ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна Сечинца къамел доло «аьтто бина» Financial Times-о


Вовшашца кхин тIекаре ву аьлла а воцчу шина политикна цхьаьнакхета бахьана делла Financial Times-ехь кIира хьалха, «Путинах дуьсурдолу Iедал къуьйсу урхалла дезачу наха» цIе а йолуш, араяьллачу артикло.

FT-н Москох болхбечу корреспонденташа ХIайли Кетрина а, Фой ХIенрис а оцу артиклехь чIагIдо, «Роснефтерчу» Сечин Игоран гонехь лелачу къамелаша IиндагI дожадо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIе – дуьйцу, цунна ца хууш ца дина Петарбухарчу метрочохь эккхийтар, бохуш.

Ший а эргIадвахийтинчу оцу артиклна дуьхьало а еш, вовшашна ган аьтто баьллачуьра, Нохчийчуьрчу мехкдаьттан долаллаллах цхьа хан хьалха долийна къамел кIарг а деш, цхьаьнакхийтира Сечин а, Кадыров а кхаарийдийнахь.

Уггаре хьалха - Financial Times-ан артиклна дуьхьал цушимма динчу дIахьедарх.

«Роснефтанний, Нохчийчоьнан куьйгалланний юкъаметтигех лаьцна Ходорковскийн структураша баржочу аьшпийн хьокъехь ала декхаре ду тхо.

«Петарбухара теракт толлурш «нохчийн лорах» тоха гIерта цхьаъ-м» бахар – иза, дайдина аьлча, низамо таIзар кхачош долу питана ду.

Оха дIахьедо, дуккха а шерашкахь, вовшашка ларам а болуш, йозаелла адамаллин юкъаметтигаш ю тхан. Конструктивехь лоху оха юкъахь бечу балхахь гIуьттучу хеттаршна жоьпаш. Бух а боцуш, леррина баржийна аьшпаш бу зорбане баьхнарш, цундела тхо декхаре ду кхеле довла», боху Сечинан-Кадыровн дIахьедаро.

ШолгIа тема (цунах коьртаниг а алало) – Нохчийчуьра мехкдаьтта.

Дукха шераш ду «Роснефтанний», махкарчу Iедаланний барт ца хуьлу. Регионашкарчу хьаькамаша ша ваха Iамош дезаш воцчу куьйгалхочо Сечина лораза дуьтура Оьрсийчоьнан министрийн кабинето а, ша президента Путина а Нохчийчуьра мехкдаьтта махканна дуьтур ду бохуш, Кадыровга дина къамелаш.

Ткъа кху дерриг а шерашкахь яхчалуш, чIагIлуш лелла мехкан бахамаллин проблемаш мелла а лахлур ю цигара маьIда Кремло цунна дитича боху ойла. Оцу ойланца бозало Кадыров Рамзанан Нохчийчохь мехкдаьтта леладе индустри меттахIотто болу лаам а.

Эххар а барт хилира бутт-ши бутт хьалха «Роснефтца» - цо даржийра ша шен долара Нохчийчуьрчу «Грознефтехиман» ерриг а 51-процент акцеш Кадыровн администрацина дIаюку, аьлла.

Амма… мах ца хуьлу. Сечинна деза 12,5 миллиард сом сов дукха хета Кадыровна. ТIамо хIаллакбинчуьра когахIотта гIертачу махкера доьхийла дац оццул дукха ахча, боху цо.

Мухха а делахь а, хилла къамел Сечинан а, Кадыровн а оцу темина гонах. Ткъа ца делла цо кхин башха Кадыров резаволу жамI а – юха а, «бертахь луьстур ду», «некъ карор бу мехкдаьттах дерг къасто» алар доцург.

Сечинца Кадыров цхьаьнакхетта ша Путин волчу ваххале. Президентца хиллачу къамело дегайовхо юьтура, «цо хIинца Сечин айвийр ву Кадыровца барт каро» бохучух.

Амма Путин Владимира оццу дийнахь дира Сечинца къамел, ткъа дац официалехь йовзуьйтучу пресс-релизехь церан я Кадыровх а, я Нохчийчоьнан сатийсамах а лаьцна къамел хилира, аьлла, хьахийна а.

…. «Роснефтан» цхьана Нохчийчоьнца хилла ца Iа къовсам – Дагестан а яла тарло оццу новкъа. Цуьнан куьйгалло дIахьедина, Таркхойн хIордайистонца болу бахам, федералан долара а баьккхина, шен долаэца лаьа Дагестанна, аьлла. Кхеташ ма-хиллара, ша дуьхьал юйла хаийтина «Роснефто».

Цундела Financial Times-ан артикло Сечинна а, Кадыровна а, цхьаьна а кхетта, дIахьедардан бахьана деллехь а, церан вовшашна гар пайданца дирзина ала дац.

XS
SM
MD
LG