ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремисташ Оьрсийчоьнан махкаллах бохур бу Путина


Оьрсийчоьнан президенто дийцарехь, экстремисташкара Оьрсийчоьнан махкалла дIадаккха некъ карор бу Iедалшна.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, шайна некъ карор бу экстремистийн вовшахтохараллийн могIаршкахь болчу шайн бахархашкара Оьрсийчоьнан махкалла дIадаккха аьлла.

Оьрсийчоьнан конституцино бакъо ца ло бахархой даймахках баха. Цуьнца доьзна Iедалша сацам хийца мегаш бу, Оьрсийчоьнан паспорт луш бухадиллинарг юха а даьккхина, элира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира «Мир» телекомпанина ша еллачу интервьюхь.

Путин Владимир.
Путин Владимир.

Хьалхо гучудаьлларг ду, Петарбухерчу метрохь теракт ярна бехке хила мега аьлла лаьцна ГIиргIизойчохь вина Джалилов Акбаржон Оьрсийчоьнан гражданин хилла хилар 2011-чу шарахь, цуьнан да еххачу хенахь Петарбухехь ваьхна хилар бахьаница. Дуккха а комментаторшна хетарехь, Джалиловна Оьрсийчоьнан паспорт далар гIалат дара миграцин сервисан.

Петарбухерчу метрохь хилла теракт толлуш лаьцна ву 8 стаг. Талламхоша хетарехь, уьш экстремистийн тобанийн декъашхой хила мега.

ДIалецнарш Юккъерчу Азера схьабевлла нах бу. Хьалхо ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александара дIахьедар дира, Оьрсийчуьрчу террорхойн тобанийн бух коьллинарш бу СНГ-на юкъайогIучу пачхьалкхашкара мигранташ аьлла.

Даймахка юхаверза бакъо дIаяккхаро ларбийр бу Казахстанан махкахой терроран организацех дIакхетарх аьлла, хеташ ву цу мехкан президент Назарбаев Нурсултан. И дIахьедар цо дина, Путина санна, «Мир» телекомпанина еллачу интервьюхь.

Назарбаев Нурсултан.
Назарбаев Нурсултан.

«Казахстанан низамашца а догIуш, нагахь вайн махкахо дIа а вахана, цхьана экстремистийн организацех дIакхетахь, даймахка юхавалур вац иза, автоматан кепехь махкахо волчура дIавоккхуш ву иза", - бохуш вара Назарбаев.

Цо дийцарехь, Исламан Пачхьалкх олучу экстремистийн тобанна юкъахь ву карарчу хенахь 500-600 казах. Цигара цIабирзинчу махкахошца профилактика яран болх бан хьевсира шаьш, амма цо жамI ца деара, бохуш, дийцира Казахстанан президенто.

Цундела шаьш сацам бира цу нахана цIабоьрзу некъ бехка, бохуш вара Назарбаев.

Карарчу хенахь цу хьокъехь керлачу низаман проект кечйина Казахстанан юстицин министралло. Цу низамца а догIуш, Казахстанан махкахой даймахках бохур бу дуккха а бахьанашца.

Терроризм лелор а, экстремист хилар а доцург цу бахьанашна юкъахь ду Казахстанан «хьалхара президент – Елбасы» вен гIортар.

XS
SM
MD
LG