ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна баркалла аьлла Туркойчоьнан Iедалша


Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп (аьрр), Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьтт) комб. сурт.
Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп (аьрр), Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьтт) комб. сурт.

Iедал карчо гIоьртича шайна гIо дарна баркалла аьлла Туркойчоьнан Iедалша Оьрсийчоьнан президентана. Оьрсийчоьнан куьйгалхочо Путин Владимира, «къамел а доцуш», гIо дира шайна боху Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта. ХIун гIо дина Путина дуьйцуш дац.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта баркалла аьлла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна махкахь Iедална карчам бан гIортар юхатухуш Туркойчоьнан Iедалша гIортор ярна.

«Оьрсийчоьно , къамел а доцуш, гIо дира" шайна аьлла дIахьедар дира Чавушоглус Haberturk телеканалан эфирехь. Делахь а министро ца дийцира хIун гIо дара шайна Кремло динарг бохучух лаьцна.

Кху беттан 16-чу дийнахь буса Туркойчохь Iедал хийца гIоьртира эскаран дакъош. Амма Iедалан аьтто белира и гIаттам юхатоха. Путчехь дакъалаьцна хила мега аьлла лецна иттаннаш эзарнаш адамаш, шайна юкъахь лаккхарчу даржашкахь болу эпсарш а, Iедалхой а, кхелахой а болуш.

Туркойчохь школашкахь а, лаккхара дешар доьшучу меттигашкахь а балхара дIабохуш бу Iедал карчо гIоьртинчу нахаца уьйр хилла аьлла шеко йолу белхахой.

Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа макахь чолхе хаьл кхайкхийна кхаа баттана. Цу хеначохь болх бечура сацийна ю адамийн бакъаонашкахула йолу Европан конвенци.

Туркойчохь Iедал карчо гIоьртина шолагIчу дийнахь Путин Владимира дIахьедар дира, цу наха лелийнарг конституцина дуьхьал ду аьлла. Цо иштта билгалдаьккхира Туркойчоьнан дахарна ницкъ байта мегар дац аьлла.

Туркойчоьнан Iедалша Оьрсийчоьно гIо дина хиларх лаьцна хьахийна дац Кремло. Оршотан дийнахь Чавушоглус хаам бира ЭрдохIан а, Путин а цхьаьнакхетар волуш хиларх лаьцна G20 олу уггаре кху дуьнентIехь таро йолчу 20 пачхьалкхан саммит хилале хьалха аьлла.

Цу хеннахь Туркойчоьнан Iедалша махкахь Iедал карчо гIортар толлуш бакъо елла 42 журналист дIалаца. ББС-но дийцарехь, цунах лаьцна яздо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Цхьаболчу хаамашца, царна юкъахь ю парламентан декъашхо хилла, Туркойчохь евзаш йолу журналист Илиджак Назлы.

Карарчу хенахь Iедал карчо гIортарца уьйр хилла аьлла лаьцна а, балхара дIаваьккхина а ву Туркойчохь 60 эзар стаг. Царна юкъахь ву 9 эзар полицин белхахо а, 3 эзар суьдхо а, 6 эзар эскархо а, ткъа иштта университеташкара а, институташкара а хьехархой а.

Туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина Iедал карчо гIортаран вирусах цIанйийр ю ша пачхьалкхан органаш аьлла.

XS
SM
MD
LG