ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовра бакъонашларъярхо: "ТаIзар дан бахьанаш оьшу ницкъхошна"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

20 шо долу "ОВД-Инфо" проектан Ростов гIаларчу экс-координаторна Павлищев Ростиславна ГIуран-беттан юьххьехь административан бехк дуьхьалбаьккхина, боху, цо экстремистийн васт даржийна социалан машанехула. ТIаьххьарчу беа бетта чохь цуьнца цхьаьна доьалгIа бехктакхаман гIуллакх ду Ростоврчу жигархошна дуьхьал айдеш.

Кхечеран а санна, Павлищевн бекх луьстур бу кхело инстаграмехула Навальный Алексейн проетех лаьцна посташ хIитторна. Амма ю оцу девнца шен башхалла – яхархочо Ивановас дехар хьажийна ницкъхошка, социалан машанехула шен кIентан кхетам талхош волчу жигархочунна таIзар дахьара аьлла. Шозза ханна тIехьатеттина кхел, хIинца иза хила еза ГIуран-беттан 24-чу дийнахь. Тоха тарло Павлищевна 2000 соме кхочуш гIуда я чуволла мега 15 де-буьйса такха.

Къайлахчу айкхачийн аьрзнашца Ростовхь политикан жигархой бехктакхаме ийзорах а, церан къийсамах а лаьцна къамел дира Кавказ.Реалиино Павлищев Ростиславца.

– Юьххьера дуьйна къастадо вайшимма хьан бехктакхаман гIуллакх. Хьо жоьпе озийна хиларх хьуна муха хиира?

Павлищев Ростислав
Павлищев Ростислав

– ГIура-беттан I-чохь со месаш тойта вахана Iара, телефон яра сан хьераяьлла етташ, тхан купанна тIехьожучу полисхичо дуккхаза а йиттина хиллера иза. Сан цуьнца кест-кеста гар нисло, герз ду сан лицензи а йолуш, ас иза муха леладо хьажа богIу суна юкъ-кара. Бутт а бацара иза со волчохь хилла, цецвелира со цо зIе тохарх. Суна духьал административан гIуллакх айдина, хеттаршна жоьпаш дала вола, боху цо соьга.

Со кхийтира вада везаш суо хиларх. Сайн куьйгалле телефон а тоьхна, куьпарчу полисхочуьнга цхьанакхетар пIераскане, беттан 3-чу дийне даккхар а дехна, Москва кеманна билет а эцна, дIавахара со. Со кхийтира, иза динарг «Э» центреранаш буйла, соьга болх дIа ца кхехьийта уьш бохкийла – "ОВД-Инфо" проектхь ву со болх беш, нахаца цхьаьнакхетарш дара сан хила дезаш. Йиш яцара полисхошка со чуволлийта.

– Куьпан полисхочо муха тIеийцира хьан вадар?

– Сан метта цунна тIе сан адвокат вахара. Полисхо цецваьлла ву, бохура, сан метта ша варах. Хиттина сан хьокъехь, материалаш гайтина. Юха соьга яздан волавелира полисхо ватсапехула, хоьтура, со шена тIе маца вогIур ву.

Со цунна тIе ца вахара, цо ватсапехула даийтинера тIевоьху кехат, хила ма деззара кеп йолуш а дацара иза, куьг яздина вацара цхьа а. Сан бакъо ю сайн метта адвокат хьажо.

– Ши кIира даьлча Ростов юхакхаьчна хьо, вахана полице. ХIун дара цигахь?

– ГIеххье самукъане дара. Полисхочо дехха цхьа кехаташ лихира, сой, адвкаттий Оьрсийчоьнан кхелаш а, низамаш ларден система а юьйцуш Iийра. Таккха тхо есачу чоьнаш чу кхайкхира, полисхо суна дуьхьал документаш хIиттош Iийра, аьлча а, экстремизманна духьалоечу центро яздинарг юхаяздира. Соьга сайх дареш язде бохура, ас со хIуманна а бехке вац, цхьа а экстремизман кхайхкамаш ас ца баржийна, цу тIе, со жоьпалле озо низамо елла хан цуьнан чекх а яьлла, яздира.

Хан елира, тхуна кIордийнера садетта, со а, адвокат а тхаьш вахара кхеле.

– Хьо кхеле хьайн бедарш а эцна вахна, лацахь а аьлла. Стенна? Дукха хьолехь гIуда бен тухуш а ма дац.

– Эр дацара ас иштта. Рябчук Александрна гIуда тоьхнера – иза цхьаъ бен а вац иштта витина. Насибян Белла чуйоьллира, шозза лецира журналист Хорошилов Игорь.

Со кхета ма кхетий, дукха хан со тергалво, университете а кхаьчна "Э" центрера со хоьттуш, ФСБ-но кехташ кхехьийтина. Ас а, сан накъоташа а йоккха новкъарло йо ницкъхошна – оха нах церан къизаллина бухара боху, дуьхьало ян Iамабо лецнарш. Цундела тхо дIалеца гIерта. Суна ши эзар соьманна гIуда тохархьама уьш оццул чIогIа хьаьвзар бара бохург беламе ду.

– Хьуна дуьхьал айдинчу гIуллакхехь арз ду хьуна дуьхьал дина, иза муха кечдина? Кхечийн девнашкахь дацара-кх иштаниг.

