ХIора шарахь ша беш хиллачу тIаьххьарчу шен Парламенте болчу кхайкхамехь Путин Владимира дийхира Пачхьалкхан Думехь йолчу 4 партин депутаташка цхьана болх бахьара, аьлла.
Путин Владимир: Оьрсийчоь вайн цхьаъ бен яц. Ткъа цуьнан кхузаманахьлера кхиар Iалашо хила еза массо а цхьаъ кхуллуш болх бан лууш болу политикан ницкъаш цхьанатухуш йолу.
Путин Владимир кхозлагIа а Оьрсийчоьнан президент хIуттуш инаугураци хир йолуш ю Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь. Шен метта премьер-министар хIотто дагахь ву иза Медведев Дмитрий.
Парламентана хьалха вист хуьлуш, Путина лаккхара мах хадийра ша Iедалан куьйгаллехь бинчу белхан.
Стоха ГIура-баттахь хиллачу парламентан харжамашкахь харцонаш лелийна, аьлла а, Путин юха а мехкан куьйгалхо хIотта дагахь хиларна а, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, дуьхьлонан акциш хилира Оьрсийчохь. И хан йита еза бохуш вара Путин.
Путин Владимир: Пачхьалкх чекхяьлла парламентан а, президентан а гIоьртинчу харжамийн периодах. Ткъа тахана хаалуш ю цу хилла болчу политикан кхийсамийн билгалонаш. Амма кхиинчу демократин логика ю харжамаш дIа а боьрзий, цхьанаболх беш йолу дуккха а мехала йолу период дIайолалуш хилар.
Шен къамелехь Путин Владимира дозалла дира ша Оьрсийчоьнан экономика юхаметта хIоттийна, аьлла.
Цо чIагIдарехь, 2008-чу а, 2009-чу а шерашкахь хилла йолу экономикан кризис вуно кхераме хилла Оьрсийчоьнна, иза йоха а кхерам болуш. Амма стохка гайтинчу жамIашца а догIуш, дерриг а дIанисделла Оьрсийчохь, бохуш вара иза.
Путина дийцарехь, боккха кхиам бара цуьнан Iедалан Оьрсийчурчу бахархойн терахь I43 миллионе хьалагIортар. Махкара демографин кризис сацо аьтто баьлла, аьлла, билгалдаьккхира цо.
«Нийсоанан Оьрсийчоь» партин цIарах хаьржина болу депутаташ хьала ца гIиттира Путин Владимир Пачхьалкхан Думехь къамел дан чувеача, бохуш, хаам бо зорбанан гIирсаша.
Путин Владимира къамел дале хьалха дуьхьалонан акци ян дагахь хилла волу масех жигархо дIалецира полицино. Царна юкъахь хиллачу Бачина Иннас иштта элира, шаьш арабаьккхинчу некъах лаьцна Рейтерс агенталле.
Бачина Инна: Тахана со кхуза еана Путина еш йолчу харцонашна со реза ца хилар гайта. Билггала цо тахана Оьрсийчоьнах набахте еш ю, хIунда аьлча, цхьа а хIума ала а, хетарг дийца а аьтто бац.