«Малхбален литературин зорбанехь» дуьххьара оьрсийн матте гочдина Къуръанан маьIна арахийцира 1963-чу шарахь. Оьрсийн маттахь долчу Iаьрбийн меттан Iилманехь цул тIаьхьа шортта керла баьхначу кхиамашна юкъахь хIинца Крачковскийн белхан хадош мах кеп-кепара бу. Дукхах болчу говзанчаша чIагIдарехь, Крачковский валаза вара гочдарца боьзна белхаш бина. Я цунна зорба тоха дагахь волчух тера а дацара и йозанаш.
Iаьрбийн Iилман а, малхбален Iилманийн а тоьллачух лоруш волчу Оьрсийчура говзанчо Сюкияйнен Леонида дийцира оцу хьокъехь.
Сюкияйнен: Петарбухехь болх беш, цо студенташ Iамон Iалашонца дина гочдар дара иза. Цунна зорба тоха кечлуш вацара иза. Иштта план хилла хила а тарло цуьнан. ТIаккха, и болх чекх ца баьккхина хуьлу цо. Цо хьалххе язбина хилла и болх 50-х шо хьалха зорбане баьккхинера. Тахханалц коьрта меттиг лаьцна ду и гочдар. Иза зорбане даьккхичхьана дуьйна, уггар дикачех лоруш ду Крачковскийс гочдина Къуръан. Iилман литературехь а шуьйра пайда эцна цунах. Советан заманахь чIогIа хала дара цунна тIекхача. Карош а дацара иза.
Маршо радио: ШарIаца боьзна белхаш язбеш ша а Крачковскийс гочдинчу Къуръанах а, цуьнан кхечу йозанех а пайда эцна ша бохуш дийцира Сюкияйнена.
Сюкияйнен: Тахханалц, кхин а дика, Iилман хьашташкахь лелон атта долу гочдарш делахь а, хIетте а, Къуръан оьрсийн матте дакхарехь йоккха меттиг дIалаьцна Крачковскийн гочдаро.
Шортта тIедигарш а долуш, онда бух болуш яздина долун дера а дац иза. Авторо дукха хьостех пайда эцна шен гочдарехь. Къуръан гочдина ца Iа Крачковскийс. Цо шортта белхаш битина исламах лаьцна. Iаьрбийн истори а, исламан истори а язъйина. Цундела, иза воккха Iилманча ву. Цо сийлахь меттиг лоцу оьрсийн маттахь малхбале а, ислам а Iаморехь.
Маршо радио: 1980-гIа шераш довш, Советан пачхьалкхехь баьхначу бусулба нехан дин карладаккха аьтто баьллачу хенахь, оьрсийн матте даьккхина Къуръан уггар а дукха зорба туху йоза хилира. Оцу муьрехь, Iаьрбийн маттера оьрсийн матте гочдина хьалха арахецна ши гочдар дара – Крачоковскийниг а, Саблуковниг а. Билггал Крачковскийн гочдаро коьрта меттиг лецира еххачу хенахь. Оццу хенахь, Крачковскийн гочдар чIогIа чолхе ду деша. ГIаьххьачул андий хаарш хила деза Iаьрбийн исторехь а, културехь а, бохуш дийцира Iаьрбийн меттан Iилманан говзанчо Сюкияйнен Леонида.