– Суна хетарехь, таIзар дан бахьанаш оьшу ницкъхошна, керла схемаш, ундела цар пайдаэца лерина вайн дедайн заманарчу некъах, 1937 шарахь санна, мотт беттарх. Со тешна ву, ца дина цхьа а арз. Поисхойн материалаша бахарехь, цхьана Ивановас кехат яздина аьлла, бахьана дина. Бахна кехат яздинарг ган, I50 петарх лаьттачу цIийне бахана, хиттира шаьш, боху, нахе цигахь, ца карийна автор, яздина кхара. Иза Iовдал хIума ду. Шаьш яздина кехат, шайггара кхоьллина автор, иза "лаха" бахана, ца карийна.

Хетарг ала ца кхоьру со, хIун маьIна ду къайла а ваьлла цхьаъ дийца? Сан некъ харц бац, ас бакъдег дуьйцу

Хьоьгара цхьаъ даьлча, бух буи за талла. Ткъа дина хIума ца хилча, лаха деза. Со ишта ву, вуьшта ву аьлла, шайггара бехван аьтто бац полисхойн, цундела кхуллу "арз ядинарш", цаьргахула яздо со мел боьха хIума ю, сох кегийрхой ларбан беза, олий. Иза а хиндерг ду, и тайпа айкханчаш баьржар бу полицин кехаташкахь, керла кеп ю иза Орьсийчохь чIагIлуш.

– Ростов-мехкан башхалла ю, кхечу регионашца дуьстича, магош доцу васташ, атрибутика яржорна таIзарш деш (КоАП, 20.3)?

– Кхечаьрца хьехийна ас иза, Оьрсийчохь яьржаш лаьтта и артикл. Баккъал а оппозицица бен тIом арара чубирзина, социалан машанашка. 20.3 артикл ю массарна а дуьхьалъетташ. 2017 шарахь дуьйна полици естош ю белхан кадрех, керла техника ю царна оьцуш. Ткъа урамашкара протестан гулмаш дIалакъийна, протест машанашка йирзина. Йойъу финансаш бакъян еза, цундела церан алссам кхолла деза бехктакхаман гIуллакхаш а.

– Тамаше ду иза, муха хуьлу-те – сила долу полицин дакъа инстаграм толлуш Iаш?

– Иза цаьрга хатта деза. Цхьа программа хирг хир ю церан, я хевшина, лоьхуш Iа, алгоритме цхьацца баха дихкина дешнаш а хIиттийна. Я цхьана крелеботаша деш хила а тарло иза. Суна хетарехь, белхахой бу оцу балханна тIеховшийна. Цхьацца аьрзнаш яздийраш, мотт беттарш гулбо хир бу шайна. Цхьана кремлеботаша деш хила а мега иза. Гена ваха ца оьшу, сан йозанаш ду даима а цIерш йоцчу аккаунташа охкуш.

– Иштта хилча, хьайн аккаунт дIа стенна ца къовлу ахь?

– Со лечкъаш лела Iаьмна вац, тутмIаьжиг ца лелайо ас, сайн царIца лела, юхь ца лечкъош. Хетарг ала ца кхоьру со, хIун маьIна ду къайла а ваьлла цхьаъ дийца? Сан некъ харц бац, ас бакъдег дуьйцу, со стенна ву лечкъа везарг? Дийцар, цхьаъ дан гIертар гIелехьа ду, ца дуьйцуш, къайлаваьлла вехачул.

– Хьан кхеле 25 гергга нах баьхкира. Хьайгахьа дуккха нх хиларо цецваьккхирий хьо?

– Суна хазахета ишта долуш. Асй дийриг эрна доьдуш доцийла го. Нах соьгахьа бу, иза дика а ду. Айса лелориг нийса хилар гойту суна оцу наха. Со тешна ву, Ростовра Сидоров Ян, Мордасов Влад набахте хьажийна хир вацара оццул йоккха хан а тоьхна, нах орцахбевллехь. Тешна ву, Шевченко Анастасия цIахь хан тIакха йитина алссам нах шегахьа хиларна, кхеле цхьа а ца ваханехь, чуйоьллина хир яра.

– Хьан 20 шо бен дац, бакъоларъярхой кIезиг бу и хан йолуш. Оццул къона волу хьо стенна ваьлла оцу новкъа?

– Къона хиларна ваьлла хир ву-кх. Со жима ву, ваха лаьа маьршачу, йиллина йолчу, хазачу, бакъонтIехь йолу пачхьалкхехь. Оьрсийчоь низаман мохк хуьлийла лаьа суна, ца лаьа и хьогам 200 шо даьлча, я со веллачул тIаьхьа хилийта – хIинцца лаьа.

Системина дуьхьал стаг ша цхьаъ висар хало ю – иштанаш дIатаса а ца лаьа. Ца лаьа ницкъхой цхьа а бехкам а боцуш бисийта. Суна хаьа, ас тахана нах сайга балуччу агIор Iалаш ца бахь, кхана суна орца эшча, иза дохьуш вогIур вац стагга а.

***

Кхушара Административан кодексарчу 20.3 артиклца хан туьйхира Ростоврчу журналистна, "Яблоко" партерчу Пачхьалкхан Думин депутатан гIоьнчина Насибян Беллина. Берийн беша кIант эцна яхча лецира иза, бер жима дара аьлла ца юьтуш, 5 денна чуйоьллира иза, шолгIачу дийнахь таIзар хийцира 2000 сом гIуданца.

Оццу артиклца шозза чувоьллина журналист Хорошилов Игорь 0 шоззе а итт-итт денош такхийтина. Шена Пачхьалкхан Думе кандидат волчу Рябчук Александрна гIуда туьйхира 2000 сом «Хьекъале кхатасар» олу Навальныйн тобан кехатан сурт а карийна цуьнан аккаунтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG