Дагестанера дуьхьалонаш, дуккха а нах лецар
БIеннашкахь Дагестанан бахархой мобилизацина дуьхьал протесташка арабевла. Божарий тIаме хьийсорна дуьхьал уггар а йоккха митинг дIаяьхьира ХIинжа-ГIалахь. 300 стага дакъалецира цу юкъахь, доккхачу декъанна– зударий бара царлахь. Дукхахболу зударий полисхоша дIатоьттура, текхабора, йеттара, сийсазбора, маьттаза бага а лейеш.