Уггар атта, Iаьрбийн маттахь иза (Къуръан) дешалучарна ду. Цхьа нийса доцу хIума ду даьржина - хьанна а, Iаьрбийн мотт карабирзинчунна я иза шера хуучунна Къуръан деша атта а ду, массо хIуманах кхета а кхета, бохург. Къуръан чIогIа хала ду кхета. Ур-атталла, Iаьрбийн исторехь а, Iаьрбийн Iилманчашна юкъахь а шортта къийсамаш бу КIурIанан маьIнах, аитах а лаьцна. КIурIанан йоза уллехь доцуш Крачковскийн гочдар дешар гIаьххьачул хала хIума ду. Суна дукха гина Iаьрбийн мотт ца хууш, Iаьрбийн истори, ислам, култура а ца евза нах Крачковскийн гочдар деша буьйлабелча, кIадлой, цара и дешар дIатосуш. ХIунда аьлча, цуьнан гочдарехь дуккха а хIума ду, говза воцу стаг кхетар воцуш. Автор шен гочдар Iаьрбийн маттана гергахь дан хьажарна долчух тера ду и ишта. Дешархой Iаморна а, Къуръан а, Iаьрбийн мотт а Iамочарна гIоьнна бина болх бара иза. И хIуманаш юьхьар а лоцуш хадон беза цу белхан мах.
Маршо радио: 2010-чу шарахь Къуръан Iаьрбин маттера дуьххьара украинхойн матте даьккхина говзанча ву «Острожски Академи» олучу Украинера къоман университетехь дина хьехаран кафедрин лакхара хьехархо Якубович Михаил. Цо бахарехь, Крачковскийн шен гочдар мелла а Iаьрбийн маттана герга хилийта Iалашонца дина хилла хиларе терра, тоъал говзалла йоцчу стагана хала ду деша.
Якубович Михаил: Крачковскийн гочдар, билггал, академикан гочдар ду. Ма-хуьллу, текст литературина тIеялийна ю. И бохург, литературан хьаст санна тIелацало иза. Иза яздинчу маттана мелла а улле хилийта хьожуш гочдина ду иза. Оццу хенахь, гочдаран кепан а, методолигин а хьокъехь шортта хаттарш ду дера. Амма, Крачковскийс чекхбаьккхина бацара и шен гочдаран болх. I963-чу шарахь язбинарг юьхьанцара болх бара.
Маршо радио: Къуръан Iаьрбийн маттахь бен деша ца деза аьлла хеташ а кIезиг нах бац. Уьш тешна бу, Делан деша маьIнах, иза доссийначу маттахь бен нийса кхетар вац бохучух. Цу кепара ойла лела Къилбаседа Кавказехь а. Оцу хьокъехь Къуръан украинхойн матте гочдинчу говзанчо Якубович Михаила элира.
Якубович Михаил: Иза долуш ду. Нагахь санна бусулба наха Къуръанна деш долу гочдарш сацадайтахь, иза деккъа Iаьрбийн маттахь хила деза аьлла царна хетахь, шайна хетачу кепара гочдарш деш болу нах бевр бу. Оцу кепарчу хьажамо ислама цхьа а пайда бохьур бац. ХIунда аьлча, Къуръанна тIебоьду некъ дIакъовлур бу дуккха а нахана. Бусулба нахана юкъахь Iаьрбий 15 процент бен бац. Дукхах болчу бусулба нахана Iаьрбийн мотт хаа ма ца хаьа. Иза Iамор маьIне ду дера. Дукха пачхьалкхашкахь Iамош а-м бу иза. Делахь а, маьIна гочдар - оцу маьIнех лаьцна дийцар ду. Цхьа бакъду, гочдархойн цуьнца йоьзна говзалла хила еза. Кхузахь компромисс лаха еза. Арахьарчу пачхьалкхашкахь еш йолу проекташ динан дайша а, Iилман дайша а цхьаний йо, цхьана буха тIе кхачархьамма.
Маршо радио: Делахь а, 1963-чу шарахь дуьйна 37 юха арахецна Крачковскийн гочдар. Мел лаххара а 2 миллион жайна арахецна. 2005-чу шарахь Порохова Валерис а, Османов Нурис а Къуръан оьрсийн матте гочдинчул тIаьхьа а бархIозза зорба тоьхна Крачковскийн гочдарна.
Вуьшта, Къуръан 18-зза гочдина оьрсийн матте. Билггал оьрсийн маттера гочдина Къуръан Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу дукха бусулба республикашкахь а.