„Путин а, харжамийн иллюзеш а“ , „Путин: дуккхаъ агIончаш, амма кIеззиг доттагIий“, „Путин вуьсуш ву, Оьрсийчоьнан проблемаш санна“ – иштта цу кепара ю уггаре а даккхийчу газетийн хьалхарчу агIонашкахь арайийлинчу артиклийн цIераш. ОьрсийчохькIирандийнахь дIабаьхьначу президентийн харжамийн жамIех лаьцна ю уьш.
Аьлча а, цу жамIех цхьа а цец ца валарх а, харжамийн моттаргIанех а.„Путинан 70 процент“ цIе йолчу артиклехь Германерчу „Франкфуртер Аллгемайне“ газетехь яздо, «дера Оьрсийчуьра президенташ харжамаш я маьрша а, я цIена а ма бацара. ХIетте а Iама хIума дара цигахь.
Москохахь Путинна 70 процент харжамхоша кхаж тессина бохург, масала. Ялх шо хьалха цигахь 46 проценто бен ца хаьржинера иза. Оьрсийчохь хуьлуш лаьттачух кхетархьама а, Малхбузе Кремлерчу агрессивечу а, авторитеречу а режимана дуьхьал муха хIотта еза бохург хаархьама а мехал ду и керла терахь мичара даьлла бохучух кхетар», бохуш.
Британерчу „Таймс“ газетехь яздо, эзарнаша тергамхоша йоллучу пачхьалкхехь дуккхаъ а фалсификацеш еш хиларх хаамаш бира, бохуш. «Йоллучу Оьрсийчохь харжамхоша хаамш бора тергамхошка, шайга шайн хьаькмаша нуьцкъалха кхаж тассийтира, бохуш.
Цхьаболчарна тIедожийнера, шаьш кхаж тесна хиларан тоьшаллийна бюллетенийн сарташ дахар. Харжамийн каппашкарчу видеокамераша гойтуш дара бюллетенийн таппаш чукхуьйсуш. И деш берш харжамаш дIабахьарна жоьпаллехь болу Iедалан хьукматхой бара», - иштта яздо „Таймсан“ корреспонденто.
«Якутерчу цхьаьна харжамийн куьперчу видеокамерано гайтира, цхьана стаго урни чу дукха бюллетенаш кхуьйсуш хан яйъарна цунна тIехьа харжамхойн дийна рагI кхоллаеллера. Дагестанехь тергамхой йистах а теттина, харжамийн комиссин белхахочой, цхьана кхечу боьршачу стагой урни чу вуно дукха бюллетенеш чукхиссира. Цхьаццайолчу меттигашкахь видеокамерашна тIе хIума теснера я уьш кхечу агIор дIаерзийнера“, - бохуш дуьйцу ша тергалдинчух Британерчу журналиста.
Испанерчу „Лес Эхос“ газетехь билгалдоккху, Путинс толам ца баккха йиш а яцара ишттачу хьелашкахь, бохуш. „Оьрсийчоьнан бахархойн цхьанна а социалан институташка тешам бисина бац, цхьа Путин воцучуьнга.
Цо урхаллехь даьккхинчу 18 шарахь уггаре а лакхара популяралла цуьнан кризисан муьрехь хуьлура. Нохчийчохь тIом болуш, Гуьржехахь, Украинехь. ХIинца Малхбузенца кризис уггаре а марсаяьллачу хенахь юха а ялх шаренна тоьлла иза“, - иштта яздо газетано шен „Путин Владимир шийлачу тIеман хьелашкахь юхахаьржина“ аьлла цIе йолчу артиклехь.
Оьрсийчоьнан президентан харжамех лаьцна язбинчу бIеннаш Малхбузерчу хаамийн гIирсийн юкъара ойла яра, цу харжамашкахь Путин Владимир юха харжаран кеп хIоттор бен, бакъболчу халкъан маьршачу харжамца цигахь цхьа хьаса а бацара, аьлла.
Цундела цхьа могIа газеташа, „Путин президент харжаран харжамаш“ аьлла цIе тиллинера шайн артиклийн. Ткъа Германерчу Билд газетано харжамаш дIабахьале цхьа де хьалха йоккха артикл зорбане яьккхинера, „Оха декъал во Путин Владимир президентан дарже харжарца“, аьлла.