ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо, нийсо, паргIато - коьрта ниIматаш


Германи -- (аьр-аьт) "Маршо"Радион библиотекан куьйгалхо Ризер Аза (суьйли), "Маршо" Радион хьалхара президент Хоуланд Саржент, цуьнан цIийннана, актриса Лоу Мирна, Къилбаседа Кавказан сервисан корреспондент Гелисханов ИбрахIим (гIалгIа), Мюнхен, 1950-гIа
шераш. (Сурт совгIатдина Гелисханов Руслана, "Маршо" Радион оьрсийн сервисан белхахочо).
Германи -- (аьр-аьт) "Маршо"Радион библиотекан куьйгалхо Ризер Аза (суьйли), "Маршо" Радион хьалхара президент Хоуланд Саржент, цуьнан цIийннана, актриса Лоу Мирна, Къилбаседа Кавказан сервисан корреспондент Гелисханов ИбрахIим (гIалгIа), Мюнхен, 1950-гIа шераш. (Сурт совгIатдина Гелисханов Руслана, "Маршо" Радион оьрсийн сервисан белхахочо).

...Шина декъе декъаделлера дерриг а дуьне. Харцонах дика тарделлера цхьана декъанна, шен дикаллах шек а дуьйлуш дехара шолгIаниг. Даймехкаш цIечу уьно - Советан режимо - лаьцначех яра "Маршо" Радио кхолла араяьллачу Iилманчийн-политикийн, журналистийн тоба. Церан хьалхарчу могIарахь вара нохчийн политик Авторханов Iадрахьман а...



Мюнхенехь (Германи) дуьненаюкъара ШолгΙа тΙом дΙабаьллачул тΙаьхьа алссам гулбеллера Советан Ιедал шайца эмгарлаллехь а, шаьш цуьнца мостагΙаллехь а болу оьрсий, гΙезалой, кавказхой...

Царалахь бара шайгара Ιилма а, герз дина, Сталинна дуьхьал лаьтта нах. Оцу нехан дехарша кхачийнера, эшийна Германи дакъошка екъча, Баварин дола ден Цхьаьнатоьхна Штаташ Мюнхенехь Советан Ιедал емал ден радио кхуллуче.

Иза кхуллуш коьрте яьллачу жимчу тобанца хилла а, цул тΙаьхьа 40 шарахь гергга оцу чухула Сталинан-Хрушеван-Брежневн режим Ιорайохуш къахьегначех ву вайн сийлахь махкахо Авторханов Ιадрахьман а.

Тахана дийнахь а, буса а 28 маттахь бо «Маршо» Радионо шен болх. Прагера цуьнан хΙусам тарло хΙинца а пекъаршлахь дехачу къаьмнийн векалш чухьийзачу чоьнах. Шо шаре мел долу дацлуш ду цо эфираш кечъен меттанаш.

И бохург ду, цуьнан мисси, хала-атта делахь а, кхочуш хуьлуш ю, гатлуш ду маршонах эшна дехачу дуьненан дозанаш.

Тхо, «Маршо» Радион белхахой, теша, цхьа зама йогΙур ю, хΙара болх бан тхан хьашто йоцуш – шуьга, тхан хьомсара махкахошка, кхочур ю бΙешершкахь вайн кхъомо сатийсина маршо.

Шен дахарехь хΙун меттиг дΙалоцура «Маршо» Радионо, дΙалоцу тахана а дийцира тхоьга телефонан зΙенехула элистанжхочо, Веданан къоштан префект лаьттинчу Хаджимурадов Сулеймана. Оха баркалла олу цунна, гIертар ду кхидΙа а Авторханов Ιадрахьмана «Маршо» Радиохь яьхна ирхенаш яха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG