ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна бакъонашларъярхой лохуш бу нах


Georgia -- Ingush human rights activist Magomed Mutsolgov, undated
Georgia -- Ingush human rights activist Magomed Mutsolgov, undated

Муцольгов Мохьмадехьа дукха нах бу кхаж тосуш «Къилбаседа Кавказера бакъонашларъяр эвсардаккхарехь а, регионехь терроризм эшорехь а гIолацар» цIе йолчу номинацехь. Нагахь санна бутт юккъе кхаьчча цуьнан цIе наха ишшта язъеш латтахь, и хила тарло адамийн бакъонашкахула йолчу Оьрсийчоьнан президентан кхеташонехь.

Верриг а оцу кхеташоне кхача луург 190 стаг ву. Царех 17 регионашкарчу бакъонашларъярхоша хьалхатеттина, 32 оцу кхеташонехь хьалха дуьйна а болх беш схьабогIу декъашхой бу, бухабисинарш - цхьацца йозуш йоцчу цхьанатохараллашкара нах.

Муцольгов Мохьмад ГIалгIайчохь а, цул арахьа а вевзаш юкъархо ву. Ша оцу кхеташонна юкъа водахь, дуьххьара ша айдендолу хеттарш цо иштта билгалдехира.

Муцольгов: "Вай долчохь бакъонехь доцу хIуманаш ца леладайта а, байна нах схьалахар а, керланаш ца байтар а. Уьш ду-кх цигахь уггаре хьалха дийца оьшурш".

Бакъонашларъярхоша Iедалшца цхьана болх бан беза, аьлла хета Муцольговна. Оцунна бен ша цига ваха лерина а вац, боху бира цо.

Муцольгов: Дела воцчунна, цхьанне а хууш дац чекх мила вер ву. Соьца цхьана тобанехь болу нах и болх беш схьабогIу дикка хан а ю. Вай массара а шен-шен меттехь болх бича пайда ма хуьлий. Iедалшца юккъараллийн цхьанаткхетараллаша болх юкъахь беш хилича, жамI дика хуьлу. Сан шеко яц, Iедало мел тIе ца эцахь а, болх цхьана беш цахилар системан сакхт ду".

Муцольгов Мохьмад Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна юкъаваха хакъдолуш бакъонашларъярхо ву, олий, лаккхара мах хадабо иза вевзачара. Мохьмад тахана шайлахь уггаре а дукха а, жигара а болх бийриг ву, элира гIалгIайн бакъонашларъярхочо Сакалов Арсена.

Сакалов: "Мохьмад дукха хан ю суна вевза. Цо болх а бо дукха. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а долу хьал цо ца хеддаш дIакхайкхадо. Иза оцу кхеташоне хаьржича, вайна иза вуно пайде хир ву.

Муцольгов Мохьмад бакъонашларъярхойн могIанашка кхачар ларамаза ца нисделла. 2003-чу шарахь цуьнан жимха волу волу ваша Бешар лачкъийра официалан низамхоша. Шен ваша лохуш, накъосталла доьхуш, «Мемориалан» Несарарчу декъе ша кхаьчча, цигахь дуьххьара ойла кхоллаелла цуьнан бакъонашларъярхойн цхьанатохаралла кхолла. ХIетахь дуьйна, адамийн гIайгIанашкахьа къийса негат а дина, Iедалшкара юьйлу харцонаш Iорайохуш а ву иза.

Таханенна долчу хьолана, 30 процент ца кхоччуш кхаьж тесна цунна. Кхеташоне ваха оццу номинацехь Муцольговца къовсалуш ву кхин а 5 стаг. Царалахь ву журналист Шевченко Михаил, «Къизаллина дуьхьалояран комитетан» куьйгалхо Каляпин Игорь, Дагестанера адвокат Кадиев Расул, «Инарла Лебедан машарбаран миссин» куьйгалхо Мукомолов Александр. Амма Муцольгов ву цкъачунна массарел а дукха кхаьжнаш гулбинарг.

Харжамашкахь тоьлларг адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоне ма-воддара чекхволу бохург а дац аьттехьа а. Оьрсийчоьнан президентехь бу тIаьххьара къастам. Цо тIачIаъян еза тоьллачун кандидатура.
XS
SM
MD
LG