", - тешна ву Шейх мансуран цIарах йолчу лаамхойн батальонан пресс-секретарь.
Сайтийсинарг/хилларг
Гуьмсара оьрсийн спецназан университет (баккъала а доьшийлан статус яц цуьнан. – Билг.) Оьрсийчохь йолахой кечбаран коьрта майда ю. Хаамбора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора тайп-тайпанчу регионашкара. Цунах лаьцна видеош Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь гучуюьйлура – тIом беш болчу кадыровхойх лаьцна посташ санна.
ТIом болабеллачу эха шарахь оцу каналан аудитори масех итт эзар вазвалархочунна тIера шиъ, ах миллион стаге кхачалч йистина, хьажош доцуш герз кхийсарна Кадыровна уллорчу нахах "тикток-эскархой" аьлла. Нохчийн политикан телеграмерчу каналехула ган йиш ю, муха хийцалора цуьнан тIемца болу сатийсамаш, цуьнан куьйгкIелара тIеман тобанаш муха юхайовлура а.
ЧугIортар доладелча Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттаза дIахьедира, "Киев яккха" лаам хиларх. Масала, зазадоккху-беттан 5-хь Кадыровс видео арахийцира гIорийначу латтехула йоьлхучу оьрсийн танкашца, иштта дешнаш а яздеш: "Кеста ерриг Киев тхан хир ю". Зазадоккху-беттан 6-хь Кадыровс юха а дIахьедира, "эскар, графикехь дийцина ма-хиллара, Киевна тIекхочуш ду". Зазадоккху-беттан 8-хь политико дийцира, Украине "шен ваха лаам хиларх", тIаккха тIетуьйхира: "Соьга Киевехь ладегIа".
Зазадоккху-беттан 20-хь Кадыровс дош делира Украинан коьртачу гIала хIонсан машенахь вогIур ву ша, аьлла, амма оцу беттан чакхенехь оьрсийн эскархой юхабевлира Киеван кIоштера. ВСУ-но дуьхьало ярна хилира иза.
"Цхьа а барт оха бийр бац, иза Медийнскийс (Мединский Владимир – Украинаца дийцарш даран оьрсийн делегацин куьйгалхо. – Билг.) даьккхина гIалат ду, нийса дош ца хаьржина цо", - дIахьедира оцу хенахь Кадыровс, "лаккхарчу буьйранчас" ша "долийнарг иштта дIатосур дац", аьлла тIе а тухуш.
Киеван уллехь кадыровхоша тIемаш бора Бучехь а, оьрсийн эскархой дIабахча бIеннаш маьршачу нехан декъеш керийнера цигахь. Украинхойн Iедало нохчийн "Север" полко дакъа лаьцна элира Бучехь, Ирпенехь, Гостомелехь дуккха а нах байъарехь.
ТIеман дуьххьарчу деношкахь Киеван агIонехула гулбина бара 25 эзар Къилбаседа Кавказан регионашкара эскархой, царах мел кIезга 10 эзар – шайх кадыровхой олурш а болуш, чIагIдора Украинан президентан офисерчу хьехамчас Арестович Алексейс. Цо бахарехь, Нохчийчуьрчу тIеман тобанашна хьалха хIоттийна Iалашо йара Киев схьаяккхар, иза чIагIдора Кадыровн посташкахь а. Амма республикера ницкъахой оцу тIедилларца ца ларийра.
БIаьста тIомбар ледара хиларна кадыровхой Кивеван кIоштерчу Мариуполе дехьабехира, "дукха ца Iаш иза схьайоккхур ю", аьлла 30-за дIахьединера Кадыровс зазадоккху-баттере охан-батте кхачалц йолчу хеначохь. Оцу хенахь Мариуполь хIора денна аьлча санна хьехош яра Кадыровс шен каналехь. Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира "Азовсталь" завод "схьаяккхарх, дIацIанорах", амма Оьрсийчоьнан тIеман министралло иза стигалкъекъа-беттан 20-хь бен тIе ца чIагIдира.
"ТIом бан безаш хилахь цара хIун лелор ду?"
Кадыровс зевне дIахьедарш деш, цуьнан телеграмерчу каналехь керла видеош хиллехь а, баккъала а кхераме долчу тийсдаларшкахь кадыровхоша хIинца а дакъа ца лаьцна, цундела уьш мел эвсара бу ала йиш яц, дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Conflict Intelligence Team (CIT) йозуш йоцчу талламан тобанан аналитико Михайлов Кирилло.
