ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

​Ростох-кIоштахь юха а летта нохчо а, гIазакхий а


Оьрсийчоь -- Ремонтное-эвла, Ростох-кIошт.
Оьрсийчоь -- Ремонтное-эвла, Ростох-кIошт.

Ростохара зорбанан гIирсаш хаам баржийна кху буттена 1-чу дийнахь Усть-Быстрянская-эвлахь нохчийн а, гIалагIазакхийн а тасаладар хилла аьлла. Цара дийцарехь, цигахь герзаш а детташ, тIом бан кечлуш бу хIинца бахархой. Амма Iедалша кхечу аг1ор дуьйцу хилларг.

«Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Ростох-кIоштахь Усть-Быстрянская-станицехь нохчий летта гIалагIазакхех. Цхьа стаг кхетамчура ваьккхина, ягийна машенаш. Карарчу хенахь цу кIошта дIагуллуш бу нохчийн диаспорин векалш а, ткъа иштта Ростохара ОМОН а.

ГIалагIазкхийн ярташкара атаманашна омар делла тIеманна кийча хила аьлла». Иштта хаам баржийна кху деношкахь 161.ru олучу интернет-сайто. Иза сихонца дIасабаржийра меттигерчу блоггерша.

Царах цхьаммо, масала, (http://evgenij-mich.livejournal.com/70687.html) Мийхайлов Евгенийс иштта яздо:

«Барт а беш, кавказхой те бар Iалашонца дIахьош йолчу политико диканиг ца деана. Оьрсийчоьнан дозанца йолчу Украинехь боьдуш тIом а болуш хилла нохчашца тасадаларш. Цхьа а шеко яц иза иштта атта доьрзур ца хиларх. Нохчий а, кхин болу кавказахой а бехказа бахаран политика дIаяккха еза. Низам массерна цхьаъ хила деза, ца хилахь ...»- аьлла тIадамаш тоьхна авторо.

Бакъдерг аьлча, нохчашна луьш йолчу комментарешна юкъахь къезиг бац и стаг питана таса гIерташ ву аьлла хетарш а, хилларг цо ма-дийццара хиларх тешаш боцурш а.

Шен агIор хиллачух лаьцна хаам баржийна Iедалан белхахоша а. Иштта Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Ростохарчу урхаллан векало Устименко Наталияс дийцарехь, дов даьлларг ши стаг хилла. Цу эвлахь кафе яц, ткъа цкъа дуьххьара вовшен бага а тоьхна, тIаккха оьрсийчунна кхин цхьа стаг а тIе а хIоьттина летта уьш меттигерчу туькан уллехь. Оцу хенахь цига машенахь веана стаг и уьш дIасабаха гIоьртина. Иза ву коьртана чов йина дарбанан хIусаме вигинарг.

Устименко Натальяс дийцарехь, лазийнарг ву нохчо. Ткъа ОМОН цигахь хилла цхьацца даздарш хуьлучу деношкахь милцой хIора кIошта хьажош Iедал долун дела.

Усть-Быстрянская станицехь гергарнаш бехачу комментаторша бинчу хаамашца, лазийнарг 46 шо долу стаг ву. Ларамаза гина хилла цунна леташ берш. Уьш дIасабаха гIоьртинчух тера ду и стаг.

Нохчийн а, суьлийн а, кхечу Кавказехь дехачу къаьмнийн векалийн а, гIазакхийн а тасадаларш дуьххьара хуьлуш дац Ростох-кIоштахь. Иштта 2006-чу шарахь оьрсийн а, дагестанхойн а тасадалар хилира Сальск-гIалахь «Разгуляй» цIе йолчу ресторанна хьалха.

Дагестанерчу цхьана стага топ тоьхна вийра оьрсий. ШолагIчу дийнахь 250 гергга стаг гулвеллера цу гIалин юккъехь. Амма дийцарш хиллачул тIаьхьа, хилларг дахаран дар-дацар ду аьлла, маслаIат дан аьтто белира Iедалийн векалийн.

2010-чу шарахь Зимовники-эвлахь нохчий а, оьрсий а летча еза чов йира 15 шо долчу нохчочунна. Цунна тIелеттера 30 стаг, шайна юкъахь меттигерчу хьаькамийн бераш а долуш. 17 долу оьрсий бехке вина аьлла меттах бевллера меттигера гIалагIазакхий. Царна дуьхьал хIиттира нохчий. Кхин тIаьхьало йоцуш дирзира и дов.

2010-чу шарахь гIалгIачо Мархиев Хазбулата буй тохар бахьана долуш велира меттигера студент Сычев Максим. Цул т1аьхьа «Ростох оьрсийн гIала ю» бохуш лозунгаш а айина арабевллера меттигера гIазакхий. И акци бакъо йоцуш хиллехь а, демонстранташ дIасалахка ца хIиттира меттигера Iедалш. Цхьа шо даьлча Мархиев чувоьллира, 3 шо хан а тоьхна.

Амма уггаре а доккха латар хилира 2012-чу шарахь Гезгамашин-баттахь Ремонтоное-эвлахь. Цигахь кафе чохь дар-дацар а хилла леттера Дагестанера схьабевлла болу кегийра нах а, оьрсий а. 100 гергга стага дакъа а лоцуш, тасадаларш хилира цигахь базаран майданахь. Дуккха а нах лазийна бара. И нах дIасабаха цига хьажийнера Ростохара ОМОН. Милицино лаьцна чувоьллира 13 стаг.

Амма иза дац массо а кIошташкахь хьал цхьатера гIоьртина ду бохург. Репатов Халит Ростов-кIоштахь Большая Мартыновкехь бехачу меcкетера туркойн диаспоран куьйгалхо ву. Мессерца а бийца мот карош, бертахь деха шаьш бохуш вара иза.

Репатов Халит: - Во хьал дац тхоьгахь. Тхуна мот кара бо массерца а, нохчашца а, дагестанхошца а, меттигерчу нахаца а, эрмалошца а. Вовшех кхета тхо. Массо а мероприятешкахь цхьаьна дакъалоцу оха. Ларам бу тхоьга. Тхо цара а лору, оха уьш а лору.

Цхьацца цакхетамаш хуьлуш меттиг богIу амма къаьмнашка цабезам хилар бух тIехь ца хуьлу иза.

Репатов Халит: - Хуьлу цхьа-кIезиг дар-дацарш. Амма глобалан кепара дуьхь-дуьхьал латтар саннарг кхузахь хиланза дуккха а хан ю. Иза хезаш а дац, гуш а дац, ур-аттала хаалуш а дац.

Усть-Быстрянская-эвлахь хилларг оццул десто хIума дацахь а Нохчийчура Iедалан леррина векалш бахана цу эвла хилларг къасто.
XS
SM
MD
LG