"Оьрсийн рогIерчу армех Кадыров а, цуьнан буьйранчаш а къаьсташ бу, церан [ницкъ] вайн баккъала болчу тIамехь гина цахиларна. Вайн хIинца а ца хаьа уьш мел эвсара бу. ШолгIа далахь, цаьргахь оццул еза техника яц. Яккхийра тоьпаш, танкаш, кеманаш цаьргахь дац – "ЧВК Вагнераца" буьстича, дуьйцуш мел тамашена далахь а. Цул сов кадыровхой кхечу хьукматана юкъабогIуш бу – Росгвардина. Хетарехь еза техника цахилар цуьнца доьзна ду. Амма, кхеташ ду, уьш шена Кадыровн куьйгкIелахь хилар", - боху къамелдечо.
Луганск, йа Донецк эшначул тIаьхьа Кадыровн леррина дакъош Москвахь жигара хьийзар ду
Амма, билгалдоккху Михайловс, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхин а цхьа полк, кхо батальон а кхолларх дIахьедина, уьш ТIеман ницкъийн чоьтехь хир ю: "Цаьргахь а ю гIагIдиллина техника, керла евлла БТР-82, пикапаш, кхинаш а. Амма уьш а чолхе ницкъаш бац, хаац, уьш мел эвсара хир ю, церан баккъала тIемаш дан дезахь".
Кадыровхойн ницкъаш – цхьаэшшар дац, тIетуху тIеман эксперта.
"Лаккхара "преторианан гварди" ю (Риман империн императоран долара хадархой. – Билг.), иза "тиктокаш" йохуш лелаш ю. Амма вайгахь баккъала тоьшаллаш дац, уьш заградтобанаш санна лелайо бохучунна, амма цхьа муьлхха а оккупацин белхаш церан лело йиш ю, - дуьйцу Михайловс. – Кхин а шайх кадыровхойн лаамхой олурш а бу, царах оха "околокадыровцы" олу. И нах Нохчийчохь гулбина ца Iа, кхечу регионашкара гулбо, цара тIеман тийсдаларшкахь дакъа лоцу гIашсалтийн кепехь. Тхуна уьш Северодонецкехь гора, Лисичанскехь котел хIотто гIертачу хенахь а. Украинхойн салтичунна тIехь Iазап латтош хиллачу видео тIехь гина хила а тарло шуна и тоба".
Conflict Intelligence Team тобанан талламхочо бахарехь, кадыровхоша цкъачунна шаьш "юккъерчу барамехь" гайтина, кхечу муьлххачу а оьрсийн лаамхойн тобанашца буьстича: "Кхузахь ала хала ду, цара хIун лелор ду, церан тIомбан безаш хилахь, - иза бан безаш хила тарло".
Интернетера буьйранчаш
Гезгмашин-баттахь ВСУ-но кхоччуш контртIелатар дича 1300 гергга Кадыровца воьзна эскархо Херсонан кIоште дехьаваьккхира, дуьйцура Украинан коьртачу штабан оперативан хаамашкахь. Чиллан-баттахь тIом болабелча оьрсийн эскарша оккупаци йина йолу Херсонан кIошт тIаьххьарчу хенахь даккхийрачу тийсдаларийн коьрта центр хилира.
Кадыровхой Украине юхабахкарх дIахьедира пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутата Делимханов Адама. Сепаратистийн "ДНР-хь" "фронтан массочу агIонехула тIелата" лаам хиларх дийцира цо, иштта Херсонан, Запорожан, Харькован кIошташкахь.
Виртуалан маьIна долчу нехан дешнашна комментарий йан тамашена хета, аьлла реакци йира оцу видеона Украинан президентан офисан хьехамчас Подоляк Михаила "Ходорковский Live" программехь.
"Иза тхуна кIезга оьшу, хIунда аьлча баккъала долчу хьолаца юкъахь цхьа а зIе яц церан. Кадыровхойн турпалхойн тобанех лаьцна и дерриг дийцарш… Луганск, йа Донецк эшначул тIаьхьа Кадыровн леррина дакъош Москвахь, цуьнан кIоштехь, Садован гонехь жигара хьийзар ду – Оьрсийчоьнан элитица", - дерзийна Подоляка.
***
- Гезгмашин-беттан 15-хь Кадыров Рамзана кхайкхам бина оьрсийн регионашкарчу губернаторшка цхьацца эзар "лаамхо" кечве Украинерчу тIаме хьажо, аьлла. "Самомобилизаци" оьшуш хиларх дIахьедо цо шен телеграмерчу каналехь.
- Американ финансийн министралло Украинера тIом бахьанехь санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан цхьаболчу доьзалхошна а дуьхьал. Кадыров Рамзанан бизнесерчу интересех хьакхалур ю керла санкцеш, иштта цуьнан Юххерчу Малбалерчу репутацех а, аьлла хета Кавказ.Реалиис хеттарш динчу эксперташна.
- Украинан Iедало а, дуьненаюкъарчу хьукматаша а дIахьедо оьрсийн эскаро малхбалера дакъошна оккупаци йечу юкъанна даккхийра тIеман зуламаш дина хиларх. Иза лелоран декъехь хила мега шайх кадыровхой олурш а.